Кадыров Адамна Кхарачой-Чергазийчоьнан лакхара совгIат делла. Шина дийнахь шолгIа орден йу и
Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан 15 шо долчу кIантана Адамна "Кхарачой-Чергазийчоьнна динчу гIуллакхашна" орден йелла – регионан лакхара совгIат ду иза, шина дийнахь жимахволчу Кадыровна делла шолгIа совгIат а ду. Де хьалха, камерана хьалха СИЗО-хь лаьцна латточунна йиттинчу Адамна йелира ГIезалойчоьнан йеза орден а.
Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIантана шолгIа орден йелла "къаьмнашна а, регионашна а йукъара цхьаалла кхиорна а, исламан ламастин мехаллаш чIагIйарна а". Цунах лаьцна Кхарачой-Чергазийчоьнан куьйгалхочо Темрезов Рашида дIахьедира шен телеграм-каналехь.
Орден йукъайаьккхина 2013-чу шарахь. Омраца а догIуш, иза кхачош йу 20 шарахь шен говзаллехь кхахьегначу бахархошна, цул хьалха пачхьалкхан кхин а цхьа совгIат цунна дина хиллехь, йа сийлахь цIе лелош иза велахь. Цул совнах, орденца цхьаьна 50 эзар сом а ду луш, тIера йасакх ца оьцуш.
15 шо долу Кадыров Адам лакхара доьшийла чекхйаьккхина а вац, Нохчийчохь цхьана а кепарчу даржехь а вац иза Кхарачой-Чергазийчоьнан бюджетера 50 эзар сом цунна лур ду йа дац, хаийтина дац.
ГIадужу-беттан 24-чохь Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Адамна ГIезалойчоьнан "Дуслык" йезачу орденца совгIат дира – "къаьмнашна а, динашна а йукъара барт, машар а чIагIбарна" ГIезалойчоьнан куьйгалхочо Минниханов Рустама.
Цул а кIира хьалха оцу мехкан пачхьалкхан кхеташонан депутато Хамаев Азата массарна а хьалха дIахIоьттина, Соьлжа-ГIаларчу СИЗО-хь 19 шо долчу Журавель Никитина йиттинчул тIаьхьа Кадыров Рамзанан кIантана Нохчийчоьнан Турпалхо седа баларна ша реза цахилар дIахаийтинчул тIаьхьа. ТIаьхьо Хамаевс бехк цабиллар дийхира, цо ма-аллара, "вежараллин къаьмнийн йукъаметтигашна зен дийр долу" шен "эмоционале къамелана".
"Дуслык" орден йала магош ду "ГIезалойчоьнан республикана гIуллакх дар" аьлла мидал йеллачул тIаьхьа. Цуьнца Кадыров Адамна совгIат динера аьлла хьалхо бина хаам бацара.
КъорIан дагийна аьллачу шеконашца Журавель Никита лецира стигалкъекъа-беттан 21-хь. Талламан комитетан куьйгалхочун Бастрыкин Александран тIедилларца, гIуллакх билггал Нохчийчу дIаделира, шаьш "зен хилларш ду аьлла, дуккхаъчу Нохчийчуьра бахархоша дехарш дарна" аьлла, кхетийра цо цунах.
Соьлжа-ГIаларчу СИЗО-хь Журавель Никитина йиттира 15 шо долчу республикан куьйгалхочун кIанта Кадыров Адама. Шен кIанта динчух дозалла до ша аьлла, дIахьедира Кадыровс Рамзана.
Нохчийчуьрчу полицино таллам болийра, амма сацам бира – Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIант жоьпалле озон йиш йац иза дукха жима хиларна.
Кадыров Адамна Нохчийчоьнан Турпалхочун цIе йаларх гIадужу-беттан 6-чохь шен телеграм-каналехь хаийтира Пачхьалкхан думин депутато Делимханов Адама. Цо дIахьедира кхиазхочо дешарца а, спортехь а кхиамаш бахарх, хастийра иза дика кIант ву аьлла, амма совгIат хIун динчунна делла, билгал ца даьккхира.