Олимпиадехь борзанан мидал яьккхина Нохчийчьура латархо реза вац суьдхойн сацамна
"Хьалхара раунд [суьдхоша] суна йитира. ШолгIаниг, хIаъ ялийтахьа цунна, - билгалдаьккхина латархочо. - КхоалгIачу раундехь, суна хета, айса дуккхазза а цунна йиттира аьлла. Сох уьдуш ма лийлира иза", - далийна Хатаевн дешнаш "Спорт-экспресс" ресурсо.
Зорбано билгалдаккхарца, Хатаев лата юкъаваьллера, стохка Дечкен-баттахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн финансийн министралло санкцеш тоьхначу, нохчийн латархой "Ахмат" клубан гимнаца. Адамийн бакъонаш йохочарна тIехь терго латточу Вашингтоно "Магнитскийн тептаран" буха тIехь дуьхьал йохуш ю и санкцеш.
"Со сайна реза ву. Толам баккхархьама сайга мел далург дира ас аьлла хета суна. Олимпикан ловзарш ду уьш, уггар а лакхара тIегIа ю иза. Со кхеташ вац, Олимпиадехь оцу тайпаниг муха хир ду", аьлла Новости агенталле Хатаевс.
Хатаев Имам – латархо-марзвелларг ву, юккъерчу йозаллин категорехь тасалуш волу. Оьрсийчоьнан спортан говзанча а, чемпион а ву иза, Олимпиадехь дуьххьара дакъалоцуш а ву.
Коронавирусан пандеми бахьана долуш стохка юкъахдевлла Олимпиадин ловзарш карарчу беттан 23-чохь дуьйладелла Японин коьртачу шахьарахь Токиохь.
Маршо Радионо яздира, Товбеца-беттан 28-чохь Гуьржийчуьрчу ПаьнкIазара схьаваьлалчу, Австрин цIарах Токиохь дIахьочу Олимпиадехь тасавеллачу 26 шо долчу Борчашвили Шемала борзанан мидал яьккхина 81 килане кхаччалц йолчу йозаллин категорехь.
