Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Март
2021
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
14
15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 03.03.2021

Иркутскерчу №6 набахтин а, №1 изоляторан оперативан декъан а куьйгалхой лецна

Radiomarsho.com 

№6 набахтин а, №1 изоляторан оперативан декъан а куьйгалхой лецна Иркутскехь, хаам баржийна талламан урхаллин пресс-векалто. №6 набахтин куьйгалхо лаьцна тутмакхна Бакиев Тахиржонна гIелоярца доьзна толлучу бехктакхаман гIуллакхца доьзна. №1 изоляторан оперативан декъан буьйранча лаьцна Ондар Кежикна ницкъ бар толлуш. 2021 шарахь Иркутск-махкарчу набахтешкахь еттарал а сов, хьийзийначул тIаьхьа  дарбан хIусамашка кхачийра ши тутмакх. Ткъа оцу хиламийн хьокъехь тутмакхийн гергарчаьрга тIеIаткъам барца дареш дехира... Читать дальше...

Бейсболан гIаж йиттина, шен десте ерах йолчу шеконца стаг лаьцна ГIалгIайчохь

Radiomarsho.com 

25 шо долу ГIалгIайчоьнан вахархо лаьцна къизаллинца десте ерах йолчу шеконца, хаам баржийна регионерчу Талламан урхалло. Бохам иккхина Зазадоккху-беттан 2-чу дийнахь республикан Несаран кIоштарчу Пхилекъонгий-Юьртахь. Талламо бахарехь, меракIанта дов иккхинчохь бейсболан гIаж йиттина дестечунна. Шеконца лаьцначунна дуьхьал айдина бехктакхаман гIуллакх. Хьалхо баьржинчу хаамца, БуьритIехь 31 шо долчу Техов Вадимна набахтехь яккха 16 шо хан туьйхира шегахь марехь хилла 22 шо долу Гагиева Регина ерна. Читать дальше...

Оьрсийчоьнна керла санкцеш кхайкхийна, ткъа Ярославлехь тутмакхна йиттинарг лаьцна

Radiomarsho.com 

Навальныйн гIуллакхца доьзна кхайкхийначу санкцийн тептар довзийтина Цхьаьнатоьхначу Штаташа; кхоалгIа стаг а лаьцна Ярославлерчу набахтехь тутмакхашна еттарца доьзна; "Ши том йоьшу дийнахь". АрашуковгIеран кхел сов яхъелла

Хангошвили вер: ФСБ-н лар

Radiomarsho.com 

Нохчийн тIеман баьчча Хангошвили Зеламха верна бехке хила тарло Оьрсийчоьнан къайлаха сервисаш аьлла, керла тоьшаллаш гучудевлла. Журналистийн хаамашца, иза верна бехке ву аьлла, шеконашкахь лаьцначун хIусамнана къайлахчу сервисаша деллачу харц кехаташца лелаш ю.

Раньше был смертельно опасен "Синий кит", а теперь - сообщества из TikTok

Radiomarsho.com 

TikTok платформа удаляет контент, нарушающий правила соцсети, в том числе тот, который изображает, пропагандирует, нормализует или прославляет самоубийство. "Об этом сообщили в пресс-службе компании, комментируя поручение главы СК Александра Бастрыкина проверить соцсеть из-за распространения в ней призывов к совершению самоубийства, направленных на детей", - пишет РБК. Накануне администрации школ в ряде городов России разослали в родительские чаты сообщения о появлении в TikTok роликов с призывом подростков к самоубийству. Читать дальше...

Нохчийчохь нах лечкъор: шо доладелчхьана, мел лахара а, 83 стаг вайна цигахь

Radiomarsho.com 

ХIара 2021 шо карадеачхьана Нохчийчохь ницкъахоша лачкъийна, мел лахара а, 83 стаг, царех 41 вигина Дечкен-баттахь, ткъа Чиллан-баттахь - 42. Нохчийн оппозицин IАДАТ боламо дина оцу кепара зераш, яздо Кавказ.Реалиино. Боламан телеграм-каналан администраторша билгалдаккхарехь, цу тайпа зуламаш лахделла догIу, дукха хьолахь, царех лаьцна гIарадоккхуш хиларна. Нах лечкъоран бахьанаш ду - Iедалхойн политикана реза ца хилар, социалан машанашкахь жигара хьийзар, тIемалой гергара хилар. Дукха нисло ишта... Читать дальше...

КхоалгIа стаг а лаьцна Ярославлерчу набахтехь тутмакхашна еттарца доьзна

Radiomarsho.com 

Ярославлерчу №1 набахтехь нохчочунна Цагалаев Абубакарна етташ дакъалаьцна хиларх йолчу шеконца лаьцна кхоалгIа стаг – набахтин белхахо Камиронов Игорь. Талламан версино бахарехь, набахтин кхетош-кхиоран чоьнехь резаьнкин гIаж йиттина Цагалаевна оцу белхахочо. Оцу хьокъехь яздо бакъоларъечу "Общественный вердикт" фондо шен телеграм-каналехь (Оьрсийчоьнан Iедало "арахьарчу агентийн" могIара язйина "Общественный вердикт" – амма цо тIе ца эцна шена и статус). Цагалаевна еттарна цIахь сацочу кепехь лаьцна ву набахтин кхин а ши белхахо ... Читать дальше...

"Ши том йоьшу дийнахь". АрашуковгIеран кхел сов яхйина

Radiomarsho.com 

Кхарачой-Чергазийчоьнан сенатор Iийна Арашуков Рауф а, мехкан Халкъан Кхеташонан депутат лаьттина цуьнан да Арашуков Рауль а кхаа кIиранах деша бакъо йолуш ву шайна дуьхьал гIаттийначу бекхтакхаман документаш. Иштта бу Москварчу Басманный кхело бина сацам – талламан дехарца яцйина кехаташ довза луш йолу хан, хаам бо "Коммерсанто". Талламна хетарехь, кхел йолало хан тIаьхьататтархьама, АрашуковгIар леррина лела меллаша. Адвокаташ харц до и тайпа дIахьедарш. Цара бахарехь, лецначара бехктакхаман гIуллакхан ши том йоьшу дийнахь... Читать дальше...



Шемарчу тIемалошна гIодарна дов айдина ГIалгIайчуьрчу яхархочунна дуьхьал

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчуьра схьаяьлла 32 шо долу А. Хьава бехкейо экстремистийн юкъараллехь латтарна. Бекхтакхаман дов айдина цунна дуьхьал. Низамхошка болчу хаамца, Хьава 2016-чу шарахь дуьйна ю Шемарчу Iедало доладеш йоцчу территори тIехь. Цигахь цо лоьран гIо до тIемалошна, хаам бо Obzor портало, шен хьостанашна тIе а тевжаш. 20 шаре кхаччалц ду цунна дан тарлуш долу таIзар. Кавказ.Реалиино яздира Нохчийчуьра схьаяьллачу 63 шо долчу зудчунна терроризмца бозу масех бехк тIебахьарх лаьцна. Талламо чIагIдарехь, халифат кхуллуш дакъалаьцна цо. Читать дальше...

Навальныйн гIуллакхца доьзна кхайкхийначу санкцийн тептар довзийтина Цхьаьнатоьхначу Штаташа

Radiomarsho.com 

Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь зорбане яьхна Навальныйн гIуллакхца доьзна тоьхначу санцийн тептара язйина цIерш, компанеш. Санкцеш кхайкхийна Оьрсийуьрчу набахтийн урхаллин куьйгалхочунна Калашников Александрна, президентан администрацехь чоьхаьрчу политиках жоп лучу урхаллин куьйгалхочунна Ярин Андрейна, инарла прокурорна Краснов Игорна, ФСБ-н директорна Бортников Александрна, тIеман министран гIовсашна Криворучко Алексейна а, Попов Павелна а, президентан администрацин куьйгалхочун хьалхарчу гIовсанна Кириенко Сергейна дуьхьал... Читать дальше...

"Со воккхаве, могуш лелийла!" – Iалам бех ма дайта, аьлла, шега дехча, губернатора делла жоп

Radiomarsho.com 

Нехаш юхкучу полигонехь дIаьвше газ IаьIа, аьлла, меттигерчу вахархочо шега арздича, цунна жоп делла Ленинград-мехкан губернатора Дрозденко Александра: "Со воккхаве, могуш лелийла!" Дрозденкос латкъамна дуьхьал Инстаграмехь йина и комментарий зорбане яьккхина "МБХ медиа" ресурсо. ТIаьхьо журналисташна гайтина Ленинград-махкарчу Всеволожски кIоштан вахархочо Харчевский Руслана юьйцу меттиг – 200 метр бен гена яц цунна юьйцу нехийн полигон "Северная Самарка". "Кораш къевлича а са ца даккхало нехех яьржа газ бахьанехь", - леткъа иза. Читать дальше...

ГIебарта-Балкхаройчохь кхо шо хан кхайкхийна арахь яккха жигархочунна Кочесоко Мартинна

Radiomarsho.com 

Чергазийн жигархочунна Кочесоко Мартинна 3 шо хан кхайкхийна Урван кIоштан кхело арахь такха, шера чохь сацаман хьелаш талхадахь, иза набахте а хаьжор волуш. Ша наркотикаш лелийна аьлла, шена тIехьарчийна бехк тIе ца эцна цо. "Аьттехьа а реза яц со сацамна, арздан дагахь а ю", - элира Шен деллачу Кавказ.Реалиига адвоката Кочесокова Людмилас. Шена деллачу "тIаьххьарчу дашехь" Кочесоко Мартина дIахьедина кхеле шена наркотикаш "Э" центран белхахоша бухкхийсина, аьлла. "Хабзэ" цхьанакхетараллин... Читать дальше...

Европан Барто а, Американ Цхьанатоьхначу Штаташа а санкцеш кхайкхийна Навальный лаьцначарна

Radiomarsho.com 

Европан Бертан куьйгалло санкцеш кхайкхийна Оьрсийчуьрчу веа даржхочунна оппозицин политик Навальный Алексей лацарна а, цул тIаьхьа иза бехктакхаме озорна а. Политик лецира Дечкен-беттахь, Москва кхаьчча, цул тIаьхьа хьажийра набахте. Санкцех болу хаам баржийна Европан Бертан официалерчу журнало. Текстехь хоуьйтуш дац санкцеш хьанна тоьхна. Амма Германерчу Bild а, Focus а газеташа бечу хаамца, уьш бу Талламан комитетан куьйгалхо Бастрыкин Александр а, Росгвардин буьйранча Золотов Виктор а, Набахтийн урхаллин директор Калашников Александр а... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *