Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Май
2023
1 2 3
4
5
6
7
8 9 10 11 12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23 24 25 26
27
28
29 30 31

Новости за 31.05.2023

Теракт кечйарна бехкевечу нохчочун хIусамнана кхелахойн кхеташоне ца йуьту

Radiomarsho.com 

Теракт кечйеш хилла аьлла бехкевинчу Нохчийчуьра вахархочун Висаев Аптин хIусамнана Мутаева Iайша кхелан кхеташонера арайаьккхина сацам бовзийтале хьалха. Йукъараллин адвокат санна хьалхайаьлла а йара Мутаева. Иза арайаккхаран бахьана лерина Хабаровскера 1-чу Малхбаленан гонашкара тIеман кхелан суьдхочо Пунтусов Дмитрийс, йоьдучу кхеташонехь цо даьхна хилла суьрташ Мутаевас шен телеграм-канале хIиттор. Шен гIоьнчас шега кхачийначу кехата тIера хиъна суьдхочунна цунах лаьцна. Мутаевас бахарехь, цо суьрташ а, йа видео а йаькхина йац. Читать дальше...

Кхин а 22 студент дIаваккхар бакъонца цахиларна къера хилла ГIалгIайчохь

Radiomarsho.com 

ГIалгIайн пачхьалкхан университетера медицинан факультетера кхоалгIачу курсера 22 студент экзаменаш дIацайелла аьлла 2021-чу шеран лахьанан-баттахь дIавакхарна прокуратуро чуйелла апелляци къобалйина ГIалгIайчоьнан Лакхарчу кхело. Боллу студенташ хьаьккхина дIабаьхнера физиологин патологин курсехула йолу экзамен цара дIайелла цахиларна. Делахь а, пачхьалкхан "Интерфакс" агенталле ГIалгIайчуьра прокуратурин пресс-гIуллакххоша хаамбарца, экзамене уьш битина хиллера кхо де хьалха, амма экзамен хиларх дIахаийтина ца хилла цаьрга. Читать дальше...

Терроризмехь бехке леринчу дагестанхошна  керла хенаш йоьху прокуратуро. Хьалхо таIзарех дIахьедарш дина цара

Radiomarsho.com 

Дагестанерчу полицин белхалошна зулам дан гIортарна долийначу гIуллакхехь прокуратуро дийхира тоьхначу хенашна кхин а бархI шо тIетохар. Меттигерчу бахархошна Барзукаев Исламна, Курбанов Гасанна, Мирзалиев Мирзалина. Хьалхо терроризмехь бехкелерина, царна туьйхира 15 шарера 18 шаре кхаччалц йолу хенаш - шайна таIзараш дарах тутмакхаша дIахьедарш динера, церан гергарнаш сих-сиха низамза бехктакхаман гIуллакхашна дуьхьалонца пикеташка арабовлура. Мирзалиевн адвокато Лабинцев Сергейс Кавказ.Реалии корреспонденте дийцира... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *