Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Апрель
2021

"ЛартIахь а дац, эрчо а ю". "Idel.Реалии" проектан журналистан кхел хир ю Чебоксарашкахь

0
Чебоксарашкахь кхеле хIоттийна "Idel.Реалии" сервисан журналист Комарова Дарья.  Иза бехкейо Iедалхошкара пурба доцуш хIоттийначу акцехь дакъалацарна а, цигахь долчух редакцин тIедилларца, хаамашкахь даржорна а.


Радио Маршо/Радио Маьрша Европа медиакорпорацин (РСЕ/РС) проектан журналистна Комарова Дарьина Зазадокху-баттахь протоколаш караделира, Дечкен-беттан 23-чохь а, 31-чохь а дIаяьхьначу акцешкахь дакъалацарца административан бакъо талхийна аьлла. ТIаьхьо кхин а цхьа протокол яздира цуьнан хьокъехь, 2020-чу шеран Марсхьокху-баттахь Iедалхошкара бакъо йоцуш хIоттийначу митингехь дакъалацарна. Чебоксарашкарчу Ленинскан кIоштан кхелехь Охан-беттан 7-чохь дIахьур ю суьдхойн хьалхара кхеташо.


Билгалъяьхначу акцешкахь хилла ю Комарова Дарья, редакцин тIедилларш кхочушдеш.


Кху шеран Дечкен-беттан 23-чохь Чебоксарашкахь дIаяьхьна протестан акци Чувашин кху заманан исторехь уггар а йоккхачех яра. Оцу гуламашкахь журналисто йиллина трансляцеш дIакхийхьира.


"Журналистика - зулам дац, - аьлла  Радио Маршо/Радио Маьрша Европа медиакорпорацин президенто Флай Джеймис, журналистна тIехIуттуш.


"ЛартIахь доцург а, эрчо а ю Оьрсийчоьнан Iелалхоша, шен декхарш кхочушдина, меттигерчу керлачу хаамех дийцина журналист кхеле хIоттор. Кремло жигараллица хьоьху халкъана, муьлхачу хаамийн гIирсашка хьовса а, ладогIа а мегар ду. Журналистика- зулам дац", - аьлла Флай Джеймис шен дIахьедарехь.




Зазадокху-баттахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн сенаторийн тобано емал йира Кремль, "дешан маршо пачхьалкхо хьашарна", масална далийра  Радио Маршо/Радио Маьрша Европа медиакорпорацина беш болу тIеIаткъам, "арахьарчу агентех" лаьтта низам дохийна бохуш. Демократаша а, республиканхоша а динчу дхьахьедарехь - дуьненаюкъарчу гIуллакхашкахула йолчу Сенатан комитетан декъашхоша- билгалдоккху, "арахьарчу агентех" юкъадаьккхинчу низамах пайдаоьцу корпорацин проекташ дIалакъон Iалашонца аьлла.




Шо карадеача Американ векалийн Палатан депутатийн тобано дехар дира пачхьалкхан президенте Байден Джога, Оьрсийчоьнан Iедалхоша РСЕ/РС Радион журналисташна туьйсучу кхерамашна дуьхьал жоп лахьара аьлла.


Иттаннашкахь штаташкахь белхахой а, бIе штатехь воцчу корреспондентех лаьтта  маша а болуш, Оьрсийчохь белхаш беш ю оьрсийн маттахь шен контент арахоьцу РСЕ/РС Радион проекташ, шайлахь "Idel.Реалии" а, ишта гIажарийн-башкирхойн редакци а йолуш.




"Idel.Реалии" а, РСЕ/РС Радион кхийолу проекташ а, шайлахь Настоящее Время телеканал а йолуш, "арахьарчу агентийн" тептаре язйина ю 2017-чу шеран чакхенехь.














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *