Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Октябрь
2021

"Иза ейтинарш маьрша бисна". 15 шо кхаьчна Политковская Анна йоцу

0

2021 шеран ГIадужу-беттан 7-чу дийнахь 15 шо кхаьчна "Новая газетера" журналист Политковская Анна йийна. Редакцехь хIиттийра дагалецаман барамаш, Москвана юккъехь дина иккхина бохам бовзуьйтуш гайтира "Муха йийна Анна" фильм. Оцу зуламца доьзна масех стаг набахте хьажийнехь а, бехктакхаман гIуллакх дирзина аьлла ца хета Политковскаян коллегашна. Зулам дайтинчийн цIераш хIинца а яц яьхна. Ткъа тахана чекхъяьлла низамо бекхамна къастийна хан.

Политковская Анна, йина масех герзан чов а йолуш, йийна карийра Москварчу Лесная урамерчу шен доьзалца ехачу цIийнан учахь ГIадужу-беттан 7-чохь. Журналист лифт чуяьлча тоьхна цунна некхах герз, тIаккха коьртах. ДIатесна Макаровн тапча карийра лифта чохь.

Зулам таллар шен тергоне ийцира хIетахь Оьрсийчоьнан инарла прокурора Юрий Чайкас. Москван прокуроран гIовса Росинский Вячеслава бохура, талламан версешлахь ду Политковская "ша бечу балхаца доьзна леррина йийна хилар".

Масех стаг лецира. 2009 шарахь кхелкъасторхоша бехказбехира массо а лецнарш, амма тIаьхьо Лакхарчу кхело юхабаьккхира сацам, юхаталла хьажийра дов, масех шаре елира процесс. 2014 шеран Мангал-беттан 9-чу дийнахь тIаьххьара а Москва гIалин кхело оьмар кхачаяллалц набахте валлон кхачийра Нохчийчуьра Махмудов Рустам а, зулам кхочушдинарг а, дан нах вовшахтоьхнарг а лору криминалан авторитет Гайтукаев Лом-Iела а. 2017 шеан Мангал-баттахь иза кхелхира набахтехь.

Милцо Iийна Хаджикурбанов Сергей бехкевира Политковская юьйш юкъарлонехь лелла хиларна, 20 шо туьйхира цунна. Зулам дечунна хьал довзуьйтуш, Политковская тергалъеш леллачу шина вешина, МахмудовгIарна – ИбрахIимна а, Джабраилна а – кхайкхийа набахтехь такха 12 а, 14 а шераш. 

Хьалхо оццу зуламан декъашхо хиларна, журналист тергалъеш дакъалацарна 11 шо хан туьйхира Москвахь милицехь болх беш хиллачу Павлюченко Дмитрийна.

Чубоьхкинчара зулам стенна дина къастонза дисина, билгалдохура адвокаташа. Цул сов, адвоката Мусаев Мурада дуккхаза а бехира бехккъасторхошка, видеокамераша гойту стаг тера вац кхело герз тохарна бехкевечу Махмудов Рустамах.

Зулам дан нах арабаьхнарг мила ву кхеташ дац тахана а. "Новая газетера"

Политковская Аннин коллегаш тешна бу хилларг Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца дозуш ца хуьлийла дац бохучух. Йийначу журналистан дукхахйолу репортажаш яра Нохчийчохь адамийн бакъонаш талхорах лаьцна.

"Новая газетин" информацица, газетанна зуламах лаьцна хаам бан гIиртира Нохчийчьура федералан эскархо-эпсар Ямадаев Сулим, амма ца кхиина – Дубайхь вийра иза 2009 шарахь. Цуьна ваша вийнера шо хьалха Москван центрехь. "Восток" батальонан коьртехь хиллачу вежарша ЯмадаевгIара дина хила тарло зулам, бохуш, хьехийра уьш адвокаташа кхелехь. Политковскаяс церан бизнесах йозу къайленаш хьейора, цара бекхам бина хила а мега цунна, бохура. 

Талламан комитетан официалехь векал хиллачу Маркин Владимира, зулмхойх дIатухуш, масийттаза хьахийра велла волу олигарх Березовский Борис. "Березовскийна гонахарчу дукха нахаца къамелаш дина талламчас, массара а санна билгалдаьккхина Березовский Борис Абрамович Политковскаян балханна чIогIа  резавацара, аьлла. Журналистна ша магийра Нохчийчоьнан тема хьеян, дуьйцура Березовскийс", – яздина шен "Оьрсийчохь XXI бIешарахь дина уггаре даккхий зуламаш" цIе йолчу книги тIехь Маркина. Амма Политковскаян доьзало а, коллегаш а аьшпаш лору и верси.

 

"Новая газетин" коьртачу редактора Муратов Дмитрийс дийцира, коллегашна муха дагалоцур ю 15 шо хьалха шайна юкъаръяьккхина Политковская Анна:

– Политковская Аннин хьомара лаборатори ю оха схьайоьллуш цуьнан 307-чу кабинет чохь, даима а лаьттара иза йолчу кхача, цуьнагара гIо оьшуш де эшначийн могIа. Оцу чохь оха гойту муха теллира зулам: муьлш бара иза йийнарш, зулм кхочушдинарш, юкъалелларш, зулам кечдинарш, церан суьрташ, цаьргахь хилла герз. Тхуна мехала ю и чоь, оцу чохь Анна Iийна хиларна. Цуьнан компьютер чохь ца хеддаш лаьтта муьлтимедиа цхьацца гайтамашкахь, суьрташца, хIара цуьнан белхан меттиг ю, стоьла кIел цо хуьйцуш лелийна мачаш ю. Цул сов, сан стоьла тIехь ю хIинцца "Новой газетин" редакцино арахоьцуш йолчу "ХIун динчунна?" книгин экземпляр. Цо гIеххьачул жоп ло, стенна йийна иза бохучунна. Цуьнан репортажех, талламах лаьцна ю книга, дешахьалхе язйина Аннин бераша – Илюшас а, Верас  ПолиткоскийгIара.

Кестта оха "Новая газетин " ютьюб-канале хIоттор ю "Муха йийра Анна" фильм. Йовзанза йисина дуккха а информаци ю оцу чохь талламах а, Аннин тIаьххьарчу денойх а лаьцна. И фильм редакцино, тхан видеостудино кечйина, режиссер ю хьомсара Артемьева Анна, монтаж йина Сахарнов Кирилла. Иза тхуна беза хилам бу.

 

 

–​ Политковская Анна ейтинчийн цIерш цкъа мацца а йохур ю бохучух теший шу? Таллам дIабахбаре дог стенна доху аш, иза стенна оьшу хьуна а, хьан коллегашна а?

– Политковская ерах болу таллам дIабахьа кхачош йолу зама редакцина цкъа а кхачор яц. 15 шо хьалха, иза йийча, президента элира, иза ейтинарш схьакаро безаш бу. Делла дош кхочушдан деза. Ас официалехь хаттар хьажийра Талламан комитете, лохуш буйла хаа лууш зулам дайтинарш, соьга таллам бирзина бац, дIахьош бу, аьлла. Цундела кхузахь тешар я цатешар дац, менеджментах хьакхалуш ду.

–​ "Новой газетина" мел еза ю Политковская Анна, мила ю иза Оьрсийчоьнан журналистиканна, Оьрсийчоьнан юкъараллина? Иза йийна 15 шо даьлча къастабойла дуй зуламан мах, олийла дуй хIун эшам хилла Оьрсийчоьнна?

– Оьрсийчоьнан литература а, журналистика а – уьш кIоргга хиламашна юкъайоьлла ю, юкъахь дакъалоцуш а, хийцамашца цхьаьна хицалуш а ю. Оцу хьолах "хийцамийн ницкъ" аьлла философа Мамардашвили Мераба, дахар дикачу агIор хуьйцу гIирс бу иза. Политковская яра и гуманизман некъ гойтучех. Иза вуно чIогIа тIегIертара шегара гIо оьшучу наханна. Иза наггахь бен нислуш йоцу йист ю журналистиканий, бакъоларъярхочун декъанний. Оцу маьIнехь иза, соьга хаьттича, хьалханча яра, – боху "Новая газетин" коьртачу редактора Муратов Дмитрийс.

 Политкрвская Аннин доьзалан адвоката Ставицкая Аннас, журналист ерах долчу девнна тIе тIаьххьара тIадам биллина бац, боху:

– Ас дукхазза а хазийна эшам хиллачу агIонан позици – Политковская Аннин бераша бохург. Цара кхеттош дIаьалла, талламан жамI кхоччуш гучудаккханза ду, уьш реза хир бу цунна, нагахь санна церан нана ейтинарш схьакарабахь. Зулам дайтинарш маршонехь беха, таллам цхьана меттехь лаьтта, бехкенаш берраш а бац гучубаьхна. Кхеле "Новая газето" а, зен хиллачара а Iорабаьхна нах бен ца кхаьчна. Хьалхарчу кхелехь зуламхой Павлюченков а, Гайтукаев а бехк тIебаьхначу агIонан тешаш бара. "Новая газета" къар а ца делла, цо тоьшаллаш а карийна, кхачийра и ши стаг бехктакхамхойн декъа.

Зулам дайтинарш стенна ца карабо талламна? Бахьанаш дуккха а ду. Цхьаъ делахь, вац гIуллакх дуьззина, баккъал а талла лаам болуш цхьа а талламча. Цу тIе, Талламан комитетехь болчу талламчашка иза далур а дац. Ткъа уггаре коьртаниг – Оьрсийчоьнан Iедална оьшуш хIума дац иза. Оцу дерригено а новкъарло йо, тахана а вац зулам дайтинарг карийна, билгалваьккхина. Лаьттачу хьелашкахь тхуна го Талламан комитето Iедалан тренд юьззина кхочушъеш - кхеле ца озош стаг вац, тъа бехкениг вац хьавеш, – боху адвокат Ставицкаяс.

 

 

Политковская Аннех иза йийачу дийнахь дагалоьцу журналиста Светова Зояс:

– Ас даима а йоьшура цуьнан репортажаш, суна Политковская Аннин йоза масал дара журналистикехь. Сайн ницкъ ма-кхоччу цо деш хилларг дан а гIиртина со. Анна бакъоларъярхо-журналист яра, цунна иза мехала а дара. Политковская Анна ер толлуш бечу балханна реза хуьлийла дац, 15 шо даьлла – каронза висина зуламхо бехках мукъавоккху зама ю иза. Гарехь, таллам дIакъовлур бу, вайна евзар а яц зулам дайтинчийн цIераш. Зулам кхочушдинарш, вовшахтоьхнарш, юкъалелларш чубоьхкина, царех цхьаъ, Гайтукаев Лом-Iела, вала а велла. Тешна а, цунна вевзаш хилла зуламан коьрта да. Ткъа иза набахтехь велла хилча, хуур дац вайна иза цуьнгахула.

Журнлист ейтинарг вевзар вац, гарехь, цкъа а. Дера ду иза доккха халахетар. Суна хетарехь, динчу зуламах жоп цадехаро хIоттийна тахана журналистика халчу хьоле – тобанашкахь арахьарчу агентийн статусе боху журналисташ. Политковская Анна ер магийтаро кхачийна оцу хьоле журналисташ, медиа.

 

–​ Хьуна муха хета, иза, журналистан, бакъоларъярхочун новкъахь хIун лелош хир яра тахана, ша 15 шо хьалха ца йийнехьара?

– Шеко йоццуш, хир яра Къилбаседа Кавказ толлуш. Беларусехь а хир яра иза, суна хетарехь, цо кхелех лаьцна яздора, бехк а боцуш набахтешка хьийсочу нахах лаьцна яздора. Теманаш дукха хир яра цунна, иза даима санна хир яра мискачийн агIор, пачхьалкхо, хьаькамаша хьийзочу нехан агIор. "Новая газетин" тоьллачу авторшлахь хир яра иза. Цуьнан гIуллакх дIахьош бу тахана оцу газетехь болх бен журналисташ.

Бакъоларъяран журналистика а яра цунна герга, иза вуно дика аналитик яра. Цо шен артиклашкахь, Францехь арахецначу "Суна стенна ца веза Путин" книги тIехь гайтира Путинан режиман орам. Оьрсийчоьнна хIун Iаткъам бо Нохчийчуьрчу тIамо гойтура цо, гойтура и тIом бахьанехь вайх хилларг, вай шолгIа тIом а бан Iедална магор. Цуьнан цо вуно кIорга, дика йора анализ, Малхбузехь араюьйлучу цуьнан материалаша дика гойтура Оьрсийчохь хуьлуш лаьттарг. Малхбузехь уггар дика евза Оьрсичуьра журналист яра Политковская Анна. Иза цигахь йовзара, цо ен Оьрсийчоьнан дахаран анализ мехала яра Малхбузерчу журналисташна, политологашна, элитина. Доцца аьлча, Оьрсийчоьнан а, дуьненан а журналистикан исторе йижина журналистика ю иза, – боху Светова Зояс.







В ЖК «Восточное Бутово» продолжают строительство шестого по счету детского сада

Профилактический рейд по противопожарной безопасности прошел сегодня в Ленинском округе

Ежегодная церемония вручения Всероссийской премии Евгения Зубова прошла в библиотеке Видного

США и Европа "подготавливают" Россию и Ближний Восток для переселений?!


Турецкие отели в шоке после банкротства крупнейшего туроператора: все оказались в долгах, как работать летом — непонятно

Новые электрические щетки Revyline RL 085 Black доступны в филиале марки в Ставрополе

История без фальсификации: Шемахи в первой половине XVIII века

Befree запускает сайт для поиска талантов


Big 12 commissioner Brett Yormark addresses Arizona Board of Regents, asks for continued investment in athletics

Four-time Man Utd trophy winner, 37, looks unrecognisable as he heads to training with dramatic new look

Watch awkward moment baffled French Open teen is ‘teleported’ into Eurosport studio for live TV interview

Walmart adds employee bonus for hourly US workers


Приглашенные солистки выступят в опере «Руслан и Людмила»

Военные следователи провели рейд по бывшим мигрантам в Керчи

Мобилизованного свердловчанина приговорили к 23 годам "строгача" за подрыв гранаты в казарме

В Москве арестовали бывшего замглавы Росприроднадзора по делу о мошенничестве


How to watch the 2024 PC Gaming Show: our 10th annual summer showcase

I tried to recreate Marvel's Iron Man in this movie studio sim, and my version was so bad my own father stormed out of the theater

Показ геймплея тактики SteamWorld Heist II

Мафия-НН: Все в сборе, правила с тревогой выслушаны, роли прочитаны, и сразу же в бой!



США и Европа "подготавливают" Россию и Ближний Восток для переселений?!

СОТРУДНИКИ СОБР «СТОЛИЦА» СТАЛИ ИНСТРУКТОРАМИ НА СБОРАХ ПО БЕСПАРАШЮТНОМУ ДЕСАНТИРОВАНИЮ СПЕЦНАЗОВЦЕВ РОСГВАРДИИ В ВОРОНЕЖСКОЙ ОБЛАСТИ

США и Европа "подготавливают" Россию и Ближний Восток для переселений?!

РОСГВАРДЕЙЦЫ ЗАДЕРЖАЛИ МУЖЧИНУ С ПОДДЕЛЬНЫМИ ДОКУМЕНТАМИ В МОСКВЕ


Новое отделение для лечения онкобольных открылось в Балашихе

Прохлада нам по карману: как выбрать кондиционер и какова цена вопроса

Ежегодная церемония вручения Всероссийской премии Евгения Зубова прошла в библиотеке Видного

Яндекс, А.С. Пушкин, Святой Ленин ведут следствие. Настоящая сенсация! 225 лет А.С. Пушкину.


«Что-то компенсировать»: гепатолог Колесникова объяснила резкую тягу к сладкому

Директор Театра сатиры Игорь Берлин покидает свой пост

Более 100 реконструкторов принимают участие в фестивале «Исаборг»

“Папа в доме”, – стало известно о причинах конфликта Талькова и Азизы


Джокович снялся с Открытого чемпионата Франции по теннису

Теннисист Медведев снялся с турнира ATP в Нидерландах из-за травмы

Тарпищев о Медведеве и Рублеве: без травм сыграют в Париже лучше, чем в Токио

Андреевой предрекли борьбу за топ-10 рейтинга WTA в текущем сезоне


ЦАХАЛ освободил россиянина Козлова и еще трех заложников из плена ХАМАС в Газе

В Тверской области установили памятник Пушкину

“Папа в доме”, – стало известно о причинах конфликта Талькова и Азизы

Свыше 70 жителей Чехова приняли участие в заседании выездной администрации


Музыкальные новости

Певица Зара выступит в Пятигорске 12 июня

Пиар Менеджер для Артистов, Музыкантов, Композиторов, Актеров, Поэтов, Писателей, Моделей, Дизайнеров, людей любых творческих профессий и брендов!

Надежда Бабкина приедет в Ярославль

Школа джазовой импровизации Игоря Бутмана открылась в екатеринбургском Академическом


СОТРУДНИКИ СОБР «СТОЛИЦА» СТАЛИ ИНСТРУКТОРАМИ НА СБОРАХ ПО БЕСПАРАШЮТНОМУ ДЕСАНТИРОВАНИЮ СПЕЦНАЗОВЦЕВ РОСГВАРДИИ В ВОРОНЕЖСКОЙ ОБЛАСТИ

США и Европа "подготавливают" Россию и Ближний Восток для переселений?!

США и Европа "подготавливают" Россию и Ближний Восток для переселений?!

РОСГВАРДЕЙЦЫ ЗАДЕРЖАЛИ МУЖЧИНУ С ПОДДЕЛЬНЫМИ ДОКУМЕНТАМИ В МОСКВЕ


«Россети» проверили надежность транзита, от которого зависит системная надежность электроснабжения юга Хабаровского края и Приморья

Финал областной школьной Олимпиады по шахматам состоялся в Опочке

За один день работники Уссурийского ЛРЗ и их дети выполнили сменно-суточное задание по ремонту 129 паровозиков

Известная фигуристка Ирина Роднина посетила стенд Карелии на ВДНХ


Асфальтирование площадок услуги в Петербурге

В Москве 14-летний мальчик ранил ножом 16-летнего юношу на футбольном поле

Асфальтирование дворов услуги в Петербурге

Дорожные работы услуги в Санкт-Петербурге


Путин: РФ готова к переговорам только на условиях, которые уже обсуждались ранее

«Всуе не упоминать!»: Путин на ПМЭФ остудил ядерные фантазии и вспомнил Сталина

Путин пригрозил оружием Западу, Киев закрыл поездки по Европе, США ввели санкции против Грузии – большие итоги недели от РИА «Новый День»

Путин: Москва оставляет за собой право поставок вооружения партнерам


Вирус эволюционирует: почему рано называть COVID-19 сезонным заболеванием



Не просто кашель курильщика: чем опасна хроническая обструктивная болезнь легких

Уникальный интерактивный проект Ставропольской психиатрической больницы на выставке-форуме «Россия»

Трихолог, ведущий специалист многофункциональный клиники KindCare в Дубае Кристина Евдошенко: что такое андрогенная алопеция и как ее лечить

Аллерголог Зайцева рассказала, как проявляется аллергия на солнечный свет


AFP: Байден объявил о выделении Киеву помощи на 225 млн долларов


В Москве прошёл спортивный праздник для росгвардейцев

Мастер-классы по созданию крафтовых украшений проходят в центре Москвы

В Москве 14-летний мальчик ранил ножом 16-летнего юношу на футбольном поле

Спортивные тренировки и мастер-классы пройдут на летнем фестивале в Москве



Собянин: Москва подписала ряд крупных соглашений на Петербургском форуме

Собянин: Москва — мировой лидер по динамике развития транспортной инфраструктуры

Собянин: В Москве ведется активная замена инженерных сетей в рамках реновации

Собянин поздравил всех социальных работников с профессиональным праздником


Суд отправил под арест подозреваемого в убийстве пенсионера в парке Москвы

На природных территориях Москвы расцветет множество краснокнижных растений

На ПМЭФ-2024 Краснодарский край подписал 40 протоколов на 272 млрд рублей

В Москве проходит акция по безопасному использованию СИМ


В Газпроме предлагают поднять тарифы на газ населению и бизнесу ещё в 2 раза, мол, а иначе "труба"

ЦАХАЛ освободил россиянина Козлова и еще трех заложников из плена ХАМАС в Газе

Путин прямо предупредил Эрдогана, что сидение на двух стульях закончится потерями для экономики, несопоставимыми с «помидорным» эмбарго

Более 100 реконструкторов принимают участие в фестивале «Исаборг»


Терминал сбора данных (ТСД) промышленного класса SAOTRON RT42G

Минфин Архангельской области оценил муниципалитеты по уровню качества организации и осуществления бюджетного процесса

Россия, Новости, Культура, Театр, Дети: Радость, которую приносит Госцирк Бурятии

В Пулково задерживаются шесть рейсов


Литературно-краеведческий коллаж «Мир добрых сказок и стихотворений – все это Пушкин, наш великий гений!»

Пьяный мужчина упал с верхней полки на девочку в поезде Москва - Симферополь

В Крыму детей будут учить играть в шахматы с детского сада

Глава Росавиации: возобновление работы закрытых с начала СВО аэропортов пока не ожидается


Как братья Константин и Владимир Маковские создавали русский стиль

Свыше 70 жителей Чехова приняли участие в заседании выездной администрации

ЦАХАЛ освободил россиянина Козлова и еще трех заложников из плена ХАМАС в Газе

В Газпроме предлагают поднять тарифы на газ населению и бизнесу ещё в 2 раза, мол, а иначе "труба"














СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *