Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Март
2021
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
14
15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 23.03.2021

"Кадыровна коьртах тIара тоьхна" Алаудинов цуьнан гIоьнча хIоттийна

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочун гIоьнча хIоттийна чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIовс лаьттина Алаудинов Апти. "Грозный-информ" агенталле бина и хаам зорбанан министро Дудаев Ахьмада. Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран омрица даржера дIаваьккхира 2011-чу шарахь дуьйна чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин Нохчийчуьрчу урхаллин буьйранчин гIовс лаьттина инарла-майор Алаудинов Апти. ТIаьххьарчу хенахь иза наггахь бен ца нислора официалан барамашкахь – хуьлучу Iедалан, мехкан куьйгалхочун кхеташонашкахь. Читать дальше...

Царнаевн кхелан сацам юхалистар, нохчийн Iедалохойн "пафосе" дIахьедарш, Хьабиб рейтингашкара дIаваккхар

Radiomarsho.com 

Царнаев Джохарна вен кхайкхийна сацам юха а луьстур бу; Нохчийчоьнан СПЧ реза яц Оьрсийчоьнан СПЧ-н комиссина; UFC-н массо а рейтингашкара дIаваьккхина Нурмагомедов Хьабиб

"БIаьхойн рицкъ диина аш". ХIирийн медикашна ца делла "ковид-ахча"

Radiomarsho.com 

Бесланерчу Къилбаседа Кавказан медицинан центран белхахошна дIа ца делла ковид-хьелашкахь алапашна тIетоьхна хилла ахча. Пандеми йолалуш церан дарбан цIа официалехь ковид-пациенташ тIеэца кечйина ца хиллехь а, цо кхочушдина Чиллан-бутт герга кхаччалц "орцан медицинан" декхарш : лаккхарчу технологийн тIегантIехь дарбанаш лелочу центрах коронавирус кхетта пациенташ чуоьцу хIусам йира центрах. COVID-19 цамгар йолу 1972 стаг чекхвала центрехула, амма и ун лаьцна цигарчу медикийн персоналах доккхахчу декъо ша а. Читать дальше...

Малхбузено Китайна санкцеш кхайкхийна Синьцзянехь Iазап латторна

Radiomarsho.com 

Оршотан дийнахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа, ЕвроБарто, Британино, Канадас санкцеш яьхна Китайрчу даржахошна духьал Синьцзянехь адамийн бакъонаш эшорна – иштта ю Цхьаьнатоьхначу Штатийн коьрте керла президент Джо Байден хIоьттинчул тIаьхьа Малхбузено, шен гIулчаш берта а ерзош, дуьххьара юкъахь тIеэцна акци.

UFC-н массо а рейтингашкара дIаваьккхина Нурмагомедов Хьабиб

Radiomarsho.com 

UFC-н массо а рейтингашкара дIаваьккхина ийначу кепехь латаран чемпион волу дагестанхо Нурмагомедов Хьабиб, цо шен спортан карьера ерзорца доьзна, хаам бо Спорт агенталло. 32 шо долчу чемпионо спорт йитарх дахначу кIиранах официалехь дIахьедина UFC-н куьйгалхочо Уайт Дэйна. Лурчаха ГIадужу -баттахь UFC-н рейтинган коьртехь вара Нурмагомедов, ткъа хIинца оцу могIаре юхавеана Американ латархо Джонс Джон. 32 шо долчу Нурмагомедовс ша эйинчу кепийн летаршкахь волуш дIадаьхьина 29 цхьаьнакхетар, ца эшна цкъа а. Читать дальше...

СПЧ-н комиссино "Новая газетехьа" озабезамаш бо аьлла, тешна бу нохчийн Iедалхой

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочун цIарах адамийн бакъонаш Iалашъечу Кхеташонна ца тайна нохчийн Iедалхошна а, "Новая газетана" а юкъахь иккхинчу конфликтан хьокъехь Оьрсийчоьнан президентехула бакъонаш ларъечу комиссино (СПЧ) хадийна мах. Газетехьа озабезамаш а боцуш гIуллакх листаран метта, цара факташ харцахьа а йохуш, церан агIо лацарх тешна бу уьш. Дахначу оршотан дийнахь СПЧ-н комиссино дIахьедира, магийначу къамелийн гурашкара даьлла Нохчийчуьрчу Iедалхойн а зорбанхойн а дов аьлла. Нагахь санна... Читать дальше...

Къилбаседа Кавказехь коронавирусах дийнахь-буса велла 22 стаг. Цомгуш хилла кхин а 383

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла 22 дархо. Вирус къаьстина кхин а 383 стагаца. Оперативан штабан зерашца, тIаьххьарчу 24 сахьтехь COVID-19 вирусах кхелхина Краснодаран кIоштахь 12 пациент, Ставрополан махкахь велла - пхиъ, Дагестанехь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а шишша кхелхина. Верриг а Къилбаседа Кавказехь ун даьржичхьана коронавирусах велла лоруш ву 8 385 стаг. Къаьсттина дукха бу тIаьххьарчу лараршца цомгаш нах Краснодаран кIоштахь - 119 стаг. Краснодаран... Читать дальше...

Инарла прокуратуре яьлла Москалькова лачкъийначу шина нохчийн кIентан хьокъехь

Radiomarsho.com 

Лахарчу Новгородехь лаьцна вигинчу Нохчийчуьрчу шина вахархочун Магамадов Салехьан а, Исаев Исмаилан а гIуллакх таллар дехна федералан омбудсмено Москалькова Татьянас Оьрсийчоьнан инарла прокуратуре. Кху шеран Чиллан-баттахь Гуьмсе дIакхачийра и шиъ, тIаьхьо бехкаш дехкира цу шинна гIаттамхошна юучуьнца гIо латтийна ву аьлла. Оьрсийчоьнан омбудсменан пресс-гIуллакххоша хаам барехь, Зазадокху-баттахь Москалькован цIарах хаамийн гIирсашкахула диллина кехат кхаьчна шина кIентан ненера Магамадова Зараэра. Читать дальше...

Дагестанан куьйгалхо лаьттинчун вешина 12 шо хан тоьхна

Radiomarsho.com 

Москварчу кхело шогачу рожан колонехь даккха 12 шо хан кхайкхийна Халкъан гуламан депутат хиллачу Абдулатипов Раджабна. Иза бехкевина баккхийчу барамашкахь кхаьънаш эцарна а, хьарамлонаш лелорна а. Цул совнах, Абдулатипов декхаре ву бархI миллион сом гIуда такха а. Иштта, кхелахоша дихкина цунна пхеа шарана финансийн-бахамца доьзна пачхьалкхан белхашкахь даржаш дIалеца а. Дагестанан хиллачу куьйгалхочун Абдулатипов Рамазанан ваша ву Абдулатипов Раджаб. Иза лецира ХIинжа-ГIалахь Гезгамашин-беттан 26-чу дийнахь. Читать дальше...

Царнаев вуьйш бина сацам юхаэцар толлур ду Лакхарчу кхелехь

Radiomarsho.com 

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Лакхарчу кхело дIакхайкхийна, 2013-чу шарахь Бостонерчу марафонехь динчу терактна бехкеболчех дийна висинчу Царнаев Джохарна вен кхайкхийна вердикт юха меттахIоттадайта хьовсур ду шаьш аьлла. CBS News гIирсо яздо цунах лаьцна. Мел а лахарчу инстанцин кхело бина сацам юхабаккхийта хьийзачу юстицин министралло динчу дехарца Лакхарчу кхело луьстур долуш ду и хаттар. Трамп Дональда а, инарла прокурора а емал бина и сацам.  "Бостонера террорхочунна Царнаев Джохарна... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *