Кадыров: яц Нохчийчохь къайлаха набахтеш
![Кадыров: яц Нохчийчохь къайлаха набахтеш](https://gdb.rferl.org/28C51205-CC64-41D4-8F96-D5BE12A067A0_w800_h450.jpg)
Республикехь къайлаха набахтеш яц, дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
"Со волчу баьхкира Талламан комитетера, прокуратурера. ЦIеношна бухара ларманаш теллира, чоьнаш йохъен меттигаш зийра – цхьа хIума ца карийра", - аьлла Кадыровс шеца Инстаграмехула уьйрехь болчу нехан хеттаршна жоьпаш луш.
Мехкан куьйгалхочо бахарехь, "шаьш бакъоларъярхой, журналисташ бу бохучара дуккхаза а яздина", цуьнан "цIахь къайлаха набахтеш ю". Амма и къамелаш, Кадыровс дийцарехь, "аьшпаш хуьлуш дисина". "Со массарел чIогIа низам лардеш волу вахархо ву", аьлла цо.
Хаамийн гIирсаша, адамийн бакъонаш ларъечу организацеша дуккхаза а дийцина, Нохчийчуьрчу ницкъхоша къайлахчу набахтешкахь латтабо шаьш лечкъош болу гейш, бехкалбахана «кадыровхой», бохуш.