Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Август
2018

Новости за 01.08.2018

1200 гектар латта лелхачу хIуманех цIандина Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан Къилба тIеман гонерчу минанаш дIайохучу инженерин тобанаша Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а лелхачу хIуманех цIанйина 1,2 эзар гектар территори. Коьртачу декъана уьш ю лаьмнашца а, хьаннашца а йолу меттигаш. Болчу хаамца, сапераша, кара а ийна, кхераме йолчура дIаяьккхина 4 эзар 200 сов сов эккхаза йисина мина а, фугас а. Карарчу хенахь болх беш ю саперийн 4 тоба. Лелхачу хIуманех шина республикан территори цIанъяр дIадерзор ду кхушара Лахьанан-баттахь. Ерриг а сапераша талла езаш ю 1,4 эзар гектар территори.

Титиевн кхелехь лебина тешаш

Radiomarsho.com 

Шеларчу гIалан кхелехь Титиев Оюбан дов хоттуш рогIера кхеташо хилла. Левина 9 теш. Уьш берш Куршлойн-кIоштарчу полицин декъан белхахой бу. Тешаш чIагIдора, шайна Титиев цкъа а гина а вац, шаьш иза лоцуш дакъа а ца лаьцна бохуш. Амма хаттарш луш гучудаьлла тешех цхьаъ бакъонашларъярхочуьнан гергара стаг хилар.  "Мемориалан" Соьлжа-ГIаларчу офисан куьйгалхо Титиев лецира кху шеран Дечкен-баттахь. Цуьнан белхан накъостий тешна бу, долийна гIуллакх бух боцуш хиларх. Бакъонашларъярхочо чIагIонаш йо, наркотикаш полисхоша тийсина ю шена, бохуш.

Джемалан а, Радченкон а, Расторгуевн а декъий Оьрсийчу кхачор ду Марсхьокху-беттан 4-хь

Radiomarsho.com 

Юккъерчу Африкин Республикехь вийначу журналистан Джемал Орханан а, операторан Радченко Кириллан а, режиссеран Расторгуев Александран а декъий Оьрсийчу кхачор ду кху Марсхьокху-беттан 4-чу дийнахь. Цунах лаьцна Оьрсийчуьрчу хаамийн агенталлашка хаам бина Талламашна урхалла дечу центран (Центр управления расследованиями) куьйгалхочо Коняхин Андрейс. Оьрсийчуьрчу журналистийн тобанна тIелатар даран бахьанаш дуьйцуш, Коняхина билгалдаьккхина, хьалха хьахийна верси коьрта юьсуш ю аьлла. Интерфаксан хьастано хьалхо дIахьедар динера... Читать дальше...

ГIебартойн-Балкхаройчоь дIаяьккхича, уггаре дика могушалла йолу нах беха Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Уггаре дукха цомгуш болу а, уггаре дика могушалла йолу а нах беха регионаш билгалъяьхна Оьрсийчоьнан могушаллан министралло. Цо балочу хаамашца, уггаре кIезиг цамгарш ловш болу нах бу бехаш ГIебартойн-Балкхаройчохь а, Нохчийчохь а, ткъа иштта Курскан кIоштахь а, Тывахь а, Астраханан махкахь а. Вуно дукха цамгаш яьржина меттигаш ю Алтай а, Ненецкан автономан го а, Петарбух а, Карели а, Коми Республика а. 2017-чу шарахь Оьрсийчохь, юккъерчу барамехь схьаэцча, хIора 100 эзар стагана юкъахь кхеттера 161 776 тайп-тайпана цамгар.

Стенга бахана исламисташ?

Radiomarsho.com 

«Исламан пачхьалкх» кхин яц, аьлла дIахьедар дина кху деношкахь Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн вице-президенто Пенс Майка. Халифат йоьжна. Иракъехь а, Шемахь ах гергга территори яра исламисташа шайн Iуналлехь латтош. Ткъа тахана уьш болу меттигаш дIасакхиссина а, кIезиг а ю. Ткъа стенга бахана исламисташ?

Цхьаьнаметта маситта стеган зIе латто аьтто бина WhatsApp-о

Radiomarsho.com 

"Къамел деш, 2 миллиард минот йойъу тхан мессенджерх пайда оьцучу наха хIора дийнахь. Оха хазахетарца хаам бо, тахана дуьйна тхаьш WhatsApp-хь керла аьтто юкъабоккхуш хиларх лаьцна – тобанашкахь аудио а, видео а юкъаметтигаш латтор", - даладо WhatsApp-ан векалийн дIахьедар РИА Новости агенталло. Цхьаьнаметта аудио а, видео а къамел деш дакъалаца аьтто хир бу 4 стеган. Цу аьттонах пайда эца цхьана стаге WhatsApp тоха еза, цул тIаьхьа тIетоха беза кхиберш, скринан лакхарчу аьтто агIонехь гучуйолу симбол тIе а таIийна.

Ши шо долу йоI кхелхина Нохчийчохь, корех чу а йоьжна

Radiomarsho.com 

Бохам хилла Соьлж-ГIаларчу Ленинан-кIоштахь. Нохчийчуьрчу прокуратуро бинчу хаамца, 2 шо долу йоI, хьожуш стаг а воцуш, ша цхьаъ цIахь йитина хилла тIекIелдинчу цIийнан доьалгIачу тIегIанерчу петарахь. Мухха делахь а, корех чуйоьжна иза.   Болчу хаамца, йоI дIакхачийна хилла Соьлж-ГIаларчу берийн клинике. Амма хиллачу чевнех еллла иза.

Оьрсийчохь ницкъ бинчу нахана гIо дан акци йолийна бакъонашларъярхоша

Radiomarsho.com 

Полицин даъошкахь а, талламан изоляторшкахь а, колонешкахь а ницкъ бинчу нахана латкъам бан аьтто беш телефонца зIе схьайиллина "Зона права" бакъонашларъярхойн вовшахтохаралло, хаам бо Маршо Радион оьрсийн сервисо. Марсхьокху-беттан 1-чу дийнахь дуьйна 15-чу дийне кхаччалц бакъонашларъярхоша, телефонашна хьалха а хевшина, болх бийр бу лецначу нахана ницкъ барх а, ницкъаллийн структурийн белхахоша адамаш дайарх а лаьцна хаамаш гулбеш. 2017-чу шарахь "Зона права" вовшахтохараллан белхахойн аьтто... Читать дальше...

Йовхо хIоттар бахьана долуш ялташ хIаллакхилла Нохчийчхь

Radiomarsho.com 

Барамна тIера яьлла йовхо хIоттаро Iаткъам бина Нохчийчохь ялташ хьекъарна. Вуно доккха буьртиг-ялтан дакъа хIаллакхилла, хаам бо республикерчу Iедалша. 40% сов маьлхан хIуш а, буракаш а, мукх а, сула а, хьаьжкIаш а йийна кхаш дагийна малхо. Ялташ чудерзоран хан тIекхочуш иза долчу латтанийн барам бара 262,7 гектар. Республикера Iедалш сатесна ду Оьрсийчоьнан юьртабахаман министралло меттахIоттор ду аьлла Iедалан а, нехан доларчу а бахамашна хилла зе. 2018-чу шарахь Нохчийчохь гулдина 268,7 эзар тонн буьртиган-ялта... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *