Мехкан куьйгалхо хоржучу юкъанна "антифейкан тобанаш" хир ю Нохчийчохь
"Антифейкан тобанашка" волонтераш бу оьцуш аьлла, дIакхайкхийна Нохчийчохь меттигерчу "Молодая Гвардия Единой России" партино. "Чечня Сегодня" хаамийн гIирсо яздарехь, "харжамхойн каппашкахь къепе йохийна меттигаш гучубаха беза" волонтерийн. ХIинцале а 56 стаг чекхваьлла харжарх.
Уьш кечбийр бу шен-шен дакъошкахь: "комментаторш, мобилан тобанаш, интернет-аналитикаш, тергамчаш", аьлла билгалдаьккхина публикацехь.
"ХIуъа дай а" совцабе интернетехь "эладиташ" даржон нах аьлла, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана кхайкхам бинчул тIаьхьа онлайн- жигарлла эвсаръяьлла Нохчийчохь цIеххьашха. Масала, 2018-чу шарахь бакъоларъяран "Агора" тобано оцу кепара низамаш дохийна 12 меттиг билгалбаьккхира, 2019-чу шарахь - 23, стохка - 66.
2015-чу шарахь дуьйна болх бан йолаелла Нохчийчохь "троллийн фабрика". Йолчу информацица, "интернет-боташ" болх беш бара "Грозный-сити" олучу комплексан 1-чу гIат тIехь.
Гезгмашин-баттахь куьйгалхо хоржур ву Нохчийчохь а. Тахана Iедалан мукъ шегахь болу Кадыров Рамзан воцуш, кепанна билгалваьккхина кхин а ши "къовсамхо" ву цуьнгара дарж дезаш – компартин векал, мехкан парламентан депутат Нукаев Халид а, шен Кадыровн администрацин куьйгалхочун гIовс Хаджимурадов Iиса а. Нах, церан гIулч къобалъеш, интернетехула шайн баккхийбер къадо боьлча, Хаджимурадовс сиха дIакъевлира шен Инстаграм машанера агIо.
Къилбаседа Кавказехь цхьана Нохчийчоьно бен ца хоржу шен куьйгалхо халкъан харжамашкахула. Республикийн куьйгалхой билгалбевр бу иштта Дагестанехь а, Къилбаседа ХIирийчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а – амма уьш хоржур бу меттигерчу парламенташа. Парламенте депутаташ бу хоржур болуш Адыгейхь а, Дагестанехь а, ГIагIайчохь а, Нохчийчохь а. Низамийн кхеташонашка векалш хоржуш хир ю оцу деношкахь шахьарш: Нальчик, Ставрополь, Соьлжа-ГIала.