Зеленский: ГIирма "цкъа а хир яц оьрсийн территори"
ГIирмах лаьцна дуьйцуш йолу видео зорбане яьккхина Зеленскийн телеграм-каналехь. "Оккупаци йинчу нахана цкъа а езар яц ГIирма, тхуна иза ма еззара", аьлла Украинин президента. Цо юха а билгалдабккхина ГIирма шайн латта хилар, ша жима волуш цига эхар дага а доуьйтуш.
"Иза церан латта дац, церан тIаьхьенаш кхуьур яц кхузахь. Церан бераш кхузахь дац. Уьш лийр а бац тхан латта бахьана долуш. Иза цкъа а хир яц оьрсийн территори. Хир яц-кх иза цкъа а", - дIахьедина Зеленскийс.
Цо дийцарехь, Оьрсийчоьнан Iедалийн аьтто хир бац истори юхаязъян. Масала, ГIирмера гIезалой цкъа а реза хир бац анекси ярна. Украинин президентана хетарехь, ГIирмин бахархой мацца бирзина а "шайн цIа боьрзур бу".
ГIирмина аннекси йира Оьрсийчоьно 20I4-чу шарахь Зазадоккху-баттахь. Украинехь президентан Янукович Викторан Iедал дохийначул тIаьхьа Оьрсийчоьно эшен эскарш хьажийра цига. ТIеман ницкъаша урхалла а деш, шех дIатохарх лаьцна референдум йира ГIирмехь Оьрсийчоьно.
Зеленский Владимира дуккхазза а дийцина ГIирмах лаьцна хаттар дIадирзина ца хиларх лаьцна. Оьрсийчоьнан Iедалша дIахьедарш до ГIирма хьена ю боху хаттар дийцаре дийр доцуш дIадерзийна хиларх лаьцна. Иза шегара дIайоккхур йоцу территори хета Оьрсийчоьнна.
