smi24.net
World News in Chechen
Апрель
2021

Кадыровн закъалтIехь. Нохчийчу буьтур буй-те арахьара бакъонашларъярхой?

0
Дуьненаюкъара вовшахтохараллаш юкъаозо езара Нохчичохь адамаш тIепаза дарца йоьзна проблема дIаяккха аьлла, хьахийна Оьрсийчуьрчу бакъонашларъярхоша. Бахьана ду дуккха а нехан синтем байна дуккха а адамаш дайар 2017-чу шарахь.


Дукха хенахь дуьйна лаьттачу хаттарца доьзна оцу кепара сацам кховдийна "Мемориало" (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн тептара язйина "Мемориал", амма и статус шена тIе ца эцна "Мемориало" – редакцин билгалдаккхар). Бакъонашларъярхоша дехар дина Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле Оьрсийчоьнна гайтахьара аьлла оцу территорина тIехь (Нохчийчоьхь) лаьтта кризис дIаяккхар Iалашонца яккха езаш йолу ши гIулч.


Мемориална" хетарехь, республикехь а, ерриг а Къилбаседа Кавказехь а адамаш лечкъорца а, царна тIехь Iазап латторца а доьзна хьал хийца Оьрсийчоьно гIо деха деза лоруш йолчу дуьненаюкъарчу органе, тIеман конфликташ хилар а, адамийн бакъонаш йохорна а лар йоцуш байна нах лахарехь зеделларг долчу.


Масала, хьахийначерех бу Дуьненаюкъарчу ЦIен ЖаIаран комитетан говзанчаш а, лар йоцуш дайна адамаш лахарехула йолчу Дуьненаюкъарчу комиссин белхахой а, Аргентинера кхелан антропологин тобанан говзанчаш а.


ШолгIа гIулч яккхар санна эксперташа кховдийнарг ду Къилбаседа Кавказе Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовозатохараланн нуьцкъала я шен лаамехь байна боцучу тепаза байначу нахехула йолу белхан тоба йитар а, и говзанчаш цигахь хиллачул тIаьхьа цара дан деза аьлларг кхочуш дар а.




Нохчийчохь дуккха а адамаш дайъарца йоьзна инцидент хилира 4 шо хьалха. "Новая газето" бинчу хаамца, иттаннаш адамаш дайъинера республикехь 2017-чу шарахь Дечкен-беттан 25-чара 26-чу буса. Цулла хьалха, хууш ма хиллара, кегийрхойн тоба тIелетта хиллера полисхошна 2016-чу шеран ГIуран-баттахь. Оцу тIелатарна жоп делира Нохчийчоьнан Iедалша, дуккха а кегийрхой дIалецарца.


Газето яздарехь, верриг а 2016-чу шеран ГIуран-баттахь а, 2017-чу шеран Дечкен-баттахь а лаьцнарг вара лаххара а 200 стаг. Царах цхьаберш дIахийцира. Цхьана декъе тайп-тайпана бехктакхамаш кховдийра. КоалгIа дакъа лар йоцуш дайра. Иза хиллачул тIаьхьа масех бутт баьлча 2017-чу шеран аьхка "Новая газето" тептар арахийцира, Нохчийчохь цхьа а бина таллам а, йина кхел а йоцуш, вийначу 27 жимачу стеган цIераш а, фамилеш а ялош.


Оьрсийчоьнан Федерацехь нийсонца кхел ца карийначу лар йоцуш вайна волчу 8 жимачу стеган гергарнаш Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле бевлира. Оцу кхело талла дагахь тIеийцира латкъам, ткъа стохка оцу гIуллакхехула жоьпаш лохуш хаттарш хьажийра Оьрсийчоьнан Iедале а, и латкъам биначаьрга а. Кхушара Оханан-баттахь латкъам бинчеран "Мемориалерчу" векалша шайн жоьпаш дахьийтира Европан адамийн бакъонашкахула кхеле. Царна хетарехь, хилларг тIечIагIдеш гулйина база цкъа а хилла доцу хIума ду, цо шеко йоцуш тоьшалла до Iедалш декъа хиларна Нохчийчуьра бахархошна тIехь Iазап латторна а, уьш байъарна а.


Ша аьлча, уьш тIетевжина №2 йолчу Кадыров Ахматан цIарахчу патрулан-постан полкан серанта Гезмахмаев Сулеймана динчу тоьшаллашна. Цо дийцинера журналисташка нах байъар муха хилира: жимачу нахана герз муха диттира, муха садукъийра церан, спортан муш логахах а хьерчош.


Гезмахмаевс йийцира лецна хиллачу нехан цIераш, иза вара царна ха дан хIоттийна хилла. Лаьцначул тIаьхьа дийна бисначара дийцарехь а, ткъа иштта нохчийн хилла волчу полисхочо динчу тоьшаллашца а, полкан подвалан чохь хилла бу оцу тептарехь вийна аьлла вуьйцучу 27-х цхьаберш.




Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхелан хаттаршна деллачу жоьпехь Оьрсийчоьнан Iедало кхетадо Нохчийчохь наха лар йоцуш барах лаьцна, уьш Шема ,дIабахна хиларца. Латкъам бинчара чагIдо байна нах Оьрсийчуьра арабевлла хиларан цхьана а тайпа тоьшалла ца хилар. Оцу нехан махкахволу паспорташ а ца хилла. Ткъа цхьаболчера цу тайпа паспорташ цIахь ду. Iедалан позицин бухехь ду Дасаев Iимара а, Патаев Саламбека а дина тоьшаллаш, амма бакъонашларъярхоша чIагIдо, нохчийн полицино и шиъ а латтийна хилар оццу подвалехь. ТIаьхьо Дасаев а, Патаев а юхавелира шаьшшима шайна тIехь ницкъ бина динчу тоьшаллех. 


Латкъам биначара доьху Европан адаман бакъонашкахула йолчу кхеле Оьрсийчоьнан Iедалша Европан адамийн бакъонашкахула йолчу Конвенцин цхьанаметта 4 артикл талхийна хилар ларар: адаман даха бакъо хилар, Iазап латтор дихкина хилар а, нийсонца кхел ян бакъо хилар а, эвсаре ларвалан аьттонаш барца йоьзна бакъо хилар а. Бакъо санна лоруш ду, цу кепара къепе йохораш бух хилар бехктакхаман гIуллакх доло а, адамаш лар йоцуш дар хьокъехь леррина таллам бан безаш хилар а.


Амма латкъам бинарш шеко йолуш бу Оьрсийчоьнан Iедалийн оьшуш ма хиллара реакци хир ю бохучух, цундела цара Европан адаман бакъонашкахула йолчу кхеле кхайкхам бина, Оьрсийчоьнан Iедашка кхайкхам бахьара аьлла, лечкъийна нах лаха а, уьш лечкъор сацадайта некъаш лаха а дуьнентIехь а лоруш йолчу дуьненаюкъарчу вовшахтохараллашна гIо дайта.




Нохчийчохь Дечкен-баттахь 2017-чу шарахь дуккха а адамаш дайъар доцург бакъонашларъярхой саготта бу дуккха а Нохчийчуьрчу полисхойн карахь болчу республикерчу кхечу бахархойн кхолламана. Кхушара Оханан-баттахь Францин Iедалша шайн махкара араваьккхина Оьрсийчу дIахьажира Нохчийчохь вина а, ваьхна а волу Гадаев Мохьмад. Дукха хан ялале иза лецира, цо низам а дохош герз латтийна хилла аьлла бехке а вина. Иза дIавигира Нохчийчу. ХIинца нохчийн полицино видеороликаш гойту, Гадаев гIоза-декъал хилар гойтуш, амма цхьа а вац цунна тIевуьтуш.


Бакъонашларъярхоша билгалдоккху, хьалха цу кеппара роликаш гойтуш хилла хилар кхечу лечкъийна болчу нохчех лаьцна а, масала, Тепсуркаев Салманах а, Бакаев Зелимхах а. Оцу видеороликийн турпалхой мичахь бу хууш дац хIинца а, ткъа цхьаболу эксперташ шеко йолуш бу, уьш хIинца а дийна бу бохучух.


 




Кхузаманахьлерчу Нохчийчохь хуьлучо гойтуш ду, стагана лар йоцуш ван оьшуш ца хилар Iелшна герзаца дуьхьаллатта. Наггахь уьш бу, республикан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна цхьацца бахьанашца "нийса" ца хета лелар долу могIарера бахархой.


Ткъа "нийcачуьнан" чулацам цхьана стагана шена хетарг а бен нислуш цахиларна, ма-дарра аьлча, Нохчийчоьнан берриг а бахархой бу шайн-шайн декъана цуьнан закъалтIехь. Ткъа иза хуьлуш ду Москвано бакъо а луш, тоъал ахчанца гIортор а еш.


Цундела, тамаша бу, Оьрсийчоьно дуьненаюкъарчу вовшахтохараллашна оцу территори тIехь адамаш лечкъорца а, уьш лар йоцуш дарца а йист яккха бакъо лахь. Делахь а, дуьненаюкъаралле бечу кхайкхамаша гIо дан мега Москвана Iаткъам бар алсамдаккха а, Нохчийчохь цхьацца дикачу агIор хийцамаш хилийта а.




 






Росгвардия обеспечила безопасность футбольного матча в Дагестане

Росгвардия обеспечила правопорядок на футбольном матче «ЦСКА» - «Краснодар» в Москве

В Подмосковье сотрудники Росгвардии провели встречу со студентами финансового университета

В Подмосковье сотрудники Росгвардии провели встречу со студентами финансового университета


Лучшие каратисты со всей России собрались в Екатеринбурге

Экскурсия для студентов прошла в «Маринс Гранд Отель Астрахань»

Лучшие каратисты со всей России собрались в Екатеринбурге

Радио – всегда локальное медиа


Premier League clubs showing frustration over secretive Manchester City trial

New $100M DOJ lawsuit details the 'unseaworthy' condition of the ship behind Baltimore bridge collapse

Russia to finance encyclopedia of Islam

Rangers Star Insists ‘Some Moments’ Have Showed Gers’ Quality


Военные следователи провели рейд по бывшим мигрантам в Феодосии

Загоралось утро....

Обновление Winlogon в RooX UIDM: адаптивная многофакторная аутентификация и брендирование

Осенний вечер на озере...


Эти игры настолько сложны, что доведут вас до безумия

The Sims Project Stories будет новой мобильной игрой вместо Project Rene

Microsoft's recyclobot uses machine learning and computer vision to open and recycle 90% of hard drive components

Rise of Eros 3.0.200



Родители 317,2 тыс. детей в Московской области получают единое пособие

Фестиваль «Большая сцена» приглашает к участию талантливых людей со всей России

Росгвардия обеспечила правопорядок на футбольном матче «ЦСКА» - «Краснодар» в Москве

Соцфонд проиндексирует пенсии работающим пенсионерам в феврале


На полтора месяца. Суд арестовал 30 участников перестрелки у офиса WB

Росгвардия обеспечила безопасность футбольного матча в Дагестане

Обвиняемый в убийстве Бакальчук заявил, что его отпустили домой

В трех онлайн-кинотеатрах выйдет сериал от Первого канала


Правоохранители провели обыски у мужа основательницы Wildberries Бакальчука

Музыкальный символ страны: оркестр имени Осипова отмечает 105-летие

Лавров: президент Путин шутил о «поддержке Харрис»

Лавров: У РФ есть вооружения, которые будут иметь серьезные последствия для Запада


Касаткина вышла в 1/4 финала турнира WTA в Сеуле

Касаткина о допинговом деле Синнера: «Я верю, что он невиновен.

Марии Шараповой завидуют все русские женщины. И вот почему

Полина Кудерметова одержала первую победу в карьере над игроком из топ-50 рейтинга WTA


"БЫЛА В СОЗНАНИИ МИНУТ ПЯТЬ, ПОТОМ ВСЁ": МИГРАНТ ПРИНЁС ГОРЕ В СЕМЬЮ "ЗОЛОТОГО КОРОЛЯ" ЯКУТИИ

Бакальчук сообщил детали предложенной сделки до слияния Wildberries и Russ

Покупательные настроения усиливаются

Рабочую встречу тренеров провели в спортивной школе «Метеор» в Балашихе


Музыкальные новости

Московский джазовый оркестр Игоря Бутмана отметит юбилей в Театре Эстрады!

Певица Mary Gu вышла замуж за солиста группы Wildways Анатолия Борисова

В Республике Таджикистан стартует проект «Русский язык: читаем, слушаем, смотрим в странах СНГ»

8 и 9 октября в Петербурге выступит Большой симфонический оркестр имени П.И. Чайковского


Родители 317,2 тыс. детей в Московской области получают единое пособие

Соцфонд проиндексирует пенсии работающим пенсионерам в феврале

Фестиваль «Большая сцена» приглашает к участию талантливых людей со всей России

Росгвардия обеспечила правопорядок на футбольном матче «ЦСКА» - «Краснодар» в Москве


В Подмосковье сотрудники Росгвардии провели встречу со студентами финансового университета

В Подмосковье сотрудники Росгвардии провели встречу со студентами финансового университета

8 и 9 октября в Петербурге выступит Большой симфонический оркестр имени П.И. Чайковского

«Граф Монте-Кристо» выходит в России при поддержке Relax FM


Ветеран войск правопорядка принял участие в мотопробеге «Наследники Победы в строю! Навстречу 80-летию Великой Победы»

Столичные росгвардейцы задержали автомобиль, находящийся в розыске 

На новые авто — ставки ниже. «Выберу.ру» составил рейтинг лучших автокредитов в сентябре 2024 года

Источник 360.ru: в Москве произошло смертельное ДТП с мотоциклом и легковушкой


Иван Дроботов: «Молоток — неподходящий инструмент решения политических конфликтов»

Лавров: Путин пошутил, говоря о поддержке Харрис на выборах президента США

Лавров заявил об отсутствии у Москвы предпочтений на выборах президента США

Кремль сообщил о подготовке выступления Путина на РЭН



Иван Дроботов: «Молоток — неподходящий инструмент решения политических конфликтов»


Пластический хирург Александр Вдовин: мифы вокруг операции по удалению комков Биша

Кардиолог Серебрянский рассказал, какие продукты повышают риск развития тромбоза

Подросток на спор съел головку чеснока и попал в реанимацию в Москве

Роль питания в управлении здоровьем обсудят на форуме OpenBio-2024


Глава МИД Польши попытался оправдаться за свои слова про Крым

Трамп и Харрис говорят Зеленскому «может быть»: неопределенность места встречи унизительна для Киева

Глава офиса Зеленского ответил на предложение министра иностранных дел Польши по


Офицер Росгвардии спас жизнь мужчине в Москве

Росгвардия обеспечила безопасность футбольного матча в Дагестане

В Москве росгвардейцы приняли участие в обеспечении безопасности во время проведения спортивных мероприятий

Естественный отбор технологий: в Москве пройдет отборочный этап чемпионата «Битва роботов»


Лукашенко заявил о намерении разочаровать международных наблюдателей на выборах


МСД вошел в тройку самых популярных магистралей Москвы – Сергей Собянин

Сергей Собянин: Стремимся быть самыми лучшими по всем направлениям

Сергей Собянин: МСД улучшил транспортное обслуживание 5 млн человек

Собянин: Гранты города помогают НКО в реализации социально значимых проектов


В МГРИ стартовала программа по изучению изменений климата и экологии

На севере Москвы жители стали дежурить по ночам из-за незаконной вырубки деревьев

Экологическая симфония: названы лауреаты Премии ECO BEST!

В Московской области сотрудники Росгвардии приняли участие в экологической акции


Передовые проекты. Названы первые финалисты премии «Приоритет-2024»

Волшебная соль: за что мага Кашпировского обвинили в мошенничестве

Рабочую встречу тренеров провели в спортивной школе «Метеор» в Балашихе

"БЫЛА В СОЗНАНИИ МИНУТ ПЯТЬ, ПОТОМ ВСЁ": МИГРАНТ ПРИНЁС ГОРЕ В СЕМЬЮ "ЗОЛОТОГО КОРОЛЯ" ЯКУТИИ


Ликсутов: Рублёво-Архангельская линия метро создаст новые связи на северо-западе Москвы

ТСД SAOTRON RT41 GUN: практичный, производительный, надёжный

У станции «Бульвар Генерала Карбышева» появится множество зеленых насаждений

Территорию у метро «Бульвар Генерала Карбышева» ждёт масштабное озеленение


Акция-призыв «Посмотри, как хорош мир, в котором ты живешь».

Час исторической славы «Сказание о битве Куликовской»

Презентация экстравагантного учебника по журналистике прошла в Крыму

Беседа «Я в мире денег».


Видео 360.ru: началось заседание по делу о нападении на офис Wildberries

TerraMaster представляет на российском рынке 9 новых моделей NAS с системой TOS 6

В Москве в Хорошево не все хорошо

У манула Тимофея в Московском зоопарке началась зажировка к зиме














СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *