Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Май
2023
1 2 3
4
5
6
7
8 9 10 11 12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23 24 25 26
27
28
29 30 31

Новости за 30.05.2023

Террорхошца уьйраш хила тарло аьлла лаьцна витина нохчийн адвокат Идалов

Radiomarsho.com 

Нохчийн адвокат Идалов Тимур Iалашвечийн ницкъ ца тоьъна иза лацар къовса – къайлахчу сервисийн а, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин а белхахоша дIахьедина, террорхойн тобанашца а, нохчийн зуламхошца а цуьнан уьйраш хила тарло аьлла. Шина баттана лаьцна вуьтуш СИЗО хьажийна Идалов, прокурорна кхерамаш тийсарна. ГIуллакхан материалашна йукъатоьхна ФСБ урхаллин куьйгалхочун жоп, цу тIехь боху, Идаловн "шуьйра уьйраш йу кеп-кепарчу дуьненайукъарчу террорхойн йукъараллашца, нохчийн зуламхойн тобанашца а". Читать дальше...

Соьлжа-ГIалахь йолчу МГУ-н филиал кечйийр йу нохчийн Iедалхошна гергарчу фирмо

Radiomarsho.com 

Гезгамашин-баттахь Соьлжа-ГIалахь схьайоьллур йу Москвара Ломоносовн цIарахчу пачхьалкхан университетан филиал.  Цунна оьшу гIирс дIахIоттор бу, хетарехь, Оьрсийчоьнан депутатца Делимханов Адамца йоьзначу "Смарт Билдинг" компанино. Стигалкъекъа-беттан 29-чохь премьер-министро Хучиев Муслима цхьа могIа тIедахкарш дира МГУ-н филиал республикехь схьайеллийта: марсхьокху-бутт тIекхачале "Смарт Билдинго" гIирс а, оргтехника а дIахIоттон йеза, иштта лакхарчу доьшийлан пхи аудитори чохь хинйолчу кампусна йийбар а. Читать дальше...

"Серий цIаза пIелгаш тIе тесира": таIзарех веддачу нохчочо - гейш хьийзорах, дIаваларна болчу кхерамах

Radiomarsho.com 

Боцчу бехкана, йоцу цIе тиллина, даймахкахь гIело йина нохчочунна Мукаев Салманна. Оьрсийчу дIаваларан кхерам болуш, Эрмалойчохь ву иза хIинца. Соьлжа-гIалахь ницкъахоша тоькаца таIзарш дина цунна. Видеокамера латийна, божаршца уьйр йолуш хиларна харц даредайтина цуьнга, мехах лаьцначу хIусаме ЛГБТ-нах кхийла безар бу ахьа баьхна. Цара лачкъийна дIавигначул тIаьхьа, боьхна Мукаевн доьзал: итт шарахь цуьнца Iийна хIусамнана шен цIерачара дIайигна. Республикехь цунна дуьхьала долийна гIуллакх ду, иза федералан лехамашка велла ву. Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *