Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Май
2023
1 2 3
4
5
6
7
8 9 10 11 12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23 24 25 26
27
28
29 30 31

Новости за 24.05.2023

Соьлжа-ГIаларчу кхело кхозлагIа а сацамбина, Тепсуркаев Салманан хIусамнанa волайнхо ца лара

Radiomarsho.com 

Оппозицин 1ADAT телеграм-каналан модераторан Тепсуркаев Салманан хIусамнана волайнхо хиларна даре ца дина Соьлжа-гIаларчу кхело. Латкъам "Iазапашна дуьхьал Команда" цхьаьнакхетараллин юристаша чубеллера. Цул хьалха хиллачу цу кеппарчу шина сацамна  а Нохчийчуьра лаккхарчу кхелехь  латкъамаш бира. "Бахьанаш хьалхалерчу сацамашкахь хилларш ду. Амма Лаккхарчу кхело билгалдаьхна кхачамбацарш хьалхарчу инстанцино ца лору",- Кавказ. Реалии корреспонденте дийцира "Iазапашна дуьхьал Команда" цхьаьнакхетараллин юристо Веретенников Романа. Читать дальше...

Шеконаш бахьанехь Даймахкахь гIело йина нохчо Оьрсийчу дIавала тарло Эрмалойчоьно

Radiomarsho.com 

Эрмалойчуьра кхело луьстур ду Оьрсийчу дIавала кечвинчу нохчочун Мукаев Салманан гIуллакх - 2021-чу шеран дечкен-баттахь ницкъахоша гIело йира цунна, боьршачу нахаца уьйрашкахь хилла аьлла, шеконе лаьцна. Даймахкахь цунна гIаттийна бехктакхаман гIуллакх ду, бакъонза хIусамехь герз латторна - Мукаевна долийна гIуллакх низамца ца догIуш хета бакъонашларйархошна. "СК SOS"кризисан-тобанан векало Мирошникова Александрас Кавказ. Реалии корреспондентана дийцира, Мукаев шина шарахь кризисан хIусамехь Iаш хиларах... Читать дальше...

Полисхочо бехктакхаман гIуллакхехь харцо лелорна Нохчийчуьра прокуратуро а, кхело а даредина

Radiomarsho.com 

Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин Теркан кIоштарчу декъера белхалочо "наркотикашца" доьзна харц гIуллакх вовшатоьхна. Цо бехке лерийнарг ву меттигера вахархо Закиев Тимур. Прокуратурo а, кхело а шеконе диллина иза, цара и йухалиста чуделла. 2023-чу шеран чиллин-беттан 21-хь Закиевна марихуана лелорна аьлла бехкевина, шарахь такха цIарна хан туьйхира. Сацам шатайпачу низамехь бина бара. Аьлча а, бехкан тоьшалла доццушехь. Стигалкъекъа-баттахь гIуллакх йухаталла Нохчийчуьра лакхарчу кхеле кхечира... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *