Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Август
2018

Новости за 15.08.2018

Нохчийн йоI cхьакарийна Австрехь

Radiomarsho.com 

Венехь оршотан дийнахь яйна хилла 14 шо дочу нохчийн йоI схьакарийна. Цунах лаьцна Маршо Радионе хаам бина цуьнан дас. КхоалгIа де дара Австрин полицино а, орцахбевллачу могIарерчу наха а Шишани Маляк лоьхуш йолу. Тахханалц иза йолу меттиг хууш яцара. ЙоI билггала мичахь карийна цкъачунна дуьйцуш дац.

Темерхановх турпалхо ван гIертар емалдина Кадыровс

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана емалдина Омскан дарбанан хIусамехь веллачу Буданов Юрий верна чувоьллина хиллачу Темерханов Юсупах турпалхо ван гIертар, хаам бо Кавказ.Реалиино. Ша эргIадвахар гайтина цо оршотан дийнахь Соьлж-ГIала йиллина 200 шо кхачар даздаран вовшахтохаран комитетан кхеташонехь. Темерханов валарна гонаха леррина дIахьош пиар-кампани ю, ша бен тутмакхана гIо деш цхьа а ца хиллехь а, боху республикан куьйгалхочо. Кадыровс дIахьедар дина Нохчийчуьрчу Iедалша дина гIуллакхаш лахдина дуьйцуш ду... Читать дальше...

Лаьттахь Iуьллуш товш вац "паччахь"

Radiomarsho.com 

"Машук-20I8" форуман сцени тIе дIахIитта безаш бара цига баьхкина регионийн куьйгалхой. Шайн-шайна къастийна меттиг царна хаийта, лаьтта хIиттийнера церан цIерш тIехь йолу кехатан цуьргаш. Шен метте дIахIоьттина ваьлча, Кадыров Рамзана когашкара схьаэцна, кисана таIийра шен цIе тIехь йолу кехат. Нохчийчоьнан куьйгалхочунна шен цIе "лаьттахь Iиллийта" цалаар дехха дийцаредо Оьрсийчоьнан прессо. …Амма шеггара дац Кадыровс динарг – кест-кеста кхечу мехкан цхьана лидеро а оьцу шен "цIе" лаьттара хьала.

СемаIашкахь адамаш дайарна бехке лору инарла Романов вазвийр ву Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Росгвардин Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхоша дIахьедар дина, инарла-полковникан Романов Анатолийн 70 шо кхачар даздеш шаьш шуьйра мероприятеш дIаяхьа лерина хиларх лаьцна, яздо Кавказ.Реалиино. Болчу хаамца, тIебогIучу беттан 27-чохь Соьлж-ГIаларчу корьртачу килсехь литурги йийр ю генералан могашаллан тIера. Оццу дийнахь цуьнан сий деш хIоттор йолчу концертехь хелхарш дийра ду "Вайнах" ансамбло. Инарла Романов буьйранчалла душ вара Нохчийчуьрчу Оьрсийчоьнан эскаршна 1995-чу шарахь СемаIашкахь цара бIе сов маьрша вахархо вуьйш. Читать дальше...

Нохчийчуьрчу мухIажирийн берашна хьажийна беш йина ГIалгIайчохь

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу мухIажирашна хьажийна берийн беш схьайиллина ГIалгIайчохь. Иза йина Яндарехь. Цу эвлахь тахана а бехаш бу шолгIа тIом болабелча Нохчийчуьра арабевлла мухIажираш. Беш схьеллар хьокъехь хиллачу цхьанакхетарехь дакъалоцуш хиллачу гIалгIайн куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека бинчу хаамца, карарчу хенахь цу республикехь еш ю 16 берийн беш. Царах 11 йина ер йолуш ю 2018-чу шарахь. Цу кепара кху шарахь школе даха хан кхачанза долчу берашна хьажийна бешаш схьайоьллур ю цкъа а уьш ца хиллачу Кантышевохь а... Читать дальше...

Магомаевн безамна кхоьллина «Орфей» къовсам болалуш бу Соьлж-ГIалахь

Radiomarsho.com 

«Орфей – 2018» эшаршлакхархойн къовсам болалуш бу Соьлж-ГIалахь. Изу дуьххьара беш а бу, Советан Пачхьалкхан халкъан артистан Магомаев Муслиман безамна кхоьллина а бу. Соьлж-ГIалара кхаа денна лерина и къовсам дIабоьдуш бу шина номинацехь: цхьаммо я тобано йиш лакхарехь.

Тешаш лебеш бу Титиевн кхелехь

Radiomarsho.com 

Титиев Оюбан гIуллакхехула рогIера кхеташо ю дIахьош Шеларчу суьдехь. Цунах лаьцна хаам бина "Чечня сегодня" агенталло. Суьдхоша лебеш бу Титиевс зулам дина хиларан тешаш хIиттийна нах. "Мемориалан" Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхо бехке веш ву шен машенахь кIомал лелорна. Таханлера кхеташо йолаелла ГИБДД олучу некъан полицин белхахо Демельханов Иляс леварца. Кхелан хеташонехь бу Титиевн гергарнаш а, журналисташ а, юкъараллийн жигархой а. Цул сов, Шела веана хьалха хиллачу кхеташонашкахь дакъалаьцна... Читать дальше...

Венехь яйна 14 шо долу нохчийн йоI

Radiomarsho.com 

Австрин полицино лоьхуш ю 14 шо долу Шишани Маляк. Цуьнах лаьцна хаам бина Маршо Радион корреспонденте нохчийн диаспоран векалша, йоьIан гергарчу нахана т1е а тевжаш.  2004-чу шарахь йина йолу Шишани араяьлла кху беттан 13-чохь Iуьранна шаьш дехачу Венерчу петарара. Цу хенахь дуьйна яйна цуьнан лар. Венерчу полицино дIасадаржийна лоьхуш йолчу йоьIан сурт.  Цкъачунна Шишани Малякан кхолламах лаьцна кхаьчна бац цхьа а хаам.

Дудаевн гергара стаг аравоккхуш ву Австрин Iедалша

Radiomarsho.com 

Австрин миграцин сервис шайн махкара араваккха дагахь ю Дудаев ЖовхIаран юххера герагара стаг 22 шо долу Таипов Малик. Цунах лаьцна хаам бина ше фейсбукерчу агIонехь Нохчийчоьнан хьалхарxe президентах йисинчу Дудаева Аллас. Цо билгалдаккхарехь, Таипов Австрехь веха масийтта шо ду. МухIажиран тховкIело яларе ладоьгIуш, немцойн мотт а Iамийна, универститете деша ваха кечлуш хилла иза. Дудаевас дийцарехь, Нохчийчоьнан хиллачу президентан дийна бисина берриг а аьлча санна гергарнаш махках бевлла, республикехь шолгIа тIом баьллачул тIаьхьа. Читать дальше...

ГIурбан Денца доьзна мукъа денош кхайкхийна Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

ГIурбан Денца доьзна мукъа денош кхайкхийна Нохчийчохь. Цу хьокъехь омра арахецна республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цуьнца а догIуш, кху беттан 20-гIа а, 21-ра, 22-гIа а денош мукъа хир ду Нохчийчохь. Хьалхо республикерчу муфтис Межиев Салахь-Хьаьжас видеохаам бинера ГIурба дийр ду Марсхьокху-беттан (Август) 21-чу дийнахь аьлла.





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *