Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Октябрь
2023
1
2 3 4 5 6
7
8
9 10 11 12 13
14
15
16 17 18 19 20
21
22
23 24 25 26 27
28
29
30 31

Новости за 13.10.2023

Францера историн хьехархо верах лаьцна комментари йазийна нохчо терроралла къобалдарна бехкевеш ву

Radiomarsho.com 

Ставрополан махкахь 19 шо долу нохчо терроралла къобалйарна бехкево. Кхо шо хьалха комментари йазйина хиллера цо нохчочух Анзоров Iабдулах лаьцначу видеона кIелахь – Charlie Hebdo журнало Мухьаммад пайхамарна йехкина картикатураш гайтина волу хьехархо Пати Самюэль 2020 шарахь вийнарг ву иза. Расул цIе йолу Георгиевскера вахархо ву вуьйцург (цуьнан фамилии йоккхуш йац. – Билг.) – Анзоровх лаьцна йолчу видео кIелахь цо кхо эмодзи йитина боху: лом, ирх хьажийна пIелг, дог а, йаздо "Сапа Кавказ" телеграм-канало. Читать дальше...

Инстаграмехь Палестинин байракх хIотторна къовсамашкара дIаваьккхина гIалгIайн дзюдон латархо

Radiomarsho.com 

Олимпикан толамхо, ГIалгIайчуьра дзюдон латархо Халмурзаев Хьасан къийсамийн йукъараваьккхира, дзюдон Федерацин чоьхьара низамаш цо дохийна аьлла. ХЬАМАС тобано Израильна тIелатар а дина, тIаккха вукхара ГIаза декъанна тохарш дан долийча, шен инстаграмерчу агIоне Палестинин байракх йиллинера цо. Политикан, динан хьежамаш гуш-хезаш дIахьедар доьхкуш долу низам дохийна Халмурзаевс, боху дзюдон дуьненайукъарчу Федерацин пресс-релизехь. Иштта билгалдоккху цара, Халмурзаев цхьана ханна бен дIаваьккхина вац - кхин дIа дан дезарг къасталц. Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *