Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Октябрь
2021

Новости за 12.10.2021

Кёльнерчу маьждигашна радиокедех пайда эца бакъо елла, ламазе кхойкхуш

Radiomarsho.com 

Германехь Кёльнерчу Iедалша дIахьедина, гIаларчу маьждигийн радиокедех пайда эца бакъо аьлла ламазе кхойкхуш. Цуьнах лаьцна хаам бо "Американ аз" зорбан гIирсо. Ламазе кхайкхар (азан) декар ду хIора пIераскан дийнахь, делкъалтIаьхьа, пхеа миноте кхаччалц хеначохь. Радиокедех пайда эца бакъонан кехат даккха дезар ду маьждигийн, иштта цара лардан дезар ду азан декаран чIагIаллин тIегIа. Ламазе кхайкхар хазийта маьждигашна бакъонан кехат лур ду шина 2 шаранна.

Туркойчохь лецна кадыровхой

Radiomarsho.com 

Шпионаж лелийна аьлла ГIадужу беттан 9-хь Туркойчохь лецна болу кхечу пачхьалкхара нах берш а нохчий бу. Цунах лаьцна хаам бина РИА Новости агенталло. "Лаьцна волу яхе а – Оьрсичуьра ву, Нохчийчохь вина а ву", - аьлла агенталле хаам бинчу хьосто

"Иза билггал балхаца доьзна ду". Соьлжа-ГIалара бакъонашларъярхо – кадыровхой бахкарх

Radiomarsho.com 

Нохчийчоь шайн дIатаса дезнехь а, цуьнан дахарехь дакъалоцучу нехан даймахкахь бисинчу гергарчарна тIе ницкъхой эхар ца хеддаш лаьтта сурт ду. Хьалха ницкъхоша Iедалца билггал гамбелла бехачу оппозиционерийн гергарнаш лебора, ткъа хIинца уьш "Iазапна дуьхьалоечу комитетан" Къилбаседа Кавказерчу декъан куьйгалхочун Аламов Мохьмадан гергарнаш болчу бахна. "Нохчийн республикерчу полицин белхахоша суо тидаме эцнийла а хууш, дIахьедо ас, вац со низамо доьхку гIуллакх лелош, цигаьрка узуш а вац, молуш а вац... Читать дальше...

Колонехь даккха 9 шо кхайкхийна Зява Махачкалинскийна

Radiomarsho.com 

Дагестанан Лаккхарчу кхело сацам бина Зява Махачкалинский цIе лелош волчу криминалан эла лоручу Абдулхаликов Зиявдина дуьхьал теллинчу бехктакхаман гIуллакхехула. Оьрсийчоьнан криминалан кондексна тIе а тевжаш, зуламхойн иерархехь лаккхара меттиг дIалацарна 9 шо колонехь луьрчу хьелашкахь даккха хан тоьхна 62 шо долчу Абдулхаликовна, хаам бина Дагестанан Лаккхарчу кхелан зорбан-сервиса. Талламаман версица, масийттазза чувоьллина хилла волу Абдулхаликов 1990-чу шарахь дуьйна зуламхойн иерархехь лаккхара меттиг дIалоцуш а ву... Читать дальше...

Колумбан монумент дIайоккхур ю Мехикон юккъерчу проспектера

Radiomarsho.com 

Христофор Колумбан "дIавала дезар ду" Мехикон уггар бевзаш болчу проспектера, хаам бо Американ Аз зорбан гIирсо. Мексикин коьртачу гIалан мэр йолчу Шейнбацм Клавдияс дIахьедина, Реформин проспектехь лаьтташ йолу Колумбан монумент хуьйцур ю аьлла, цуьнан метта меттигерчу къомах болчу зударшна хьажийна эсалла а хIоттош. Колумбана хIоттийна статуя бIаьрла ориентир яра 10 асанах лаьттачу Мехикон юккъерчу проспектан. Мексикехь дукха хенахь дуьйна хилла цивилизацеш европахоша тIемашца схьаяхар емал... Читать дальше...

РИА Новости: Туркойчохь лаьцна ялх стаг Нохчийчуьра схьаваьлла ву

Radiomarsho.com 

Шпионаж лелийна аьлла ГIадужу беттан 9-хь Туркойчохь лецна болу кхечу пачхьалкхара нах берш а нохчий бу. Цунах лаьцна хаам бина РИА Новости агенталло. "Лаьцна волу яхе а – Оьрсичуьра ву, Нохчийчохь вина а ву", - аьлла агенталле хаам бинчу хьосто. Хьалхо шаьш шпионаш лецна хиларх хаам баржийнера Истанбулан полицин терроризмца къийсам латтон урхалло а, туркойн Къоман талламан вовшахтохаралло а. Туркойчуьрчу нохчийн диаспоран векалша дIахьединера, царах цхьа стаг шайна вевзаш ву цхьамма тIедилларца нах байъарна декъа хиларца аьлла. Читать дальше...

ХIун дер ду доьазлагIа дарже хиинчу Кадыровгара?

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIайолийна шегарчу даржан йоьалгIа хан. Гезгмашин-бутт боьрзуш хиллачу харжамашкахь тоьлла иза 99,7% кхаьжнаш бахарца. Путина а санна, боьалгIа го бу Кадыровна даржехь виса. Таханенна иза 14 шарахь регионан коьртехь Iен уггаре шира губернатор ву Оьрсийчохь. Кавказ.Реалиино дагалоьцу Кадыровс даржехь яьхна хенаш а, цо махкахь дечу урхаллин хатI а. Кремло хIоттийна хьалхара президент Кадыров Ахьмад 2004 шарахь вийча, 28 шо дара цуьнан кIентан Рамзанан. Шарал совъоьккхуш хан дIаяьлча... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *