Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Август
2018

Новости за 10.08.2018

Гуьржийчоьнан лазамаш. 10 шо хьалха иккхинчу конфликтан лар

Radiomarsho.com 

Венерчу Операна гергахь гулбелира Гуьржийчохь 10 шо хьалха иккхина тIеман конфликт дагахь лаьтта гуьржий а, цаьрца цхьаьна лелларг-хилларг емалдан арабевлла нах а. Демонстранташлахь бара меттигера бахархой, Австрехь беха украинахой, нохчий, кхечу къаьмнийн векалш. Конфликтна юкъагIоьртинчу Оьрсийчоьно дакъошка яьккхина еха Гуьржийчоь тахана а, иза а, и санна йолу харцонаш а дуьнентIехула лелийта йиш яц, бохура гуламхоша.

Путинан цIарах дзюдон центр йоьллур ю Соьлжа-гIалахь

Radiomarsho.com 

Соьлжа-ГIалахь йина йолуш лаьтта ши шо хьалха йолийна Путин Владимиран цIарах дзюдон центр. Карарчу заманахь корпус хьалайоьттина бовлуш лаьтта белхалой, цул тIаьхьа гIишлон чоьнаш куьце а  ялийна, гIирс дIахIоттийчхьана довлу аьлла, хаамбина мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен "ВКонтактерчу" агIонехь. Ши шо хьалха дуьххьара тIулг буьллуш хIоттийначу бараме веанчу мехкан куьйгалхчоо дIахьедира, пачхьалкхехь а уггар тоьллачех хир йолуш ю комплекс, дуьненаюкъарчу стандарташца юста а йиш йолуш, аьлла.

"Ловзаран кепаш хийца еза"

Radiomarsho.com 

Алена Садовская   Экономист Зубаревич Наталья: дотацеш тIера йосса еза Къилбаседа Кавказ Керла "бюджетан кеп" ю Оьрсийчоьнан финансийн урхаллаша юкъайоккхуш, элира деношкахь "Дождь" ("ДогIа") телеканалехь евзаш йолчу экономисто, географо, регионийн экономика кхиорехула эксперт йолчу Зубаревич Натальяс. "Финансийн министралло леррина зераш дина, цара бахарехь, 60 сов регионо ахча тIех сов дойу, цара ахча мелла а кIезиг дайа деза", - элира Зубаревича. "Оьрсийчоьнан къоьлле хьаьжча, бухгалтер... Читать дальше...

Генетикан паспорташ декъна Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь тIемаш боьлхучу шерашкахь доьза байначийн гергарчарна 86 генетикан паспорт делла. Махкарчу зорбан министраллан пресс-гIуллакххоша бина и хаам. Цу кепара паспорт эцархьама Нохчийчуьрчу кхелан экспертизан Бюро цIийн анализ яла еза. Оцу билгалошна тIехь Москох говзанчаша генетикан паспорташ кечдо.  2013-чу шарахь дуьйнна дала долийна Нохчийчохь генетикан паспорташ. Официалан терахьашца Нохчийчохь тIеман заманахь вайнарг 3 эзар сов стаг ву, ткъа бакъонашларъярхоша чIагIдарца, и терахь кхин а лакхара ду.

Депутатан Слуцкийн йоьIан цIартIехь 140 миллион сом доьху цIенош хааделла "Новая газетана"

Radiomarsho.com 

Пачхьалкхан Думан депутатан йоьIан Иринин долахь Москохна гергарчу "Миллениум парк" кIоштахь цIа ду, куьце даладале 140 миллион сом мах болуш. Росреестра-н зерашна тIе а тевжина, "Новая газетано" бина и хаам. Хьостан информацица, 2014-чу шарахь шен 23 шо долчу заманчохь Слуцкая Иринас эцна 600 еакIов майда дIалаьцна гIишло ю юьйцург. Harperʼs Bazaar журналан коьртачу редакторан ассистент яра иза цу хенахь. Газетано билгалдаккхарца, деклораци тIехь Слуцкийс 2015-чу шарахь даьккхина пхиъ ах миллион сом, аьлча а, хIора баттахь 458 эзар сом. Читать дальше...

Iамеркан бахархой хилла Трамп Меланин да а, нана а

Radiomarsho.com 

Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президентан хIусамненан Трамп Меланин дена а, нанна Iамеркан пачхьалкхан бахархой бу аьлла, кехаташ делла. "Би-Би-Си-но" бо и хаам, церан адвокато дийцарца. Словенера схьадаьллачу Кнавс Амалис а, Виктора а Манхеттенехь дIахьочу церемонехь Iамеркана чIагIойина. Шен дена а, нанна, Iамеркан вахархо хила бух буьллуш долу грин-карта далийтинарг Трамп Мелани яра. "Би-Би-Си-но" билгалдаккхарца, Iамеркан президенто масийттазза дIакхайкхийра, ша дуьхьал хиларх, пачхьалкхан... Читать дальше...

Беларусин доза хадош лаьцна нохчо

Radiomarsho.com 

Дахначу пIераскандийнахь Беларусин Брацлавскан кIоштахь оперативан информацица дозанхоша дIалаьцна Оьрсийчоьнан вахархо. Пачхьалкхан дозанхойн комитето бина и хаам. Нохчийчуьра схьаваьлла 40 шо долу вахархо хиллера Беларусин Латвица долчу дозанехула чекхвала гIерташ. Шен дахаран хьелаш тодан Iалашонца гIертара ша кхечу пачхьалкхе дехьавала аьлла лаьцначо, бахьанаш зийча. Лелачу низамашца, иза декхаре вийр ву гIуда такха, цул совнах депортаци а йийр ю цунна, иштта доьхкур ду 5 шарна оцу пачхьалкхе ван а.

Мацалла кхайкхийначу Сенцовн суьрташ даржийна Украинан омбудсмено

Radiomarsho.com 

Оьрсийчуьрчу набахтехь волчу Украинан режиссеро Сенцов Олега мацалла кхайкхийна 88 де ду. Оьрсийн агIоно цуьнан шега кхачийна суьрташ зорбане даьхна Украинан омбудсмено Денисова Людмилас. Фейсбукерчу шен агIоне даьхна Денисовас и суьрташ. Сенцовн могушаллин хьолах информаци елла Оьрсийчоьнан президентехула бакъонаш ларъян векал йинчу Москалькова Татьянас. Режиссер жигаре а ву, телевизоре хьажа а воьду, книгаш йоьшу цо, юкъ-кара цхьацца йозанаш а до, цо бахарехь. Маршо Радионо яздира, Сенцовн йишас хаамбарх, иза ледарчу хьолехь ву аьлла. Читать дальше...



Ерзанза йисина хьу. 50 шо даьлла Кремло Чехословакехь цIий Iанийна

Radiomarsho.com 

Кондрашова Наталья   Деношкахь 50 шо кхочу "Дунай" операци дIаяьхьна – иштта аьллера Советан пачхьалкхо Варшаван Бертан мехкашца цхьаьна (Болгари, Венгри, Германин Демократин Республика, Полша) ша Чехословакера "Прагин БIаьсте" хьошуш эккхийтинчу тIеман хьолах. ХIун лар йитина  1968 шеран гурахь иккхина хиллачу конфликто чехийн а, словакийн а, оьрсийн а дегнашкахь? Марсхьокху-беттан 21-чохь чудаьржира социализман вежараллерчу пачхьалкхийн эскарш. 1956-чу шарахь Будапештехь Iаьнна цIий дагахь... Читать дальше...

Versace кхаьчна нохчо

Radiomarsho.com 

Парижехь божарийн духарш гойтучу модан барамехь уггар а тIаьхьало йолчу моделийн тептаре ваьлла Нохчийчуьра вахархо Дулатов Ислам Шина кастинг-директоро Деркан Шеллис а (Loewe, Salvatore Ferragamo, Issey Miyake), Брокау Эшлис а (Vogue, Prada, Louis Vuitton, JW Anderson) гучудаьккхина шайн уггаре а керлачех бевллачу перспективе моделийн хIоттийна тептар. Цу юкъахь ву Дулатов Ислам а. Нохчийчохь вина ву иза. 2007-чу шарахь Германи дехьавелира иза шен доьзалца. 19 шо ду Исламан. Ишта ийначу летаршкахь а гайтина цо ша. Читать дальше...

Туркменехь журналисташ хьийзор емалдина Маршо Радионо

Radiomarsho.com 

"Маьрша Европа/Маршо Радио" медиакорпораци тIетов, адамийн бакъонашкахула йолчу ООН-н комитето Туркменин журналист Мурадова Огулсапар яларх жоьпалла Iедалхошна тIехь ду аьлла, бинчу сацамна. "Бакъонашларъярхойн организацеша динчу жамIашна тIе а тевжина, Мурадован кхалхар политикан зулам ду аьлла Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацино бина сацам оха къобалбо", - аьлла Маршо Радио медиакорпорацин президенто Кент Тома. Оцу юкъанна президенто билгалдоккху, цул тIаьхьа 12 шо даьлча а, Туркменехь журналисташ... Читать дальше...

Бераш школашна тIелата Iамош хилла имаман воIа

Radiomarsho.com 

Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь 11 берах вовшахтоьхна куп карийна вевзаш волчу цхьана имаман воIа йиллина. Нью-Мексико штатерчу Таос кIоштахь хилла иза. Сирадж ибн Ваххьадж цIе йолчу имаман кIанта бераш Iамош хилла лелхийтарш дан. КIезиг луш хилла цо царна даа-мала а. Iамеркан Штаташкарчу школашна тIелата кечдеш хилла бераш, боху талламчаша.

Дудуркаева дIалацарх шайга цахаийтарна бехк баьккхина оьрсийн векалто туркошкара

Radiomarsho.com 

Истанбулерчу Оьрсийчоьнан инарла консулалло Туркойчоьнан Iедалшка дехар дина, даIишхошца уьйрашкахь хилла аьлла, бехкеен Дудуркаева Седа дIалацарх информаци шайга дIакхачае аьлла. "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобан тIеман министр лаьттинчу Аш-Шишани Iумарх (Батирашвили Тархан) йисина ю Дудуркаева. 2016-чу шарахь вийра иза. Байначу баттахь Истанбулехь антитерроран операци дIахьочу хенахь лецира Дудуркаева. Нохчийчохь миграцин урхаллан (УФМС) хиллачу куьйгалхочун Дудуркаев Fсун йоI ю иза. 2013-чу шеран гурахь... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *