Къилбаседа Кавказехь 12 стаг велла уьнах, кхин а 595 цомгуш хилла
Дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 12 вахархо. Цомгуш хиллачарна тIекхетта кхин а 595 стаг.
Оьрсийчуьрчу уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабо бечу хаамца, Краснодар-махкахь а. Дагестанехь а кхелхина уьнах виъ-виъ стаг, Ставропол-махкахь – кхоъ, ГIебарта-Балкхаройчохь – цхьаъ.
Веррига а пандемих Къилбаседа Кавказехь велларг ву, Iедалерчу хаамашца, 1421 стаг.
Дийнахь-буса а, юхьанца схьа а цомгуш хилла:
• Ставропол-мохк +134 (13933)
• Краснодар-мохк + 94 (12563)
• Дагестан +83 (12175)
• ГIалмакхойчоь +73 (5451)
• Кхарачой-Чергазийчоь +65 (6027)
• ГIалгIайчоь +48 (4949)
• ГIебарта-Балкхаройчоь +42 (7023)
• Къилбаседа ХIирийчоь +31 (5311)
• Адыгей +20 (3689)
• Нохчийчоь + 5 (2352)
73473 стаг цомгуш хилла Къилбаседа Кавказехь COVID-19 уьнах, официалан статистико бахарехь.