Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Октябрь
2021

Новости за 06.10.2021

Бакъонаш йоцу зона. Муха дагалоьцур ю Кадыровн заманара Нохчийчоь

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь айдина даздеш дара мехкан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан 45 шо кхачар. Оцу дийнахь схьайиллира йина яьхна дуккха а керла объекташ – йохк-эцаран центраш, маьждигаш, динан центраш. Кавказ.Реалиино дагалоьцу Кадыровн цIе коьрте хIоттош Нохчийчоьно яьхна гIулчаш. ЦхьаьнадогIу Нохчийчоьнан коьрта шахьар йиллина а, мехкан куьйгалхо вина а денош. Бакъду, историно ца дузу ГIадужу-беттан 5-гIа де оьрсийн инарлас Ермолов Алексейс йиллинчу Грозная-гIопаца. ГIап йотта йолийна 1818-чу шеран Мангал-беттан 22-чохь... Читать дальше...

Нохчийчоь: Кадыровн доьазлагIа а даржехь висар

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочун дарже вели Кадыров Рамзан. Губернаторан и хан хIинца йоьазлагIа ю цуьнан. Гезгмашин-баттахь хиллачу харжамашкахь, официалан терахьашца, 99,97% кхаьжнаш кхаьчна цунна дакъалаьцначу 94,42 процент харжамхойн

Шемарчу Идлибехь дIалаьцна нохчийн эмиран штаб-квартира

Radiomarsho.com 

Оьрсийчохь йихкинчу, Идлибехь (Алеппо) жигара лелачу "Хьайат Тахьрир аш-Шам" герзашца лелачу тобанан декъашхоша дIалаьцна нохчийн баьччан Шишани Муслиман (Американ Пачхьалкхан департаменто террорхойн тептаре ваьккхина иза, Интерполон лехамийн базехь а ву Маргошвили Мурад). Мангал-бутт бовш "Хьайат Тахьрир аш-Шам" тобанан лидерша ультиматум хIоттийнера нохчийн командирна, шайх схьакхета, йа Шемара аравала аьлла. ГIадужу-беттан юьххьехь цхьайолчу оьрсийн пабликаша тIечIагIбира и хаам. Офиса чу шаьш... Читать дальше...

"Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" Къилбаседа Кавказерчу куьйгалхочун цIа баьхкина полисхой

Radiomarsho.com 

Бакъоларъяран органийн белхахой баьхкинера Къилбаседа Кавказерчу "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" декъан офисан куьйгалхочун Аламов Мохьмадан да-нана дехачу Нохчийчуьрчу Серноводске. Масех де хьалха баьхкина хилла уьш, амма хIинцца бен цунах лаьцна хиъна дац. "Да-нана а, вешин доьзал а бехачу керта баьхкина хиллера меттигера полисхо а, хетарехь, оперативан декъан белхахо волу могIарчу нехан духарехь ши стаг а. Шаьш ца довзийтина цара, эвлахь болх беш хиларна меттигера полисхо вевзина. Со хиттина цара... Читать дальше...

Хасаров ШаIрани. Хьонке дахар

Radiomarsho.com 

Хасаров ШаIрани Хьонке дахар Кхана вай цIахь хир дац, алалаш. Суьйре а, цхьадика, цIийелла. Уьдучохь Iуьйренан гIаларташ, ГIаш-салтийн чIагарах тарделла, ГIура ду лекхачу лома вай. Диканиг боккхур бу хьонка вай.   Семса луо тамехь ду хьонкийна. Латта ду хьонкийна мотт-гIайба, Кегийра акхарой совцийна, Хьаннаш Iа,хIиттина цу лайла, Вай хьонке дахкаре сатуьйсуш, ХIун дийца йохку шаьш ца дуьйцуш.   Ду –теша уьш лаьмнийн туьйранаш? Я дарцийн эшарийн мукъамаш? Я илли,йоьхначу буьйсанах Кадетташ... Читать дальше...

Хасаров ШаIрани. Гергарлонаш

Radiomarsho.com 

ШаIрани Хасаров Гергарлонаш Ша хьелийн даьттанан мехча Ю,аьлла,дIахIоьтти нехча. Цу нанас дена ша йина КIалд хили даьттанан йиша.   Ишиъ ца хетачо ирча ЧIепалгах ви царна шича. ТIаккха, шен сискал а аьтта, И даан хии кIалд-даьтта.   Эццигехь чакхдели дийцар ХIораммо хIоранга дийцарг! 1998 ш.

Хасаров ШаIрани. Стигла-гIала*

Radiomarsho.com 

ШаIрани Хасаров Стигла-гIала* Екхна стигла-сийна кехат, СтиглагIала къолам бу. ДоттагI ву сан цу чохь вехаш. Со и волча воьдуш ву.   ДIакхечи со стиглагIала. Орлами* чу вели со. Мел лакхахь а йолчу гIате ДIа цо сиха кхачаво.   Хьалалети терахь «40»*. НеI а йилли дIа цо ша. Хилла болх цо беш шен говза. Лоруш хилла хьаша-да.   Хаза хIусам.Корал арахь Сиэга сийна буту ша. Хаьхки цу тIехь механ салаз Суна юьххех мархаша.   Дехьахь-гIала, сехьахь-гIала, Хьалха гуш а гIала ю. Читать дальше...

Хасаров ШаIрани. ЧIирдига керла шо дустар

Radiomarsho.com 

Хасаров ШаIрани ЧIирдига керла шо дустар. Тентиг ю. Ю йоккха тиллиг- Хестийна Бабин и ЧIирдиг. Керла шо дустан цо деъна Гирдийца, бухкийца терза. Цо муха дустур ду денош? Массо а ву цо шех велош.   Церан ву шийтта кIант воккха. Шийтте а шаро буьйв воккху, Хаз-хаза туьйранаш дуьйцуш, Беснашна ,аьзнашна хуьйцуш. Iалам а уьш лардеш деха. Адам а царах ца Iеба.   Ду маьлхан, ду беттан туьйра ДIадоьдун хIора де-буьйса. Ца болуш цуьрриг а хьарам, Нисбина бу цуьнан барам. Читать дальше...



Хасаров ШаIрани. Дадин ан

Radiomarsho.com 

ШаIрани Хасаров Дадин ан. Дадийна хIоьттина ан. ГIуллакхаш тIекхетта сан. « Ан дац и, ду иза «Къан»!»- Iиттарш йо бабас а тхан.   ДегIа тIехь дада нисло. Бабийга къамел цо до : «Къанъелла дIаяларх хьо, ХIинца а жима ву со.   Данза ду хIинца а той, Хахказа ду тойнехь дой. Хьажал хьо,къан ло, ца ло Кхин цхьаъ а ялоза со?!   Хьайн пеша хьалхха хьо Iер. Къена ду елар хьан, лер. Жима хир ду нускал тхан. Эхь хетта додур ду ан.   ДIагIойла деана ан! Ма лойла дада кхин къан! Читать дальше...

Хасаров ШаIрани. Жа дажор

Radiomarsho.com 

ШаIрани Хасаров Жа дажор Стиглахь бохло хIинца малх. Серлабевлла хьийза нах, Цхьалхадаьхна духарш шайн. Iахар лерги ас а сайн.   ЦIенчу хIуонах хуьлуш там, Оьцур цо цу бецан чам. Дуур шена маьлхан де. Шовда моьлур цунна тIе.   Ломахь некъаш чучча деш, Аьхке хир тхох йоккхаеш. Цхьаьна хьоьшур бецан тхиш, Цхьаьна лоькхур оха йиш!   Бецийн цIевнаш бабас деш, Яан нехча шуьрех еш, Денойн урчакх хьийзар ю. Со дадийца гIуьттур ву.   Iуьйре, суьйре декъалъеш , Лаьмнийн гIилкхаш диц ца деш... Читать дальше...

Хасаров ШаIрани. ГIура-Дада

Radiomarsho.com 

ШаIрани Хасаров ГIура-Дада Тхоьга кхача сих а велла, ВогIуш, ког а тасабелла, ГIура-Дада охьакхетта, Шаршу санна кIайчу метта. Цуьнан тIоьрмиг эццахь бай, Лонах юьзи маж а кIайн.   Массо цуьнга воьлуш хьоьжу. Тхан цициг а цуьнах доьлу. Ша а воьлу, гIад а дайна. ТIе ма дайла иза вайна! Эш-ш, хьо мало! Эш-ш, хьо эхь! ТIехь дуьссуш ду иштта эхь.   ЦIазам-вайна! ЦIазам-царна! ЦIазам-церан гергарчарна! Уьш а ша тIехь иштта шиэрша. ЦIе ма йожа оцу белхан! Тховса шайна боккха яй Оллуьйтур бу цаьрга вай. Читать дальше...

Кху шарахь мел лахара а Нохчийчуьра 15 стагана гIуданаш диттина, социалан машанашкахь экстремизм лелорна

Radiomarsho.com 

2021-ра шо доладелчхьана Нохчийчуьрчу кхелаша, диллинчу зерашца а догIуш, мел лахара а, 15 административан гIуллакх диллира "Нахалахь нацистийн атрибутика, символика йа экстремистийн юкъараллийн символика, атрибутика гайтар" аьллачу Кодексан артиклехь. Жоьпе изийнарш берш божарий бу. БIаьрланиг ду, хIоттийначу 15 протоколех диъ Гезгамашин-беттан чакхенехь кхаьчна хилар кхеле – цаьрца догIуш, жоьпалле хIоттийна Хатуев Мовса а, Дадаев Абубакар-Сиддикъ а, Гапаев Халид а. ГIадужу-беттан 4-чохь Гуьмсан... Читать дальше...

Шемарчу тIемашкахь хиллачу Дагестанерчу вахархочунна набахтехь даккха 13 шо тоьхна

Radiomarsho.com 

Къилбан тIеман гонашкарчу кхелан сацамца а догIуш, Шемахь тIемаш бина ву аьлла, бехк тIечIагIбинчу Дагестанерчу вахархочунна Айвазов Азаматна колонахь даккха 13 шо тоьхна, хьалхара шиъ набахтехь а токхуш. Кхелахошна къаьстина, 2015-чу шарера схьа дуьйна Шеман дозана тIехь даIишхойн тобанехь дакъалаьцна хиларх кхеле хIоттийначо. Айвазовна тIедиллинера, 2016-чу шарахь, шен нана а Iехийна, герзашца вовшахкхеттачу тобанийн декъашхойн банкан реквизиташ еллера цо. Дерриг а оцу чоьташ тIе даьккхинарг ду цо 377 500 эзар сом. Читать дальше...

Чубоьхкинчарна ницкъ беш яьхна видеош гучуевлча долийна бехктакхаман гIуллакх

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан талламан комитето бехктакхаман гIуллакх долийна Саратовхь чувоьллинчу тумакхна ницкъ бар хьокъехь, яздо Свобода Радионо. Билгалдоккхуш ду и зулам деш декъа хиллачу нахана 10 шаре кхаччалц хенаш тоха мегаш хилар. Де хьалха тутмакхашна ницкъ беш ФСИН-н (Федералан таIзарш кхочушдон сервис) белхахочун видеорегистратора яьккхина видео яржийра Gulagu.net бакъонашларъяран проекта. Цул тIаьхьа Талламан комитета таллам бан хьажийна ше векалш, зулам дина меттиг хила мега аьлла хетачу метте ... Читать дальше...

Стаг верна бехке вина нохчо Итале дIавала пурба делла Германино

Radiomarsho.com 

2017-чу шарахь 22 шо долу италхо Чьятти Никколона йиттина Нохчийчуьра схьаваьлла 28 шо долу Бисултанов Расул Италига дIавала сацамбина немцойн кхело, хаамбина Il Fatto Quotidiano ресурсо, Италин арахьарчу гIуллакхийн министраллана тIетевжина. Германин кхелахоша динчу хьесапна шаьш реза ду аьлла, билгалдаьккхина министраллехь. 2017-чу шеран Марсхьокху-баттахь Каталонин Льорет-де-Мар гIалахь вийна ву Чьятти. Цунна тIелеттарг кхоъ вара. Йиттинчул тIаьхьа комехь лаьттира иза, цул тIаьхьа велира. Видеокамерех пайда а баьлла... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *