Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Октябрь
2021

Новости за 16.10.2021

Куьйгашца легаш Iийдина полисхойн?! Муха йира ши куьг доцчу Нальчикерчу жигархочунна кхел

Radiomarsho.com 

2021 шеран Гезгмашин-беттан 2-чу дийнахь ГIебарта-Балкхаройчуьрчу юкъараллин жигархочунна Иритов Асланна арахь такха ши шо хан кхайкхийна кхело, цо полисхошна еттар бахьане а дуьллуш. ШолгIа бехк - "Iедалан белхахо сийсазвар" – тIерабаьккхина, зулам дина хан ялар тергоне а оьцуш. Кхело бахарехь, полисхочух летта Иритов, цуьнан легаш а Iовдуш. Амма тидамза дитина жигархо куьйгаш доцуш хилар… Деа шаре кхачош дахдинера Нальчикерчу кхело Иритовн дов. Шена тIаьххьара дош ала елла бакъо караоьцуш, жигархочо ша вац, элира, хIуманна а бехке. Читать дальше...

Тутмакхашна ницкъ беш яьхна видеош Gulagu.net дIаелларг дIакхаьчна Франце

Radiomarsho.com 

Gulagu.net юкъараллин проектана Оьрсийчуьрчу набахташкахь лецначу нахана тIехь къизаллаш лелош яьхна видеош елла, Беларусин вахархо дIакхаьчна Франце. Gulagu.net проектан куьйгалхочо Осечкин Владимира дийцарехь, Сергей цIе йолчу информатора, фамили йоккхуш яц, дехар дина фаранцхойн Iедалшка, политикан тховкIело лахьара шена аьлла.​ "Север.Реалии" сайто, Gulagu.net проектан социалан машана тIе а тевжаш, хаам бина, ГIадужу-баттан 16-чу буса Къилбаседа Африкерчу цхьана пачхьалкхара кеманца дIавахна Франце. Читать дальше...

Нохчийчуьра адвокат Мараков Сергей аравалийтина талламан изоляторера  

Radiomarsho.com 

Пятигорскерчу кассацин кхело, дIасавалар а дихкина, набахтера аравалийтина, стохка ГIура-баттахь дуьйна лаьцна латтош хилла адвокат Мараков Сергей. Цуьнах лаьцна хаам бо Кавказ.Реалиино. Иза бехке веш ву наркотикаш лелорна. Ши де хьалха цуьнан аьтто баьлла шена аренде эцначу петаре ваха хаъа. Мараковс "Кавказский узел" (арахьарчу агентийн тептарна юкъатоьхна ю "Кавказский узел" портал, амма иза реза яц оцу сацамна - Ред.) зорбан гIирсе дийцина, шен дIахецар цIеххьана хилира аьлла. Ша маьршаваьккхина аьлла хета адвокатана... Читать дальше...

Кандагарерчу маьждигехь 47 вийна, бомба а эккийтина, 70-нна чевнаш йина

Radiomarsho.com 

Кандагарерчу шиIатийн маьшдигехь пIерасакан дийнахь иккхина террорхо-Iожалхо, хаам бина меттигерчу Iедалша, хаам бо "Американ аз" зорбан гIирсо, Свобода Радионна тIе а тевжаш. Эккхар дина гIалин юккъерчу Фатимия маьждигехь. Кандагар провинцин талибаша кхоьллинчу культуран а, информацин а департаментана тIе а тевжаш "Ассошиэйтед Пресс" агенталло бинчу хаамца, вийна лаххара а 47 стаг, 70 чевнаш йина ву. Афганистанна урхалла дечу "Талибан" боламан векало дIахьедина, кхерамазаллин сервисан белхахой сихха кхаьчна хилар бохам хиллачу метте... Читать дальше...

Тутмакхаш карзахбовлар охьатаIийна Владикавказерчу № 1 колонехь

Radiomarsho.com 

Ницкъаллин структурийн белхахоша юхатоьхна Владикавказерчу № 1 йолчу колонехь хилла къепедацарш, хаам бина РИА Новости агенталло, цIеххьана цхьаъ хилча болх бан йолалучу сервисийн векална тIе а тевжаш.  "Колониехь 600 гергга стаг ву, церан меттахбовлар аьтто баьлла охьатаIо", - аьлла цо.   Агенталлина хаам бинчу хьасто дийцарехь, инцидент хилла Владикавказерчу Карабулакан урамехь йолчу колонехь. Къепедацаршкахь эшам хиллачу нахах лаьцна хаамаш толлуш бу. Къилбаседа ХIирийчоьнан омбудсмена Цгоев Тамерлана дийцарехь... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *