Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Август
2018

Оьрсийчоьнан шпион хилла Iамеркан векалаллехь болх беш

0
Iамеркин Москох йолчу векалаллехь 10 сов шарахь, болх беш ю а бохуш, шпионаж лелош хилла Оьрсийчоьнан шпион. Цунах лаьцна яздо Британерчу The Guardian газето, шайн лерринчу сервисерчу хьастана тIе а тевжаш.


Iамеркин дипломатин миссехь болх бинчу белхахочуьнан цIе йоккхуш яц. ЧIагIдеш ду и зуда балха эцна хилар Iамеркан къайлахчу сервисо. Цу зудчуьнан тIекхча аьтто хилла векалаллан чоьхьарчу зIенна а, электронан почтана а.


Газетана хетарехь, шпионна хууш хилла къайлах болу хаамаш, шайна юкъахь президентан Трамп Доналдан а, вице-президентан Пенс Майкан а визитийн графикаш а йолуш.  


The Guardian-о хаам барехь, оьрсийн зуда стохка балхара дIаяьккхина, Цхьаьнатоьхначу Штатийн къайлахчу сервисан имидж ца йохо, дукха дIаса а ца хьехош.   














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *