Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Октябрь
2021

Новости за 21.10.2021

Террорхой я бехке боцурш? ПIаьнгазарчу нохчашна тIехь кхел йийр ю Гуьржийчохь

Radiomarsho.com 

Карарчу ГIадужу-баттахь кхел йолор ю ПIаьнгазарчу пхеа нохчочунна тIехь, Гуьржийчоьнан талламо уьш бехкебо терроран тобанахь латтарна. Амма бехктакхаман гIуллакх толлуш ду ала информаци яц лецначийн гергарчаьргахь а, я бакъонашларъярхошкахь а. Уьш кхоьру бехк Iедалхоша шаьш тIекхоьллина хиларх. Марсхьокху-беттан 24-чу дийнахь Гуьржийчоьнан пачхьалкхан кхерамзаллин урхаллерчу бIаьхоша лецира Дуиси, Корети ярташкара бахархой Мачаликашвили Мохьмад, Кавтарашвили Рамаз, Багакашвили Хьамза, Цатиашвили Юсуф, Маргошвили Рамаз. Читать дальше...

Халитовс цIе яьккхина коьрта зуламхочун

Radiomarsho.com 

Туркойчохь лаьцна виъ вахархо Оьрсийчуьра ву аьлла, туркойн хьасташа Iораяьккхина информаци тIечIагIйина нохчийн оппозицин блогеро Халитов Хьасана. Талламна хетарехь, Туркойчохь бехачу нохчийн оппозиционерашна тIелата кечам а беш, герз оьцуш хиллера цара

Дегайовхо а ца йисна? Нохчо Тепсуркаев лачкъорна жоп доьху Оьрсийчоьне

Radiomarsho.com 

ГIадужу-беттан 19-чохь Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело даредина нохчийн оппозицин 1ADAT телеграм-каналан чатан модератор Тепсуркаев Салман "Нохчийчуьра ноьмарш йолчу Iаьржачу Toyota Camry машенахь хиллачу нохчийн полицерчу 3-5 стагах лаьттачу тобано" низамехь а доцуш вадийина хиларх а, цул тIаьхьа иза шишанна тIехаош яьккхина видео социалан машанехь яьржина хиларх а. И истори емалйира Оьрсийчуьрчу а, дуьнентIерачу а юкъаралло. Амма Оьрсийчоьнан Талламан комитето хIинца а билгал ца баьхна стаг вадийнарш... Читать дальше...

Туркойчохь дIалецначу тобан куьйгалхочун цIе яьккхина Кадыровн критико

Radiomarsho.com 

Туркойчохь дIалаьцна виъ вахархо Оьрсийчуьра ву аьлла, туркойн хьасташа дIакхайкхош Iораяьккхина информаци тIечIагIйина Маршо Радиоца хиллачу къамелехь нохчийн оппозицин блогеро Халитов Хьасана. Талламна хетарехь, Туркойчохь бехачу нохчийн оппозиционерашна тIелата кечам а беш, герз оьцуш хиллера цара оцу Iалашонна. "Ас тIечIагIдо, лаьцначу ялх стагах виъ нохчо хилар. Оцу тобанан куьйгалхо Расаев Беслан хилар а. Тхуна хьалхе дуьйна хууш дара царех лаьцна, хIинца туркойн прокуратурано а тIечIагIди-кх", - аьлла Халитовс. Читать дальше...

Нохчийчохь кхелхина гоьваьлла Iилманча Чокаев Кати

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь кхелхина филологин Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Iилманийн академин академик Чокаев Кати. И хаам бина фейсбукерчу шен агIонехь журналисто, бакъонашларъярхочо Серганова ТIауса. Чокаев Кати дуьненчу ваьллера 1929-чу шеран Чиллан-беттан 29-чу дийнахь Шелахь. Дешна цо ГIиргIизойн пачхьалкхан хьехархойн институтан филологин факультетехь. Белхаш бина Нохч-ГIалгIайн историн, меттан, литературин Iилманан-талламан институтехь, РСФСР-н серлонан министерствон къаьмнийн школийн институтан Нохч-ГIалгIайн филиалехь... Читать дальше...

"Спутник V" вакцина къобалъяран процедура юхайолийна ВОЗ-а

Radiomarsho.com 

Дуьненаюкъарчу могушалла Iалашъяран организацино (ВОЗ) юхайолийна оьрсийн  коронавирусна дуьхьал "Спутник V" вакцина цIеххьана оьшучохь пайдаэцийта къобалъеш процедура. Организацин реестрехь бина и хаам. "Спутник V-н" официалехь йолчу агIонехь твиттерехь яздо, вакцина юхазуьйш процесс "графикца дIахьош а ю, зераш чакхене а дирзина" аьлла. ВОЗ-ан инспекторийн тоба кеста Оьрсийчу яха езаш ю, цигахь оьшу талламаш бан а, кехаташ нисдан а, билгалдоккху хаамехь. ТIебогIучу шина баттахь вакцина магор ю аьлла... Читать дальше...

Нохчийчуьра виъ вахархо лаьцна Туркойчохь шпионажалла лелош хилла аьлла

Radiomarsho.com 

Политикан а, тIеман а шпионажалла лелош хилла аьлла, Истамбулехь лаьцна арахьарчу пачхьалкхашкара ялх вахархо. Оьрсийчуьра ву виъ, Узбекистанера а, Украинера а ву цхьацца. Талламна хетарехь, Туркойчохь бехачу оппозиционерашна тIелетарш дан кечлучу цара, оьцуш хилла герз. Hürriyet газето бина цунах лаьцна хаам, прокуратурана тIетевжина. Лецначийн цIераш а йоху ресурсо. Газетан информацица, уьш бу Оьрсийчуьра Абдулаев Iабдулла а, Ахмедов Равшан а, Расаев Беслан а, Абдулмуслимов Асланбек а, иштта Украинера а... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *