Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Март
2021
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
14
15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 11.03.2021

Къилбаседа Кавказ хьалхара ю 2020 шеран баларшца. Нохчийчохь ду хьал массанхьачул а эшна

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказан федералан гонехь 2020 шарахь беллар нах бу лурчахчул 22,4% сов. Оцу терахьца регионо 1-ра меттиг баьккхина Оьрсийчохь. ШолгIачу а, кхоалгIачу а меттигашкахь бу Проволжски а, Центральни а федералан гонаш – 22,1% а, 18,6% а. Иштта ю "Петербургская политика" фондо хIоттийна рейтинг. Талламо бахарехь, уггаре лакхара ду баларш Нохчийчохь. 2019 шарца дуьстича, стохка цигахь шоззанне ца кхоччуш лакхадевлла баларш – 44,5%. Нохчийчоьнал тIаьхьа ю баларийн терахьца Дагестан – 34%, цул тIаьхьа йог1у ГIалгIайчоь – 29,1%. Читать дальше...

"Банд-баьччанаш" Бастрыкина хIаллакбина, ткъа Германерчу полицино нохчашна тIелетта зуламхой лоьху

Radiomarsho.com 

Массо а "банд-баьччанаш" хIаллакбина Къилбаседа Кавказехь, аьлла ФСБ-н директора; Австрехь хенаш тоьхна нохчийн зударшка "гIиллакх лардайта" гIиртинчарна; шина нохчочунна тIелетта 18 стаг лохуш ю Германера полици

Австрехь хенаш тоьхна нохчийн зударшка "гIиллакх лардайта" гIиртинчарна

Radiomarsho.com 

Пхи нохчочунна таIзарш къастийна Австрехь кхело, уьш Венехь шайн къоман зударий, нохчийн гIиллакх, бусалба ламасташ ларде бохуш, хьийзорна. Талламо бахарехь оцу пхеа стага зуламе тоба кхоьллина, шайна тIеэцна "оьздангаллин полицин" декхарш, яздо Die Presse газето. ТIера духар гIиллакхца догIуш дац аьлла хетачу нохчийн зударийн суьрташ социалан машанашкарчу къевлинчу агIонашка хIиттош хилла цара, йиттина меттигаш а бу, боху газето. Набахтин хенаш кхайкхийначех воккхахволучуьн 38 шо ду. И цхьаъ ву дуьззина бехкевинарг. Читать дальше...

"Юхабоьдуш боцу некъ". Иттаннаш нохчий арабохуш бу Австрера

Radiomarsho.com 

Австрехь депортацин набахташкахь депортацин ян кебина латтош бу иттанаш нохчий. МухIажираша чIагIдо, ницкъаллин структурийн белхахоша даймахкахь, тIехь ницкъ а бина, дайъа мегаш бу шаьш, бохуш. Цара латкъамаш бо кхелашкахула, кредиташ а оьцуш, адвокаташ лоьцу, амма Австрин федералан конституцин кхел шечунна тIаьхь лаьтта. Депортацина кIеллахь берш коьртачу декъана кегийрхой а бу, 40-60 шераш долу масех стаг а ву. Царах дукхаха берш Австре кхаьчна бераш долуш. Деца-ненаца цхьаьна мухIажарийн статус елла царна, цигахь кхиъна а бу уьш. Читать дальше...

ХIинжа-ГIалахь полицина тIе герз тоьхна. Антитерроран операци ю дIахьош

Radiomarsho.com 

ХIинжа-ГIалахь герзаш диттина вовшашна тIе полицино а, бевзаш боцчу наха а. ТАСС агенталлин информацица, иза нисделла полисхой террорхойх лаьцна бина хаам талла бахначохь. Лазийна, вийна стаг ву аьлла бина хаам бац. Хууш дац маса стаг ву тIелеттарг. Дагестанан коьртачу шахьарарчу Советски кIоштахь контртерроран операци кхайкхийна. "Зазадоккху-беттан 11-чохь, 10:15 хан йолуш, ФСБ-н Дагестанерчу урхаллин буьйранчас контр-терроран операци кхайкхийна ХIинжа-ГIалин Советски кIоштан административан дозанашна чохь", – боху ТАСС-ан хьостано. Читать дальше...

Шина нохчочунна тIелетта 18 стаг лохуш ю Германера полици

Radiomarsho.com 

Берлинан полицино лоьху 31 а, 43 а шераш долчу шина нохчочунна 2020-чу шеран Лахьан-беттан 8-чохь тIелетта I8 стаг. Кху беттан 10-чохь Берлинан полицерчу талламчаша зорбанехула даржийна тIелеттачу 34 стеган суьрташ. Шина нохчочунна еттар доьзна хила тарло нохчашний, Iаьрбашний юкъахь иккхинчу девнаца, яздо Берлинерчу Мorgenpost газето. ТIелетта шина нохчочунна буса. Хаамийн гIирсаша дийцарехь, уьш ларамза нисбелла зуламхойн новкъахь. Лазийначу шиннах цхьанна урс тоьхна ханах. Германерчу... Читать дальше...

Массо а "банд-баьччанаш" хIаллакбина Къилбаседа Кавказехь, аьлла ФСБ-н директора

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказехь "таханенна дIабаьхна терроризман жигараллин коьрта бенаш а, массо а банд-баьччанаш а", дIахьедина Оьрсийчоьнан Кхерамзаллин урхаллин (ФСБ) директора Бортников Александра Халкъан антитерроран комитет кхоьллина 15 шо кхачарца доьзна "Российской газетана" ша еллачу интервьюхь. "5-I0 шо хьалха бандитийн къайлаха лела болам латтарца Къилбаседа Кавказо шех къехкабора хьеший, хIинца иза ю Оьрсийчохь туристашна алссам езаеллачу агIонех", – аьлла Бортниковс. Цо бахарехь, тIемалой... Читать дальше...

ГIалгIайчуьрчу вахархочунна бехк тIебаьхьна чIир эцарна

Radiomarsho.com 

Несарахь лаьцна 58 шо долу вахархо, иза бехкево яхначу гурахь цо 37 шо долу Соьлжара стаг верна. Талламан комитетан ГIалгIайчуьрчу урхаллин сайта тIерачу хаамо бахарехь, стаг вер бахьана хилла чIир. Лаьцнарг бехкево адам дерна а, низамехь а доцуш герз лелорна а. "Кавказский узел" газетан информацица 2020-чу шеран Лахьан-баттахь вийнарг хилла полицехь болх бина Соьлжара вахархо. Дов иккхина хилла Джейрахера бIаьвнаш хьенан ю къуьйсуш, лаьттина дехха шина тайпанна юкъахь. Цхьана декъехь аьлча... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *