Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Май
2019

Нохчийн латархо Эдилов UFC юкъарваьлла

0
UFC-ца хиллачу контрактех мукъаваьлла нохчийн латархо Эдилов Iабдул-Керим, хаамбо Fight Time спортан хьостано. "25 шо долу латархо Эдилов Iабдул-Керим, 2017-чу шарахь шолгIачу раундехь хиллачу техникан нокаутехь Михайлович Боян эша а веш, UFC-н баннер бухахь цкъа бен летта вац", - хаабо интернет-хьостано.


UFC-хь кхиамаш баха таро ца хилира нохчийн спортхочун иза лазорна а, 2016-чу шарахь допинг-тестех чекх ца валарна а.


Fight Time хьостано дийцарехь, билггал информаци  яц, Эдилов юкъарваьккхина, йа шен лаамехь контаркт хадийна цо.


Ишта хууш дац, Iамерко Нохчийчоьнан куьйгалхочун гонна дуьхьалъяьхна керла санкцеш бахьана долуш хедийний а юкъаметтигаш.


Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан кхаа кIентан тренер вара Эдилов Iабдул-Керим.


 


 














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *