Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Май
2023
1 2 3
4
5
6
7
8 9 10 11 12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23 24 25 26
27
28
29 30 31

Новости за 01.05.2023

Мусаева Заремин гIуллакхера шеконе экспертиза дIайаккхар ца магийна кхело - адвокат

Radiomarsho.com 

Соьлжа-гIаларчу кхело Мусаева Заремин гIуллакхна йуккъера шеконе материалаш дIа ца йохуш, йита, сацам бина. Оппозицин нохчийн жигархойн ЯнгулбаевгIеран Абубакаран, ИбрахIиман, БойсгIаран нана Мусаева Зарема шен Нижний Новгородерчу хIусамера кадыровхоша лачкъийна дIайигина йу, чоьхьарчу гIуллакхийн белхалочунна гIело йарна бехке лоруш, жоьпе озийна, кхел йеш, латтош йу. Кавказ. Реалии сайте адвокато Немов Александра дийцарехь, хьехош йерг генетикан экспертиза йу. Мусаева Заремин мIарашца карийначу цIийн лараш. Читать дальше...

Нохчийчуьра некъаш минех цIандеш ши эскархо иккхина - Зорбанаш

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу Шела гIалин йисттехь некъаш тIера минаш лохуш ши эскархо иккхина. И шиъ тайп-тайпачу чевнашца госпитале кхачийна. ASTRA телеграм-канало дийцарехь, инцидент  хилла охан-беттан 27-хь. Цу дийнахь лазийна Санкт-Петербургера "Центр гуманитарного разминирования" белхало  А.Михаил, 33952 эскаран декъан саперийн батальонан цхьана ханна хIоттийна буьйранча  П.Дмитрий Девзачу хьостанаша дийцарехь, и дакъа Нохчийчуьра Наур кIоштан Калиновская станицехь лаьтташ ду. Baza телеграм-канало дуьйцу... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *