Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Август
2018

Новости за 16.08.2018

Нохчийчуьрчу ярташкахь тоьаш бац лоьраш

Radiomarsho.com 

Ярташкахь уггаре а лоьраш тоьаш боцучу Оьрсийчуьрчу регионех цхьаъ ю Нохчийчоь. Цунах лаьцна хаам бина Ерригоьрсийчоьнан халкъан фронт олучу юкъараллан зорбанан сервисо, яздо "Регнум" агенталло. Иштта Нохчийчуьрчу ярташкарчу хIора 10 эзар вахархочунна ца кхочу 26 лор а бен. Кхин а ледара хьал долуш яц Оьрсийчохь цхьа Кемеровн кIошта бен. Цигахь и терахь ду 24. Цу кеппара кIезиг бу Нохчийчохь ларйижарий а, кхин болу медицинан юккъерчу тегIанера белхахой а. Цу гайтамехь Оьрсийчохь лахара хьала 4 -чу меттехь ю республика. Читать дальше...

Омарова Калимат лохуш гIо дийр ду Нохчийчуьрчу министро

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Омарова Калимат лохуш накъосталла дар тIедиллина къоман политикехула а, арахьарчу уьйрашкахула а, зорбанан а, информацин а министрна Умаров Джамбулатана. Цуьнах лаьцна ша министро хаам бина меттигерчу телевизионехула. 8 шо долу Омарова Калимат яйна Дагестанерчу Каспийскехь дIабаханчу Товбецан-беттан (Июль) 29-чу дийнахь. Кхаллар эца туькана яхана йоI кхин цIа ца еана. Цу хенахь дуьйна Омарова лоьхуш бу ницкъаллин структурийн белхахой а, орцахбевлла бахархой а. Читать дальше...

ДогIанаша бохийна "Ведучи" боьду некъ

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу "Ведучи" когсалазийн курорте боьду некъ боьхна даккхийн догIанаш дарна. И бахьана долуш цхьана ханна дIекъевлина и садоIу меттиг. Цу кепара, юкъахбаьлла карарчу хенахь курортехь дIахьош болу аьхкенан мур. Некъ меттахIотторан белхаш дIаберза мегаш бу тIебогIучу Гезгмашин-баттахь.  Кху шеран бIаьста иштта хьал карийнера "Ведучехь" Кавказ.Реалии корреспондентана.

Коча хьоле яьккхинчу газан мехаш хьалабевлла Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь язйелла машенашна оьшу коча хьоле яьккхина газ. Цхьайолчу ягориг юттучу меттигашкахь цуьнан мах бу 26 сом цхьана литарх, яздо бо "Кавказкий узел" зорбанан гIирсо. Меттигерчу бахархоша дийцарехь, газан мехаш хIинца дIанисбелла луларчу Дагестанехь лаьтташ болчарца -  24 - 24,50 сом. Цу хеннахь, Къилбаседа Кавказерчу кхечу регионашкахь иза мелла а лахарбу бу, бохуш чIагIдо цара.

Школашкарчу экзаменашкахь маххадор уггаре лакхадаьккхина Дагестанехь а, Нохчийчохь а

Radiomarsho.com 

Дагестан а, Нохчийчоь ю школашкарчу экзаменашкахь маххадор уггаре лакхадаьккхинчу Оьрсийчуьрчу регионашна юкъахь, хаам бо "Кавказский Узело". Иза гучудаьлла Рособрнадзор урхалло 40 500 школерчу 5 миллион дешархочо кхушара кхочуш бинчу талламан белхашка хьажча. Дешархойн хааршна богIуш болу маххадийна ца хилар гучудалла 3 000 школехь. Цу школашна юкъахь ю Дагестанера 175 а, Нохчийчуьра 132  а школа. Царна тIаьххье йогIуш ю Москох кIошт.

Дешархойн хааршна тIех мах хадийна Нохчийчуьрчу школашкахь

Radiomarsho.com 

Дагестан а, Нохчийчоь ю школашкарчу экзаменашкахь маххадор уггаре лакхадаьккхинчу Оьрсийчуьрчу регионашна юкъахь, хаам бо "Кавказский Узело". Иза гучудаьлла Рособрнадзор урхалло 40 500 школерчу 5 миллион дешархочо кхушара кхочуш бинчу талламан белхашка хьажча. Дешархойн хааршна богIуш болу маххадийна ца хилар гучудалла 3 000 школехь. Цу школашна юкъахь ю Дагестанера 175 а, Нохчийчуьра 132  а школа. Царна тIаьххье йогIуш ю Москох кIошт.





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *