Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Апрель
2021

Кадыровн хIусамнанойн бахамах лаьцна тIаьхьо жоп лур аьлла Кремло

0
Тахана, Охан-беттан 7-чохь "Проект" гIирсо Нохчийчоьнан куьйгалхочун зударийн доларчу бахамах лаьцна бинчу талламах маса жоп дала аьтто ца хилла Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретаран Песков Дмитрийн.




"Бакъдерг дийцича, суна ца евза и материал, цундела дала жоп дац сан. Ца хаьа суна, и хIун таллам бу а", - аьлла, жоп делла Песковс, журналисташа шега цунах лаьцна хаьттича, яздо ТАСС агенталло.


Жоп далале хьалха, бинчу талламах лаьцна хаа деза шена аьлла пресс-секретаро. ТIедогIучу еарин дийнахь, Охан-беттан 8-чохь, жоп лур ду аьлла, дIахьедина Песковс.




"Проект" гIирсан хаамашца, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан хIусамненан Кадырова Меднин а, "виртуалан зудчун" Мусаева Меднин а, иштта ю бохучу, шолгIачу хIусамненан, Нохчийчохь 2006-чу шарахь дIаяьхьначу хазаллин конкурсан декъашхо хиллачу Хазуева Фатимин а долахь 800 миллион соьмана бахам бу.




Хьалхо журналисташна гучуделира, пачхьалкхан даржашкахь болчу Кадыровн гергарчийн цIартIехь Москвахь уггар а езачу меттигашкахь хIусамаш хилар. Ткъа хIора шарахь чулучу декларацешкахь и бахам хьахийна а бац.














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *