Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Март
2021
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
14
15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 15.03.2021

Нохчийчохь дечу зуламашна ша бIаьргаш къовла бохург харцдо Кремло

Radiomarsho.com 

Кремло харц лору Нохчийчохь дина зуламаш ша шена ца гуш санна санна Iаддуьту аьлла даьржина къамелаш. Иштта комментари йина Оьрсийчоьнан президентан пресс-векала Песков Дмитрийс Нохчийчохь адамаш дайъарх лаьцна "Новая газето" арахецначу керлачу талламан хьокъехь. "Низамлардечу хьукматаша шайн болх бо, озабезамаш кхузахь бац я хуьлийла а дац. Низамлардечу хьукматийн болх шатайпа хиларе терра, нахала доккхуш дац оцу белхан жима дакъа бен", аьлла Песковс, хаам бина ТАСС агенталло. Нохчийчохь алссам... Читать дальше...

Нохчийчохь нах байъарх долу керла тоьшалла, Францерчу нохчочунна депорт яр

Radiomarsho.com 

"Новая газета": дуккха а нах байъар Iорадаккха воьлла полисхо вийна Нохчийчохь; Оьрсийчоьнан паспорт даккхийтарна Францино депорт йина Нохчийчуьра схьаваьллачунна; Ставропол-мехкан министрийн кабинет дIасахецна -коррупцина духьалояран аудит

Оьрсийчоьнан паспорт даккхийтарна Францино депорт йина мухIажирна

Radiomarsho.com 

Оьрсийчу дIахьажийна Францино шен зудчуьнца, берашца 2015-чу шарахь дуьйна махкахь ваьхна Нохчийчуьра схьаваьлла Садуев Илес. ВорхI бер ду Садуевн, доккхахдолчун 10 шо, жимахчунворхI бутт а болуш, яздо "Кавказский узел" газето. Францин мухIажираш Iалашбен низам а дохош, Оьрсийчоьнан паспорт даккхарна йина Садуевна цунна депорт.

"Новая газета": дуккха а нах байъар Iорадаккха воьлла полисхо вийна Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

2017-чу шеран Дечкен-баттахь Соьлжа-ГIалахь нах хIаллакбеш дакъалацийтина Нохчийчуьрчу полисхочуьнга, ткъа иза Iедале латкъа воьлча, гей ву аьлла, вийна. Оцу хьокъехь яздо "Новая газето". Цо арахецна Кадыров Ахьмадан цIарх йолчу хадаран полкан белхахо хиллачу Гезмахмаев Сулимана ден тоьшалла. Полисхо лаьттинчо дийцина ша Нохчийчохь нах лоьцуш болх барх а, и нах тIаьхьо байъарх а лаьцна. Гезмахмаевс тоьшалла дарехь, 2016-2017 шерашкахь дакъалаьцна масех стаг лоцуш, ларбина уьш Кадыровн цIархачу полкехь. Читать дальше...

Оьрсийчуьрчу бизнесехь йоккху са 12 шо хьалха бен ца хилла оццул лахъелла

Radiomarsho.com 

Яккхийчу а, юккъерчу хьесаперчу а фирманаша, компанеша йоккху са 2020-чу шарахь лахъелла 23,5%. Иза тIаьххьарчу 12 шеран рекорд ю пачхаьлкхехь. Дуьненаюкъарчу аудит-консалтинган FinExpertiza машано бинчу талламо гойту 2020-чу шарахь яьккхина са 12 триллион 240 миллиард соьманна хилар – 2019 шарахьчул 4 трлн. сом кIезиг. 2008-чу шарахь бен ца хилла совдегаршна оццул кIезиг са, билгалдоккху талламчаша, яздо "Ведомости" газето. Пачхьалкхерчу 85 регионехь фирманийн, корпорацийн финансийн терахьаш эгна... Читать дальше...

Байденан Iедалехь лаккхара даржаш дIалаца Iалашо ю бусалбанийн

Radiomarsho.com 

Цкъа а ца хиллачу кепара дукха бусалба наха дакъалаьцна Америкехь хиллачу президентан харжамашкахь. Царах 60 сов проценто шайн кхаьжнаш дIаделла президентана Джо Байденна. Цхьаберш хIинца хеташ бу КIайн ЦIийнехь болх беш алсам бусалба нах хилийта беза аьлла. "Американ аз" зорбан гIирсан корреспондента Салим Юнис къамел дина Цхьаьнатоьхначу Штаташкарчу бусалбанашца. Цунах лаьцна хIара репортаж кечйина Поервади Новас.

Ставропол-мехкан министрийн кабинет дIасахецна -коррупцина духьалояран аудит

Radiomarsho.com 

Ставропол-мехкан губернатора Владимиров Владимира мехкан министрийн кабинет балхах йохийна, вице-премьер Золотарев Александр баккхий кхаънаш эцарца доьзна лаьцначул тIаьхьа. Премьеран массо а гIовсаш зуьйр бу корруцица боьзна бу я бац толлуш. Iедалан куьйгалхой даржех мукъабахар Ставропол-мехкан губернатора дIакхайкхийна шен инстаграм-агIонехь Зазадоккху-беттан 15-чохь. Цара кхидIа даржаш ханна кхочушдечийн статусехь бийр бу болх, аьлла ду билгалдаккхар. "Низамаллин урхаллаша коррупцех хьакхавелла... Читать дальше...

Ставропол-мехкан вице-премьер лаьцна даккхий кхаьънаш эцарх йолчу шеконца

Radiomarsho.com 

Ставрополерчу Промышленный кIоштан кхело Стигалкъекъа беттан 12-чу дийне кхаччалц йолчу ханна лаьцна Ставропол-мехкан вице-премьер Золотарев Александр, хаам бо Радио Свободас. Эцначу кхаьънех уггаре боккханиг - 45 миллион сом – талламо бахарехь, махкарчу онкологин диспансерна дарбан-диагностикан гIишло йилла лаам болчу организацина контракт лург баьккхина Золотаревс. Бахарехь, кхаьънаш эцарна айбинчу бехктакхамна юкъаозийна Ставропол-мехкан гIишлошъяран а, археитектурин а министран хьалхара гIовс Когарлыцкий Алексей а. Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *