Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Май
2023
1 2 3
4
5
6
7
8 9 10 11 12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23 24 25 26
27
28
29 30 31

Новости за 25.05.2023

Кадыровн пиар-тайниг? Боьхна доьзалаш цхьаьнатохаран  комиссеш муха болх беш йу Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Пхи шо а ду Нохчийчохь боьхна доьзалаш цхьаьнатухуш болх бен комиссеш йукъайаьхна. Уьш урхаллашна йуккъехь вовшахтоьхна тобанаш йу. И болх республикин куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIаболийна бу. ДIадаханчу шеран чакхенехь мехкан куьйгалло дIахьедира, и комиссеш бахьана долуш кхо эзар сов доьзал цхьаьнатоха аьтто баларах. Охан-беттан чакхенгахь "Грозный" телеканало кхин терахь далийра - 2395 доьзал. Доьзалийн "бартбечеран" болх муха дIахIоттийна бара къастош, къамелаш дира Кавказ. Реалии сайто. Доьзалаш цхьаьнатохаран болх дIахьошйерг динаца... Читать дальше...

ДIалийцинчу нохчийн мухIажарех цхьаъ маьршаваьккхина Хорватин кхело

Radiomarsho.com 

Депортацин Ježevo куьпахь 2022-чу шеран лахьанан-баттахь дуьйна экстремизмана бехкебина кхечу нохчашца латтош хилла Нохчийчуьра мухIажар маьршаваьккхина Хорватерчу кхело. Бакъоларйаран органийн ницкъ ца кхечира иза бехкехиларх тоьшаллаш далон, хаамбина Кавказ.Реалии сайте "Европера нохчийн Ассамблейн" векало Дадуев Iийсас. "Уьш лаьцчхьана кхозлагIа кхел йара хIара. Суьдхо кхетамца хьаьжира оцу гIуллакхе, цуьнан йист йаьккхира цо. МухIажаро билгалдаьккхира, экстремистийн структурашца шен уьйраш хиларх тоьшаллаш дац... Читать дальше...

ГIалмакхойчуьра набахтехь террорхойн гIуллакхехула кхин а веанна таIзар дина

Radiomarsho.com 

Ростов-на-Дону гIаларчу Къилбан гонийн тIеман кхело бехкевина Магомедов Магомед, Шкиптан Михаил, Хидиев Рустам, Осканов Тимерлан а ГIалмакхойчуьра колонихь кхоьллинчу террорхойн юкъараллица воьзна хилла аьлла. Цигахь таIзар токхуш бара хьалхо кхайкхийначу кхелашца, ткъа хIинца царна кхачийна шогачу рожехь йолчу колонихь ворхI шарна тIера итт шаре кхаччалц хенаш. Террорхойн йукъараллехь дакъалаьцна ву аьлла таIзар дина веанна, Оскановна и доцург а бехкедиллина терроризмана кхайкхамаш бар, хаамбо кхелан официалан телеграм-каналехь. Читать дальше...

ГIалгIайчохь гучудаьлла 2 миллиард социалан ахчанаш лечкъор

Radiomarsho.com 

Социалан ахчанаш низамца цалелор гучудаьлла ГIалгIайчохь - цунах пачхьалкхана хилла дерриге зен 2 миллиард сом ду, дIахьедина Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисийн урхаллехь (ФСБ) а, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин меттигерчу декъехь а. Жоьлкалла артиклаца толлуш ду и гIуллакх, УФСБ-н пресс-центрана тIетовжарца, боху Iедалан "Ингушетия" газето. Коррупцин схема бахьана долуш нехан бакъонаш хьаьшна карийна, царна шайна хьакъдолу гIо дIа ца кхаьчна, аьлла ду хаамехь. Цу гIуллакхехь дакъалаьцнарш муьлш бу, таллам хьанна беш бу дуьйцуш дац. Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *