Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Октябрь
2023
1
2 3 4 5 6
7
8
9 10 11 12 13
14
15
16 17 18 19 20
21
22
23 24 25 26 27
28
29
30 31

Новости за 26.10.2023

"Йуха ца йагIахь, со вуьйр ву". Нохчийчуьра юристана кхерамаш туьйсу ГIалгIайчуьра йеддачу йоIана гIо дарна

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказера бакъоларйаран "Iазапашна дуьхьал Команда" (КПП) организацин филиалан юристана Аламов Мохьмадна кхерамаш туьйсу ГIалгIайчуьра Минеральные Воды гIала 28 шо долу Яндиева Марина цо дIайигина аьлла. Доьзалехь гIелонехь латтийначу йоIа орца дехнера кризисан "СК SOS" тобане, ткъа цара КПП-ра шайн белхан накъост йукъаозийнера. ХIинца республикера доккха тайп долчу ЯндиевгIара ультиматум хIоттийна: йа Марина цхьана кIиранчохь цIа йогIу, йа Мохьмад а, цуьнан гергарнаш а шаьш бойур бу аьлла. Читать дальше...

ГIалгIайчохь лаьцна хилла ши журналист дIахецна полицин декъера

Radiomarsho.com 

Де хьалха ГIалгIайчохь лаьцна хилла журналисташ Рубцова Лилиан а, Садовская Алена а дIахецна полицин декъера протокол а ца хIоттош, хаамбина "ОВД0-Инфо" ресурсо. Доьзалехь латточу гIелонах йедда хиллачу Яндиева Маринин гергарчаьрца къамел дан гIоьртинера и шиъ. Гергарчара кхерамаш тийсинера "Iазапашна дуьхьалойаран Командин" юристана Аламов Мохьмадна вуьйр ву аьлла. Эххар а журналисташна тIаьхьа нах бехира, тIаьхьо ницкъахоша совцийнера уьш, масех сахьтана журналисташца зIе хаьддера. ГIадужу-беттан... Читать дальше...

ГIезалойчоьнан а Кхарачой-Чергазийчоьнан а орденийн кавалер

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIантана, 15-шо долчу Кадыров Адамна ГIезалойчоьнан лараме орден йелла. И совгIат цунна дина ша республикан куьйгалхочо Минниханов Рустама. ГIезалойчоьнна хьалха хIун гIуллакхаш дина Кадыров Адама – хоуьйтуш дац.

Кадыров Адамна Кхарачой-Чергазийчоьнан лакхара совгIат делла. Шина дийнахь шолгIа орден йу и

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан 15 шо долчу кIантана Адамна "Кхарачой-Чергазийчоьнна динчу гIуллакхашна" орден йелла – регионан лакхара совгIат ду иза, шина дийнахь жимахволчу Кадыровна делла шолгIа совгIат а ду. Де хьалха, камерана хьалха СИЗО-хь лаьцна латточунна йиттинчу Адамна йелира ГIезалойчоьнан йеза орден а. Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIантана шолгIа орден йелла "къаьмнашна а, регионашна а йукъара цхьаалла кхиорна а, исламан ламастин мехаллаш чIагIйарна а". Цунах лаьцна Кхарачой-Чергазийчоьнан... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *