ВорхI бер дIадуьгур ду Шемара Нохчийчу
![ВорхI бер дIадуьгур ду Шемара Нохчийчу](https://gdb.rferl.org/6EEBA889-CDE3-4B4B-9CCE-9C59838649B6_w800_h450.jpg)
Нохчийчуьра бух болу 7 бер Шемара Оьрсийчу кхача тарло кестта.
Берийн омбудсменан Кузнецова Аннин дешнашна тIе а тевжаш, хаам баржийначу Нохчийчуьрчу омбудсменан аппаратерчу векалша дийцарехь, пхи бер ду ДормидонтовгIарех (Макка, Iайша, Хадижа, Мансур, Iумар), АбкаровгIеран доьзалера – шиъ (ПетIамат, Маьхьди).
"Оьрсийн белхалой Шемин Республикехь Iачу юкъанна карийна бераш долу меттиг", - боху Нохчийчохь адамийн бакъонаш тергалъечу президентан векалан аппарато.
Дийцарехь, берийн гергарлонаш къастош, зераш дан схьаэцна ДНК-материал.
Бутт хьалха Шемара Оьрсийчу кхачийра 26 бер. Коронавирус яьржичхьана схьа дуьххьара кхочушйина рейс яра иза. ЦIадалийна бераш дара дагестанхой, гIалгIай, гIебартой, балкхарой.
Чиллан-баттахь Шемарчу Ал-Хол лагерера Нохчийчу дIадигира ши бер.