Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Март
2021
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
14
15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 08.03.2021

Къилбаседа ХIирийчуьрчу стага шен хIусамнана йийна, цул тIаьхьа ша шена тапча тоьхна

Radiomarsho.com 

Къилбаседа ХIиричуьрчу Алагирехь кIиранан буьйсанна меттигерчу 35-40 шо долчу стага шен хIусамнана йийна. Гергарчу нахе бераш дIа дигина, юха веанчу цо, тапча тоьхна зуда ен а йийна, полицига хаам бина хилла. Цул тIахьа ша шена герз тоьхна, велла. Хиллачу инцидентах Кавказ.Реалиин корреспонденте дийцина меттигерчу полицин декъехь. Кхин сов даьккхина зуламах хууш хIума дац. Къилбаседа ХIирийчуьра Талламан комитетан белхахоша талла долийна гIуллакх. Ши кIира хьалха БуьритIерчу кхело набахтехь даккха... Читать дальше...

Масхадов дагалацар, орца оьшу тутмакх, бусулбачийн духарна дуьхьалбевлла швейцараш

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан президент лаьттина Масхадов Аслан вийна16 шо кхечи; нохчийн криминалан авторитет меттахь висина; яххьаш къайлайоху духар а, коьрта тохкурш а лелаяйта дуьхьал бу дукхахболчу Швейцарера харжамхой

Шен тIаьххьарчу интервьюхь а машар хьехийра президента Масхадовс

Radiomarsho.com 

Нисса 16 шо хьалха, 2005-чу шарахь Зазадоккху-беттан 8-чу дийнахь, Девкар-эвлахь, нехан кертахь вийра Нохчийчоьнан президент Масхадов Аслан. Официалан хаамца, иза яра Оьрсийчоьнан ФСБ-н белхахоша дIаяьхьна леррина операци.

Яххьаш лечкъо духар лелон доьхкуш ду бусулбанашна Швейцарехь

Radiomarsho.com 

Яххьаш къайлайоху духар а, коьрта тохкурш а лелаяйта дуьхьал хилар дIахаийтина дукхахболчу Швейцарерчу харжамхоша. SFR телерадиокорпорацино а, Tagesanzeiger ресурсо а динчу лараршца, 51 сов процент пачхьалкхан бахархой дуьхьал бу шайн урамашкахь яххьаш хьулйина нах дIасалелийта. Оьрсийн Радио Свобода сервисо бина цунах лаьцна хааам. Швейцарин конфедерацин 26 кантонах дукхахболучара кхаьжнаш тесна бехкам барехьа. Референдуман жамIаш хийцадала тарло боллу кхаьжнаш багарбинчул тIаьхьа аьлла, хьажам... Читать дальше...

Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 20 дархо

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь-буса коронавирусан уьнах велла 20 дархо, вирус хааелла кхин а 423 стагаца. Оьрсийчоьнан Iедалхойн официалан зерашца, Краснодаран кIоштахь COVID-19 уьнах кхелхина 14 стаг, Ставрополан махкахь - пхиъ, ГIебарта-Балкхаройчохь - цхьаъ. Верриг а ун даьлла ву Къилбаседа Кавказехь 8 048 стаг. Къаьсттина дукха бу вирус токхурш тIаьххьарчу 24 сахьтехь гучудаларца, Краснодаран кIоштахь - 137 дархо. Краснодаран кIошт + 137 (39 570 ву пандеми яьржичхьана) Ставрополан... Читать дальше...

Новосибирскехь лаьцначу Нохчийчуьрчу криминалан авторитетна лоьраш тIе ца буьту

Radiomarsho.com 

Новосибирскехь лаьцна хилла нохчийн криминалан авторитет Солтаханов Бай-Iела вола а ца луш висина, катоьхна цуьнан хоттаргашна ян езаш операци ю аьлла, хаам бина "Сиб.фм" гIирсо, шайн хьостана тIетевжина. Иза дарбан цIийне охьавилла дуьхьал бу хIетте а колонин белхахой. "ЧIагIйинчу режиман зонехь" латтош ву иза шийлачу камера чохь. Хьалхо Маршо Радионо яздира, криминалан авторитетна 8 шарера 15 шаре кхаччалц хан кхачайо, иштта, пхи миллион сом гергга гIуда а догIу аьлла. "Талламна къаьстина... Читать дальше...

Нохчийн президент лаьттина Масхадов Аслан вийна 16 шо кхечи

Radiomarsho.com 

Тахана, Заздоккху-беттан 8-чохь - 16 шо кхечи 1994-1996-чу шерашкахь Нохчийчоьнан президент лаьттина Масхадов Аслан вийна. 2005-чу шеран Зазадоккху-беттан 8-чу дийнахь «Интерфакс» агенталле бира и хаам Регионерчу штабан (РОШ) Къилбаседа Кавказехь терроран операцин урхалла дечу векало Шабалкин Ильяс. "Ас тоьшалла до Масхадов Девкар-Эвлахь хиллачу тIематасадаларшкахь вийна хиларх. Иза лечкъана хилла оцу юьртарчу цхьанан цIийнан бухарчу бункерчохь», - аьлла бара Шабалкинан хаам. Масхадов Аслан вина... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *