Дийнахь-буса коронавирусах 23 стаг велла Къилбаседа Кавказехь. Цомгуш хилла кхин а 333
ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь COVID-19 цамгар кхетта хиларца билгалбевллачу нахах велла 23 пациент, и цамгар карийна кхин а 333 стагехь.
Iедалера болчу хаамашца, Краснодар-махкахь 12 дархо велла, Ставропол-махкахь – 5, Адыгейхь – 2, ГIебарта-Балкхаройчохь, ГIалмакхойчохь, Дагестанехь, Нохчийчохь официалехь велла цхьацца вахархо. Пандеми кхайкхийчхьана схьа Къилбаседа Кавказехь уьнах велла 9 222 стаг.
Краснодар-махкахь бу дархой массанхьачул дукха, массанхьачул кIезиг бу уьш Къилбаседа ХIирийчохь.
Краснодар-мохк + 104 (45 082 пандемин ерриг хенахь)
Ставропол-мохк + 101 (52 723)
Дагестан + 40 (32 158)
ГIебарта-Балкхаройчоь + 25 (23 663)
Кхарачой-Чергазийчоь + 13 (20 009)
Адыгей + 11 (14 384)
Нохчийчоь + 10 (11 955)
ГIалгIайчоь + 10 (15 386)
ГIалмакхойчоь + 10 (20 374)
Къилбаседа ХIирийчоь + 9 (16 687)
Таханенна Къилбаседа Кавказехь COVID-19 хааелла 252 421-зза. Ерриг а Оьрсийчохь Охан-беттан 26-чу денна и терахь ду 4 771 372*.
*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чулоцу аннекси йинчу ГIирмера хьал.