Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Март
2021
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
14
15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 25.03.2021

Гайтаме спектакль: муха митингашка хьийсабо Нохчийчуьра белхахой

Radiomarsho.com 

Яхначу аьхка Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа дуьхьалъяьхначу санкцеша санна, полисхо лаьттинчо махкахь нахана тIехь Iазапаш лелорах дийцаро а, Iедалхоша шаьш лардаран механизмаш йолийна, меттигерчу бахархойн "протестийн" кепехь. Юкъараллан палатас а, регионерчу хьаькамаша а латкъамаш бо эладита долорна, ницкъахоша Оьрсийчоьнан президенте доьху, шайн сий дойъучу публикацех ларде шаьш, бохуш. ХIара дуьххьара дац, Нохчийчоьнан бахархой Iедалехьа лелочу пропагандина юкъаийзош. Читать дальше...

Кадыровга хаьттича, Нохчийчохь нах байъар , цхьамма кхоьллина туьйра ду

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь кхел йоцуш байъинчу нахах "Новая газете" полисхо лаьттинчу Гезмахмаев Сулимана дийцина тоьшаллаш "туьйранаш" ду аьлла, мехкан урхалхочо Кадыров Рамзана. Материал зорбане яьккхинчул тIаьхьа Гезмахмаевн гергарчарна кхерамш тийсина, ткъа газетан редакцина Iаткъам бан буьйлабелла.

Терроризмца возавелла хила тарлуш волу 200 дагестанхо ву лохуш

Radiomarsho.com 

2020-чу шарахь Дагестанан бахархойх 10 стаг лецира Оьрсийчоьнан дозанал арахьа террористийн цхьаьнакхетараллашкахь лелла хиларх йолчу шеконца, кхин а 186 стаг ву дуьненаюкъарчу лехамашка велла. Иштта ду Дагестанан парламентан кхеташонехь мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин урхалхочо Магомедов Iадбурашида довзийтина терахьаш. Терроризман зуламийн декъахь хиларна дерриг а 2020-чу шарахь Дагестанехь лаьцна 61 вахархо, "Интерфаксо" довзуьйтучу шен дIахьедарехь Магомедовс боху, царех 26 ву "тебна Iачу тобанех". Читать дальше...

Дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь уьнах 19 стаг велла. Цомгуш хилла кхин а 420

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирус кхеттачу нахах 19 пациент дIаваьлла, цомгуш хилла кхин а 420. Оперативан штабан хаамца, Краснодар-махкахь COVID-19 цамгарх велла 11 стаг, Ставропол-махкахь – 3, Дагестанехь, ГIебарта-Балкхаройчохь – шишша, Кхарачой-Чергазийчохь – цхьаъ. Къилбаседа Кавказехь пандемин муьрехь уьнах велларг верриг а ву 8 429 стаг. Массанхьачул дукха бу коронавирусо дийнахь-буса лецна нах Краснодар-махкахь – 118 вахархо. Краснодар-мохк + 119 (41 699) ... Читать дальше...

Къилбаседа ХIирийчохь депутат вийна. Дакъа карийна Бесланна гергахь

Radiomarsho.com 

Къилбаседа ХIирийчуьрчу Правобережни кIоштахь карийна Бесланерчу гIалин думин депутатан Торчинов Тамерланан дакъа. Оцу хьокъехь Кавказ.Реалиига хаийтина кIоштарчу Iедалан хьасташа. Ницкъаша вийначу Торчиновн дакъа дIалачкъийна хилла Бесланна гена йоцчу Фарн юьртанна хи латточу меттигехь. Депутатан валар стенах ду толлуш бу кхелан-медицинан экспераш. Хьастийн информацица, Торчинов вер дозуш хила тарло ХIирийчохь хьалха шерашкахь иккхинчу зуламца – 2013-чу шарахь Бесланехь герзаш диттира велла... Читать дальше...

Буденновскна тIелеттачу Нохчийчуьрчу вахархочун гIуллакх кхеле кхачийна

Radiomarsho.com 

Закъалтхой лецарна а, теракт дарна а, нах байъарна а бехкаш тIаьххьара а тIечIагIдина Нохчийчуьрчу вахархочунна Черхигов Хазвахина, хаам бо Инарла прокуратуро. Къилбан тIеман кхелехь хоттур долуш ду цуьнан дов. Талламан версица, 1995-чу шеран Товбеца-баттахь Басаев Шемала буьйралла а деш, Ставрополан кIоштарчу Буденновскна тIелетта ву Черхигов. Оцу зуламехь кхелхира 129 стаг, 317 вара чевнаш хилларг, 1 586 стаг йийсаре а лаьцна, закъалтехь латтийра. Оьрсийчоьнан Талламан комитето чIагIдо, хIетахь 198 машен йохийна хиларх а... Читать дальше...

Нохчийчохь нах байъина бохург "туьйранаш" ду, боху Кадыровс

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь кхел йоцуш байъинчу нахах  "Новая газете" полисхо лаьттинчу Гезмахмаев Сулимана дийцина тоьшаллаш "туьйранаш" ду аьлла, мехкан урхалхочо Кадыров Рамзана. Материал зорбане яьккхинчул тIаьхьа Гезмахмаевн гергарчарна кхерамш тийсина, ткъа газетан редакцина Iаткъам бан буьйлабелла. Европехь шена тховкIело ялийтархьама Кадыров Ахьмадан цIархчу полкан белхалочо шеггара дийцина хIуманаш ду уьш аьлла, дIахьедина Кадыровс регионалан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан йоьдучу кхеташонехь. Полисхо хилла Гезмахмаев наркоман вара... Читать дальше...

Псковрчу десантхошца тIом бина ву аьлла, лаьцна Москвахь поэт Арбинин Шемал

Radiomarsho.com 

Басаев Шемалан тобанан декъашхо хилла ву аьлла, нохчийн поэт Арбинин Герман (Шемал) лаьцна Москвахь, 2000-чу шарахь Псковрчу десантхошна тIелеттачарлахь дакъалаьцна ву, гергарчу заманчохь бехкаш кховдор долуш ду цуьнга, боху прессехь. Оьрсийчоьнан Талламан комитетан пресс-векалто бина цунах лаьцна хаам, яздо "Интерфаксо". Социалан машанашкахь алссам яьржина, евзаш ю Арбининан байташ. Цо бандиталла а лелийна, иза зуламхойн тобанехь лаьттина, полисхошна кIело а йина аьлла, шеконаш ю талламчийн. Карарчу хенахь дIахьош талламаш бу... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *