Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Август
2018

Новости за 02.08.2018

Шен салонийн маша бузуш ю Нохчийчохь МТС

Radiomarsho.com 

Кху аьхка керла салонаш ехкина Нохчийчохь МТС телекоммуникацин компанино. Иштта sevkavportal.ru сайто дийцарехь, керла офисаш схьайиллина цо Соьлж-ГIалахь а, Устради-гIалахь а, ТIехьа-МартантIехь а. Керлачу салонашкахь бахархойн аьтто бу шайн телефонаш МТС-н мобалан зIенаца хотта а, спутникан телевизионан каналаш тIетаса а, цхьанна гIоленех ахча дIадала а, интернет эца а, иштта дIа кхин а. Карарчу хенахь Нохчийчохь болх беш ю МТС-н 13 салон. Кхин а цу тайпа ши меттиг схьайоьллур кестта ю Соьлж-ГIалахь а, Эвтарахь а.

Кулинарин конкурсехь нохчийн даар къастийна

Radiomarsho.com 

Кху деношкахь гуьржийн "Рустави 2" телекомпанино дIакхайкхийна уггар а чомехь кхача къастош дIаяьхьнера. Гуьржийчоьнан говзанчаш бара цигахь, шайн къоман тоьлла даарш къовса гулбелла. Европан мехкашлахь уггар а чомехь кхача бу аьлла, билгалъяьккхинчу 48 пачхьалкхашлахь Италина а, Францина а, Испанина тIаьхьа йогIуш ю Гуьржийчоь шен чомехьчу хинкалица, хачапурица, сацивица, чахохбилица. Делахь конкурсехь толам баьккхина нохчийн жижиг-галнаша.

Деши доккхучу метте кхача дагахь хилла Африкехь байина журналисташ

Radiomarsho.com 

Юккъерчу Африкин Республикехь байина Оьрсийчуьра журналисташ дагахь хилла "Путинан кхачакечбархочуьнан Пригожин Евгенин ю бохуш йолчу компанино деши доккхучу метте кхача дагахь, хаам бо Маршо Радион оьрсийн сервисо. Товбецан-баттахь Африкерчу Africa Intelligence зорбанан гIирсо хаам бинера, Оьрсийчоьно Юккъерчу Африкин Республикан Iедалшца барт бина Ндассима олучу меттехь деши даккха аьлла. Иза деш цхьа биллам бара – цу регионехь къепе хIоттор. Цу меттехь болх бан безаш хилла, Africa Intelligence-о дийцарехь... Читать дальше...

2019-чу шеран тIеман бюджет тIеэцна Iамеркин Сенато

Radiomarsho.com 

2019-чу шеран тIеман бюджетах лаьцна низам тIеэцна Iамеркин Сенато. Цуьнан барам бу 717 миллиард доллар. Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь финансийн шо долалуш ду ГIадужу-беттан (Октябрь) 1-чу дийнахь. Цу ахчанах 69 миллиард доллар хьажийна махкал арахьарчу тIеман операцешна. ДIадаханчу кIиранах, кхаж а тесна, и документ тIеийцира Iамеркин Конгрессан векалийн чоьно. ХIинца цу низаман проектана тIе куьг таIо дезаш ву президент Трамп Доналд. Конгрессо тIеэцначу низамца а догIуш, 15 эзарна алсамдоккхуш ду Iамеркан эскархойн терахь. Читать дальше...

ЗаьIап берашна хьажийна берийн беш хир ю Соьлж-ГIалахь

Radiomarsho.com 

Гергарчу деношкахь заьIап берашна хьажийна берийн беш схьайоьллур ю Соьлж-ГIалахь. Цунах лаьцна «ВКонтакте» хаам бина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цо дийцарехь, таханлерчу дийнахь Нохчийчохь болх беш ю жимачу берашна хьажийна йолу 430 берийн беш. Керлачу "Туьйранан гIала" цIе йолчу хIусамехь кестта тIеоьцур ду 105 бер. Цигахь, кхин долчуьнца цхьаьна, церан аьтто хир бу пайда эца спортан а, музыкан а чоьнех а, ткъа иштта бассейнах а.

Джемал а, цуьнан накъостий а байар таллар доьху журналисташа

Radiomarsho.com 

Журналисташ Iалашбарехула йолчу дуьненаюкъарчу комитето тIедожийна Юккъерчу Африкан Республикан Iедалшна цу махкахь журналист Джемал Орхан а, оператор Радченко Кирилл а, режиссер Расторгуев Александр а вер сихонца таллар. Цу комитетан векло Кинтал Анжелас шен дIахьедарехь билгалдаьккхина, журналисташ байар цензуран уггаре кIиза кеп хилар а, бекхам боцуш иза дита мегарг ца хилар а.

Трамп: Оьрсийчоь харжамашна юкъагIортар таллар сацо деза

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоь Iамеркерчу харжамашна юкъагIортар таллар сихонца сацаде аьлла  инарлин прокуроре Сешнс Джеффе президенто Трамп Доналда. Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенто юха а билгалдаьккхина и таллам бар "гIемаш таллар" ду, ткъа и таллам дIахьош волу леррина прокуророр Мюллер Роберт "Iамеркан эхь" ду аьлла.Цунах лаьцна Трампа яздина твиттерехь. Вашингтоно бехке еш ю Оьрсийчоь 2016-чу шарахь Iамеркехь хиллачу президентан харжамашна юкъагIортарна. Кхаарин дийнахь цу гIуллакхехула кхел йолийна Трампан гIоьнча хиллачу Манафорт Полана тIехь. Читать дальше...

Туркойн министршна дуьхьал санкцеш кхайкхийна Iамеркко

Radiomarsho.com 

Туркойчоьнан шина министрна санкцеш кхайкхийна Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа. Вуьйцург ву Туркойн чоьхьарчу гIуллакхийн министр Сойлу Сулейман а, юстицин министр Гуль Iабдулхьамид а. Вашингтонна хетарехь, и шиъ бехке ву Iамеркера пастор (мозгIар) Брансон Эндрю лаьцна набахтехь латторна.   Туркойн Iедалхошна санкцеш кхайкхийна, "Магнитскийн актца" а догIуш. Цу низамо бакъо ло Iамеркан финансийн министраллана цхьацца дехкарш дуьхьалдаха адамийн бакъонаш йохийначу нахана.

Титиевн латкъам бух боцуш карийна суьдхошна

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан Лаккхарчу суьдан кхелан коллегино листина Титиев Оюбан гIуллакх кхечу регионе дехьадаккха и суд реза ца хилла аьлла бина латкъам. Кхеташо дIаяьхьна суьдхоша Мадаевс а, Горбовцовс а, Эдисултановс а. Цара сацам бина Титиевн латкъам юхатоха. Нохчийчуьрчу Лаккхарчу суьдан сацам буьсуш бу ша ма барра. Цу кепара Титиевн кхел дехьайоккхур яц кхечу регионе.





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *