"ОВД-Инфо": Навальныйгахьа йолу акцеш йирзича лаьцна 115 стаг
Навальный Алексейн агIолоцуш Охан-беттан 21-чохь Оьрсийчоьнан цхьамогIа гIаланашкахь хIиттина акцеш йирзинчул тIаьхьа деъначу кIиранна чохь полицино 23 гIалахь лаьцна лаххара а 115 стаг. Оцу хьокъехь хаам бо "ОВД-Инфо" ресурсо. Лаххара а пхеа журналисте хеттамаш бина къепелатторан урхаллийн белхахоша.
Еккъа цхьана Москвахь лаьцна 58 стаг – ша акци йоьдучу дийнахь лецначу нахал а дукха бу уьш. Нижний Новгородехь лаьцна 11 вахархо, Пермехь, Хабаровскехь – итт-итт.
Полицино дукха хьолехь акцешкахь дакъалаьцна хиларх шеко йолу нах лоьцу сатоссуш я сарахь, уьш балхара цIабоьрзучу хенахь. Иштта лаьцна, масала, Оьрсийчоьнан пачхьалкхан гуманитаран университетан (РГГУ) профессор Агаджанян Александр. Астма лазаро лаьцна а волуш, буьйса яьккхина цо полицехь. Охан-беттан 27-чохь кхело гIуда тоьхна цунна 20 эзар соьманна.
Лоьцучарна бехкедо магийна йоцчу акцехь дакъалацар, тоьшаллина юьхьаръоьцу видеокамерийн гайтамаш я социалан машанашкахь пост хIоттор а, репост яр а. Москварчу кхелийн сайташа зорбане яьккхинчу информацица, Охан-беттан 22-чу дийнахь дуьйна низамехь йоцчу акцешка бахарна кхелашка листа хьийсийначу нехан гIуллакх ду 183. Дукхаберш я лецна, я гIуданашна бухабахийтина, боху бакъоларъярхоша.
Цул совнах, Охан-беттан 21-чохь акцешкара хаамаш беш Iийначу лаххара пхи журналист волчу а кхаьчна полици - "Дождь", "Комсомольская правда", "Эхо Москвы", RTVi, "Медуза" (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн могIара язйина ю "Медуза") редакцийн корреспонденташ бу уьш.
Охан-беттан 21-чохь набахтехь кхобучу Навальный Алексейна гIело яр дитар, цунна тIе лоьраш кхачийтар доьхуш акцеш хIиттира Оьрсийчоьнан гIаланашкахь. Уьш йирзича, чоьхьарчу гIуллакхийн министралло а, бакъоларъечу хьукматаша а билгалдаьккхира лецна нах, хьалха хIиттийначу барамийн тIаьхьалонца дуьстича, кIезиг хилар. Амма пIераскан дийнахь дуьйна полисхой боьлла нехан цIехьа эха, акцийн декъашхой я агитаторш шаьш лоручу наханна протоколаш хIитто.
ДIадахначу мукъаденошкахь Навальный агIончех ворхI стаг ву лаьцна я гIуданаш диттина, аьлла, хаам баьржира хьалхо.