Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Октябрь
2023
1
2 3 4 5 6
7
8
9 10 11 12 13
14
15
16 17 18 19 20
21
22
23 24 25 26 27
28
29
30 31

Новости за 03.10.2023

Кремлан политикан дакъа ду? Кавказехь политикан тутмакхаш-зударий муха гучубевлира

Radiomarsho.com 

Кху аьхка кхело таIзарш кхайкхийра нохчийн оппозиционерийн нанна Мусаева Заремина а, гIалгIайн протестан декъашхочунна Саутиева Зарифина а. Иштта гезгамашин-баттахь Росфинмониторинго Муртазалиева Зараъ экстремистийн а, террорхойн а тептарера дIайайира. Цунна таIзар динера теракт кечйеш хилла аьлла. Лакхахь хьахийначарна дуьхьал айдина хилла доллу гIуллакхаш политикан бух болуш дара аьлла хета бакъоларйархошна. Зударшна тIаьхьабийлар Кавказехь цкъа а хилла доцург ду – Iедалхоша оцу кепашца "дIабоху товшбоцурш" а... Читать дальше...

"Дахаран а, Iожаллин а хаттар". Нохчийчохь - кхин а цхьаъ йедда цIера

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь доьзалехь латточу гIелонах йеддачу Мусаева Эльзас доьху, ша ма леха бохуш. Шен могшаллина а, дахарна а кхерам латтарна бакъоларйархошка гIо дийхира цо, цIера йеддачул тIаьхьа. Кху аьхка Эльза нуьцкъаша дIайигира Стерлитамакера Нохчийчу, хаам бо «Марем» боламо.

Нохчийн куьйгалхочун 15 шо долчу кIентан аккаунт дIакъевлина инстаграмо йукъараллин низамаш дохорна

Radiomarsho.com 

КъорIан дагийна аьлла лаьцначу Волгорадера Журавель Никитина СИЗОхь йиттина Нохчийчоьнан урхалхочун 15 шо долчу кIентан Кадыров Адаман @kadyrov_dustum аккаунт дIакъевлина инстаграмо. Хьалхо Кадыровс жимахволчо шен агIоне хIиттийнера герз карахь суьрташ, ткъа Журавельна тIелеташ йаьккхина видео гIарайаьллачул тIаьхьа пост хIоттийнера цо: "Хьайна ма-ттов эладиташ дийца, соьца гамо хилийта, сох хьега, суна ле. Амма вайшинна хууш ма дуй, суна тIекхаьчча безамехь къежар ма ву хьо суна…". Шен аккаунтана блок тохарх хаийтина ша Адама ... Читать дальше...

Кадыровн йоI Нохчийчоьнан вице-премьер хIоттийна

Radiomarsho.com 

Культурин министр, мехкан урхалхочун 24 шо долу йоккхаха йолу йоI Кадырова Iайшат премьер министран гIовс хIоттийна регионехь. ДIахьедина, социалан блоках цо жоп лур ду аьлла. Министрийн кабинетан шуьйрачу кхеташонехь бина сацам Кадырова дарже хIоттош, премьер-министран Хучиев Муслиман хьехарца. Ткъа Кадыров Рамзан, цуьнан телеграм-каналехь йаздарца, тIетайна цуьнан инициативана. Культурин министр хир ву Дадаев Муса, 30 сов шерашкахь Кадыровн бIанакъост волу. Лахьан-баттахь спортан министран дарже хIоттийнера иза... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *