Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Октябрь
2023
1
2 3 4 5 6
7
8
9 10 11 12 13
14
15
16 17 18 19 20
21
22
23 24 25 26 27
28
29
30 31

Новости за 17.10.2023

Францера школана ша тIелатале ГIалгIайчуьра вахархочо видео йазйина хилла даIишна ваIда деш

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчуьра вахархочо Могушков Мохьаммада ша Францера школана тIелатале хьалха видео дIайазйина хилла, ша даIишан цIарах лелаш ву аьлла. Цунах лаьцна хаамбина францхойн цхьа могIа зорбанаша, иштта "Radio France", "Le Figaro" гIирсаша а. Иза лаьцначул тIаьхьа цуьнан телефон чохь карийна видеош а, аудиош а, цу тIехь Могушковс ваIда до "Исламан пачхьалкхана" тешаме хила. Цкъачунна хууш дац, уьш Интернетехь йаржийна хиллий, билгалдоккху "Radio France" ресурсо. Талламхой тешна бу, хьалххе цхьа ойла а йина, дина зулам ду аьлла. Читать дальше...

Школана тIелетта аьлла бехкевечу гIалгIачун йишас дIахьедина цо гIело латтайора аьлла

Radiomarsho.com 

Францихь школана тIелатар дарна шеконашка эцначу ГIалгIайчуьра вахархочун Могушков Мохьаммадан йишас дийцина цунах лаьцна "къиза, радикалан хьежамаш" болуш вара иза аьлла. "Боьха хIума" йу аьлла цо шен ваша,  йемалдина цуьнан тIелатар, дийцина Radio France ресурсо. 18 шо долу Могушкова лаьцнера шоьтан дийнахь церан доьзалехь мел верг дIавуьгучу заманчохь, лаьцна латтийра иза кхаа дийнахь. Талламхошка цо дийцина, йуьхьанца дас цул тIаьхьа воккхаха волчу вашас а ца доьшуьйтура шега, школе ца йохуьйтуш, хьуьжаре лоьлуьйтура ша аьлла. Читать дальше...

ГIалгIайчуьра вахархочо хьехархо вийна Францехь: тIаьхьенаш

Radiomarsho.com 

Францехь ГIалгIайчоьнан вахархочо Могушков Мохьаммада уьрсаца тIелатар дина школера хьехархочунна: полисхойн тергонехь хилла Францихь Могушков "радикалан исламехьа" хиларна, йаздо меттигерчу зорбанаша. Керла тIелатар динчул тIаьхьа францхойн чоьхьарчу гIуллакхийн министро иттаннашкахь Оьрсийчуьра бахархой цIа хьийсор бу аьлла.





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *