Навальныйгахьа мацалла кхайкхийна Бесланерчу терактехь лазийначара
Чиллан-баттахь дуьйна Владимирскан кIоштарчу Покров гIаларчу номер 2 йолчу колонехь ву Навальный Алексей. БархI шо хьалхалерачу "Ив Рошен" гIуллакхна тIехула кхело набахтехь даккха кхо шой, ах шой хан тоьхна политикна.
Кхелан процесс харцонца йина аьлла, дIахьедина Европерчу адамийн бахконашкахула йолчу кхело.
Колонехь волчу Навальныйн могушалла цIеххьана эша йоьлла. Зазадокху-беттан чакхенера схьа дуьйна мацалла ю цо кхайкхийна: лоьраш шена тIе ца битарна. Оппозиционеран агIончаша дийцарехь, "ледара" хьал ду цуьнгахь.
Охан-беттан 10-чохь Москварчу Iилманчас-биолого Формозов Николайс мацалла кхайкхийра Навальный Алексейца цхьана.
ХIетахь дуьйна мацаллин акцех дIакхетта мел лахара а 30 стаг. Оьрсийчоьнан а, дуьненан а кеп-кепарчу гIаланашкара нах бу уьш - Владивостокера Вене кхаччалц,
Оцу юкъанна, Навальныйн федералан штабо дIахьедина, Охан-беттан 21-чохь политик маьрша ваккхар тIедожош, йоллу Оьрсийчохь, иштта Къилбаседа Кавказехь а цхьана акцеш дIахьуриг хиларх. Цул тIаьхьа Ростов гIаларчу Навальный штабан координаторан цIа баьхкинера полисхой.
