Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Май
2023
1 2 3
4
5
6
7
8 9 10 11 12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23 24 25 26
27
28
29 30 31

Новости за 10.05.2023

Нохчийн жигархойн ЯнгулбаевгIеран жимахволу ваша федералан лехамашка велла

Radiomarsho.com 

Суьдхо лаьттинчу Янгулбаев Сайдин кIант, нохчийн жигархойн ИбрахIиман а, Абубакаран а жимахволу ваша – Байсангур -  федералан лехамашка велла хилла. Цунах лаьцна дуьйцу чоьхьарчу гIуллакхийн базерчу хаамашна тIетевжина "Коммерсанто". Жигархо мича бахьанашца лоьхуш ву – хууш дац. 2022-чу шеран лахьан-баттахь Росфинмониторинган экстремистийн а, террорхойн а федералан тептаре  вазвира иза – и сацам хIетахь кхайкхийна бацара. Янгулбаев Байсангур Оьрсийчуьра дIавахна 20021-чу шарахь шен вешица ИбрахIимца. Читать дальше...

Нохчийн журналист Гериев Жалавди Гуьржийчу ца витна

Radiomarsho.com 

Нохчийн журналист Гериев Жалавди шайн пачхьалкхе вита дуьхьал хилла гуьржийн дозанхой. И сацам къовса дагахь ву иза. Стигалкъекъа- беттан 6-чохь Тбилиси веанера иза Будапештера. Цо дийцарехь, дозанхоша цуьнгара кехаташ схьадаьхна хилла талламбан, цул тIаьхьа журналист цхьана чу а вигина, дIахьедина цуьнга, пачхьалкхе вар цунна дихкина ду аьлла. Бахьана ца хаийтина, йаздо OC Media ресурсо. Ша Гериевс церан сацам бузу гуржийн дозанхой Къилбаседа Кавказера бахархошца гIоьртина хиларца, къаьсттина Нохчийчуьра. Читать дальше...

Кадыровн а, Пригожинан а дIахьедаршна тIехь йина пиар

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан, Кремлехь шен дош лелар меттахIотто хьийзаш ву, цундела тIеман министраллица долчу девнехь цо ЧВК "Вагнеран" долахочун Пригожин Евгенийн агIо лаьцна. Ишта хьесап дина Американ ТIом талларан институтан аналитикаша. Эксперташа хилларг тIеман министраллин шантаж йу элира.





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *