Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Октябрь
2023
1
2 3 4 5 6
7
8
9 10 11 12 13
14
15
16 17 18 19 20
21
22
23 24 25 26 27
28
29
30 31

Новости за 20.10.2023

Кадыровхоша лачкъийначу йоьIан везар цунна тIекхача хьийза

Radiomarsho.com 

Республике а вахна, цуьнан деца-ненаца а, шеца йоIаца а цхьаьнакхетта некъаш лоьху Нохчийчуьра йахархочун Сулейманова Седин тIехьийзачу кIанта Кудрявцев Станислава. Цо йоьху гарантеш цунна йелла Нохчийчуьра адамийн бакъонаш Iалашйан векал винчу Солтаев Мансура, амма ша тIелацар тIе ца чIагIдо. "Сий лардеш" ша йерна кхерайелла, цIера йедда Сулейманова Сакт-Петербургехь лецира нохчий полисхоша. "СК SOS" кризисан тобано хаамбина, Санкт-Петербургера маьждигехь Кудрявцевс бусалба дин тIеэцарх. Солтаев... Читать дальше...

Нохчийн оппозиционерийн нанас Мусаевас дехар дина ша хенал а хьалха арайаккха аьлла

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьра Шела гIалин кхеле дехар чуделла Мусаева Заремин адвокато Савин Александра, иза тоьхначу хенал а хьалха арайаккхар доьхуш. Мусаева – нохчийн оппозицин жигархойн, ЯнгулбаевгIеран вежарийн нана йу. Иза бехкейина полисхочунна тIелатарна а, курхаллаш лелорна а. Иза лацар политикан бух  болуш ду аьлла хета бакъоларйархошна, адвокаташа масийттаазза дIахьедира цуьнан гIуллакхехь харцонаш лелорах. "Iазапашна дуьхьал Командо" хаамбина, еарин дийнахь Савин колонихь Мусаеваца цхьаьнакхеттера... Читать дальше...

Наркотикашца  лецначу Нохчийчуьра полисхой хиллачарна дуьхьал Кубанехь бехкзуламан гIуллакх долийна

Radiomarsho.com 

Краснодаран кIоштахь бехктакхаман гIуллакх даьккхина Нохчийчуьра полисхо хиллачу шинна дуьхьал, уьш лоцучу заманчохь йалх грамм мефедрон карийна цаьргахь, цIера валар дихкина витинера и шиъ. Пачхьалкхан "РИА Новости" агенталло бакъоларйаран органашкара шайн хьасташна тIетевжина хаамбо, дIасабовлар доьхкуш церан хьокхъехь сацам барх. Билгал ца даьккхина муьлхачу Iедалан къепехула гIуллакх гIаттийна а. Иштта, хьастанан хаамашца, лаьцначарна дуьхьал масех административан гIуллакх а цхьаьна даьккхина... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *