Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Август
2018

Новости за 29.08.2018

Зударийн пенси боьлху хан лахйина Путина

Radiomarsho.com 

Кхааридийнахь телевизионехь пенсин реформех вистхилла Оьрсийчоьнан президент.  Цо бахарехь, зударий пенси баха беза 60 шо кхаьчначул тIаьхьа. Ткъа хьалхо йийцареян кховдийначу низаман проектехь 63 шо дуьзча аьлла дара. Божарийн пенси боьлху хан 65 шо кхаьчча магош ю. Тахана долчу низамашца, зударийн болх бан йиш ю 55 шо дуззалц, ткъа божарий 60 шо кхаьчначул тIаьхьа боьлхура пенси. Иштта Путина дийцаредар хьехна, доьзалехь дукха бераш долу зударий пенсе хан кхачале бохуьйту агIонаш. Пенси воьду... Читать дальше...

Оьрсийчоьно туркойн Iедалшкара схьайоьхур ю даIишхошца хилла нохчийн зуда

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан Инарла прокуратура кийча ю Туркойчоьне мигрантийн урхаллан куьйгаллехь лаьттинчу Дудуркаев Асун йоI Седа схьаеха. Прокуратуран хаамашна тIе а тевжаш, "Керланаш" агенталло бо и хаам. Официалехь Дудуркаева Седа дIалацарх хаам гучубаьллачул тIаьхьа, иза схьайоьхуш кехат кхачор ду Туркойчу аьлла прокуратурехь. Иштта урхалло тIечIагIдо, Дудуркаева Седа даIишхойн тобанехь латттина хилар а. "Интерполехула дуьненаюкъарчу лехамашка елла Дудуркаева, иза лаца а, цунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх доло а Iалашонца"... Читать дальше...

Салахьан нанна кхерамаш туьйсу Мисаран футболан федерацехь

Radiomarsho.com 

Мисарарчу футболан федерацин директорийн кхеташонан декъашхочо Латиф Халида кхерамаш тийсина "Ливерпулан" ловзархочун Салахь Мухьаммадан нанна, яздо Al Jazeera News хьостано. Мисаран футболан куьйгалла компетенте дац аьллера Салахьа дуьненан футболан чемпионат йирзинчул тIаьхьа. Цунна жоп луш, хьо дозанал а арахьа вехачу юкъанна хьан нана Мисарахь юьсуш ма ю аьллера Латифа. "Хьо кхечу пачхьалкхехь вехаш ву, хьайна луъург дан аьтто а болуш, ткъа хьан нана кхузахь яха юьсуш ю. Хуучарна хаьа хьуна ас хIун боху", - яздинера Твиттерехь Латифа. Читать дальше...

ТIелатар динчу кхиазхойн гергара нах махках бохуш бу

Radiomarsho.com 

"Настоящее время" хьостано хаамбарца, Шела кIоштан културан цIийнехь гулам вовшахтухуш бу, нохчийн полисхошна тIелатар дина кхиазхой емалбеш.ТIелатарехь хиллачу кIентан дас Шела гIалин мэран гIовс лаьттинчу Мусаев Рамзана хIинцале а неIалт кхайкхийна, вийначу шен воIан докъанна тIе а хIоьттина. "НеIалт хуьлда кхунна а, зуламан новкъа мел ваьллачунна а, бераш галдохучарна а. Сийначу цIарах богийла уьш! Дега, нене ла а ца доьгIна, тахана со а, сан доьзал юьхьIаьржа хIоттийна кхо. Суна ца оьшу ишта кIант!"... Читать дальше...

Яндиев Асланна лоьрийн гIо оьшу

Radiomarsho.com 

Шена лоьраш тIекхачийтар дехна Словакино Оьрсийчоьне схьавеллачу 39 шо долчу Яндиев Аслана прокуроре. Цуьнан адвокато Сабинин Андрейс бина и хаам "Кавказ.Реалии" портале. Жимчохь дуьйнна зорхаца бала хьоьгу Яндиев лоьрех чекхваккха хьажийна талламхойн изоляторчуьрчу лоьро. Къилбаседа Кавказан федералан гонашкарчу Талламан комиетето зуламан гIуллакх долийна Яндиевна дуьхьал. Маршо Радионо яздира, байначу баттахь Словакин Iедалша ворхI шарахь шайн лаьтта тIехь ваьхначу Яндиевна Оьрсийчу экстрадици ярх. Читать дальше...

Оьрсийчоьнан 15 инарла даржах вохийна Путина

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан президентан омраца ницкъаллийн структурашкара 15 инарла мукъаваьккхина, хаамбо "Керланаш" агенталло. Даржаш охьадехкина Томскан, Мурманскан, Сахалинскан кIошташкарчу орцан министраллийн урхалхоша. Цул совнах хийцамаш бина Путина чоьхьарчу гIуллакхийн министраллийн системехь а. Брянскан, Ульяновскан кIоштийн чоьхьарчу гIуллакхийн министраш дIабаьхна. Нижегородскан, Кемеровон  кIоштийн чоьхьарчу гIуллакхийн министрийн гIовсаш даржера бохийна. Ишта дарж охьадиллина Кемероверчу Талламан комитетан куьйгалхочо а. Читать дальше...

Нобелан комитете кехат яздина Кадыровс

Radiomarsho.com 

Нобелан комитете ша дахьийтина кехат социалан машанерчу шен агIонехь зорбане даьккхина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Мьянман урхалло рохинджашна тIехь геноцид ярх ООН-ан мониторинган миссино арахецна рапорт тидаме эцна Кадыровс. Оцу республикехь къизаллаш совцаяйтархьама бехкечарна дуьхьал санкцеш яхаре кхойкху ООН-о. Нохчийчоьнан куьйгалхо реза вац Нобелан совгIат дала хьалхатеттиначеран тептарехь Мьянман пачхьалкхан хьехамча Су Чжи  Аун Сан хиларна. "Адамийн бакъоаншкахьа а, демократигахьа... Читать дальше...

Нохчийчоьнан туризман центр йиллина Лейпцигехь

Radiomarsho.com 

Немцойн Лейпциг гIалахь дуьххьара туристашна лерина Visit Chechnya информацин центр схьайиллина кху деношкахь. Гергарчу хенахь Францехь а, Цхьанатоьхначу Iарбойн Эмираташкахь а елла Iалашо ю цу кепара центраш, яздо ТАСС агенталло, Нохчийчуьрчу туризман министраллан куьйгалхочунна Байтазиев Муслимна тIе а тевжаш. Цо бахарехь, оцу центрехь Нохчийчоьнах, Соьлжа-ГIалех, историн сийлаллин меттигех, културан барамех лаьцна муьлхха а информаци хаа таро ю. "Тхан лаам бу, республикера туризм массарна а евзаш хилийта... Читать дальше...

Нохчийчохь ша лайначу халонех дийцина Салахьа

Radiomarsho.com 

Мисарарчу футболан тобан ловзархочо Салахь Мухьаммада даредина, дуьненан футболан чемпионат йоьдучу заманчохь Нохчийчохь шаьш лайначу халонех. Мисаран футболан Федерацина къаьсттина реза вац Салахь, шен а, футболхойн а кхерамзалла лаккхарчу тIегIанехь Iалаш ца ярна. "Со ларвина а ца Iаш, йоллу команда Iалашъе аьлла дехнера ас. ХIунда аьлча, дукха новкъарлонаш йора тхуна чемпионат йоьдучу хенахь. Масала, шозза ресторанчу хIума кхалла ваха аьтто ца белира сан, цигахь гулделла дукха адам хиларна"... Читать дальше...

Бакъонашларъярхоша Путине яздина кехат "гIучIа" бу аьлла Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Бакъонашларъярхоша Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире дахьийтина кехат "гIучIа" бу, шайна терго яйтархьама язбина аьлла РБК агенталле зорбан минитсро Умаров Джамбулата. "И доцург а ду, шайна терго яйта лелош хIуманаш ду. Рамзан Ахматовича бакъонашларъярхошна кхерамаш тийсина бац. Юьхьанца бакъонашларъярхой дош къовларш юккъехь яздора, къепе боцу журналисташ а, бакъонашларъярхой ду шаьш бохуш, Нохчийчоь сийсазъян оьхурш а бу буьйцурш", - аьлла Умаровс. Министро бахарехь, бакъонашларъярхоша "хIинццалц а бина болх, кхи дIа а бийр а бу". Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *