Лечкъийна блогерш Исаев а, Магомадов а лаьцна кхаба сацам бина Нохчийчохь кхело
Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело низамехь лору оппозицехь долчу Osal Nakh 95 телеграм-каналан модераторашна, I8 шо долчу Исаев ИсмаьIална а, 20 шо долу Магомадов Салахьна а лаьцна кхобу хан дIаяхъяр. ТIемалошна гIодарна бехкево и шиъ.
Бутт хьалха, Зазадоккху-беттан 21-чохь, Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело аппеляци луьстуш, юхаяьккхира Исаев лаьцна кхаба къастийна кеп, амма Старопромыслан кIоштан кхело шеггара дIаяхйина иза лаьцна латто мега хан, билгалдоккху "Медуза" портало, Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машанна тIе а тевжаш (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн могIара язйина"Медузу" – ред.)
Блогерийн адвокаташа бахарехь, процессуалан низам талхадо хьоло: Исаев лоцуш Старопромыслан кIоштарчу кхело юьхьараэцна мехкан Лакхарчу кхело юхабаьккхина болу сацам. Иза лаьцна латто къастийна хан Охан-беттан 7-чохь чекхъяьлла, адвокаташа Соьлжа-ГIаларчу талламан №I изоляторе дехна жима стаг маьршаваккхар.
2020-чу шеран Товбецан-баттахь "Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машано" гIодира шина вешина Нижний Новгородехь дIатарвала. Уьш дагахь бара Оьрсийчуьра дIабаха, амма ца кхиира. Масех де делира вежарий болу меттиг ца хууш, амма тIаьхьо карийра Нохчийчуьрчу талламан изоляторехь. Террорхошна накъосталла дина аьлла, лецира и шиъ.
Зазадоккху-бутт боьрзуш "Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машано" дIахьедира, вежаршна Магомадовна а, Исаевна а гергарчара кхерамаш туьйсу аьлла. Ткъа гергарчара видео чухула дIахьедира, шайн талламчашка претензеш яц, амма шайна ца тов бакъоларъярхоша а, журналисташа а вежарех «гей» алар, иза шина кIантанна "дикридитаци еш яржийна компани" ю, аьлла.