Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Октябрь
2023
1
2 3 4 5 6
7
8
9 10 11 12 13
14
15
16 17 18 19 20
21
22
23 24 25 26 27
28
29
30 31

Новости за 04.10.2023

ЧВК "Вагнер" долахочун Кубанера вилла

Radiomarsho.com 

Кубанехь ЧВК «Вагнеран» куьйгалхочун Пригожин Евгенийн хилла бахам бухкуш бу. Геленджикана уллора хIусам йухкуш йу «Iаьржа хIордан йистера садоIийла» йолуш санна.

Школашкахь йовлакхаш лелор магийна ГIебарта-Балкхаройчоьнан Iедалша дайша-наноша аьрзнаш динчул тIаьхьа

Radiomarsho.com 

ГIебарта-Балкхаройчохь Зольскан кIоштара Залукокоаже, Батех, Кичмалка эвлашкара школашкара дешархой классаш чу ца битинера коьртахь йовлакхаш, хьиджабаш йолуш. Дуккхаъ дайша-наноша дехарш динчул тIаьхьа республикин куьйгалло "школашка лела новкъарло ма йе дешархошна" аьлла, хьийхира, дийцина меттигерчу динан урхалло. ГIадужу-беттан 2-чу дийнахь дуьйна Зольскан кIоштара школашкахь дIайазйина видеош йаржон йолийра социалан машанашкахь. Цхьана ролика тIехь, хетарехь Залукокоаже эвлара номер 1 йолчу школехь йаьккхина йу и... Читать дальше...

Нохчийчоьнан халкъан артистан цIе йелла Кадыровс шен йоIана

Radiomarsho.com 

Шен йоккхаха йолчу йоIана Iайшатана Нохчийчоьнан халкъан артист цIе йелла Кадыров Рамзана. Цунна совгIат дIалучу барамехь цо дIахьедина, цунах иллиалархо ца хилла дела совгIат дина ша аьлла. Де хьалха 24 шо долу Кадырова, хIинццалц схьа министран даржехь хилла йолу, регионан вице-премьеран даржехь чIагIйира цо. Соьлжа-ГIалахь дIайаьхьначу церемонин видео Кадыровс зорбане хIоттийна  шен телеграм-каналехь. Халкъан артист хилар тIечIагIден кехат цуьнга дIалуш, Кадыровс элира: "Ахьмад-Хьаьжас (Нохчийчоьнан хилла президент – Кадыров Ахьмад. Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *