Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Март
2021
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
14
15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31

Наношца бераш къуьйсу оьрсийн дай Нохчийчохь лечкъа

0
Наношца бераш къуьйсу оьрсийн дай Нохчийчохь лечкъа

Кхо шой ах шой хан ю Москвахь ехачу Краснова Екатеринас шен кIант Ваня лоьху. Цуьнан хилла цIийнда Москвахь вина ву, ткъа 2019-гIа шо довш кIантаца цхьана Нохчийчохь хан яьккхира цо, хIинца ГIалгIайчохь ву. Нене кIант дIалуш, кхело бинчу сацамах уьдуш ву иза, боху Екатеринас.

"Правовая инициатива"  проектан юристаш бу Екатеринин гIуллакхах йист яккха гIертарш.

Вайнехан ламасташца, да-нана къаьстича, бераш я деца, я цуьнан доьзалехь диса дезаш ду. "Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а доьзал къаьстачу заманчохь дукха хьолахь дайшкахьа хуьлу кхелаш, - дуьйцу адокато Гнездилова Ольгас. - Нохчийчохь, масала, чийхо бо наной пурстоьпаша, иштта лелар ду цигахь. Ден агIо лоцу цигахь, и да нохчо вацахь а цхьана".

2017-чу шеран гурахь, Ванин шо долчу хенахь, Екатеринин цIийндас, оцу заманчохь кхиаме топ-менеджер вара иза, (Промсвязьбанкан цхьахйолчу структурин инарла директоран гIовс)дагахь а доцуш, садаIа дахарх хьахийра хIусамнене. Москвана гена йоццучу меттигехь ехачу Екатеринин нана йолчу иза дIа а кхетийна, цул тIаьхьа масех сахьт даьлча СМС яхьийтинера цуьнан телефона тIе: "Хьан бедарш ларъен камера чохь ю, цIа ма йола" аьлла. ЦIийнан догIанаш а хийцира Красновс.

ТIаьхьо къастарца, догIанаш хийцале хьалха хIусамдас арз дина хиллера Екатеринина берашна тIехь Iуналла дечу  социалан хьукмате а, кхиазхойн гIуллакхаш луьстучу комиссига а, полице а. Цо латкъам бинера, иштта дIахьединера шен зудчун хинйолчу претензех а.

Зудчо бахарехь, билгалъяьхначу инстанцешка Красновс нана хила ша хьакъ яц аьлла, тоьшаллаш деш, цхьацца видеош дIакхачийна хиллера.

Доьзал баьхначу цIенна чувоьдучохь куп тоьхначу консъержна дихкинера Екатерина чу йита. Оцу петар чохь ехаш ю аьлла, дIаязъйина а ца хиллера иза, хIусаман долахо а яц иза.

ХIетахь дуьйна шен бер цкъа бен гина дац цунна. Карарчу хенахь лехамашка велла ву кIант, лачкъийна вигина аьлла.

Оцу юкъанна Екатеринин карахь масийтта кхелахойн сацам бу, бер кхуьнца дуьтуш суьдхоша хьесап дина. Красновс шен ма-хуьллу дуьхьало латтайо ненан бераца уьйр хилийтарна, кхелахойн тIедиллар кхочуш ца дан, лечкъаш лела иза.

Масала, 2019-чу шеран Зазадокху-баттахь Екатеринин дийзира, кIант шега схьавоьхуш, керла иск чуяла. Кхелахоша дуьххьарлера сацам бовзийтинчул тIаьхьа, Красновс аьлла хиллера, Ванин нана шеца зIене яьлла а яц, я цуьнан бераца бала а бац аьлла. Амма кхелана тешаме ца хийтира цуьнан дешнаш, цара маса бер нене дIало аьлла, тIедожийра.

Кхелахоша уьссаза сацам бира - хIетте а гIуллакхах яьлла йист яц.

Оцу тIехь ца сецира да, цо юха а апелляцин латкъам бира Москварчу кхеле.

Красновн версица, "юург ца ловш проблема ю цуьнан хиллачу хIусамненан, цундела хала ду цунна беран дола дан, кIентан юучуьнца дозанаш детта цо, оцу бахьанашца дегI доккхуш вац иза" аьлла. КIант шех дIакъаставахь цуьнан психикана тIеIаткъам хир бу аьлла, дIахьедира дас.

Шайн кIоштара педиатр кхерийнера Екатеринас, ша бохург кIентан карти тIехь язде бохуш, иштта, 2018-чу шарахь шен дена-нанна динчу тIелатарна а иза бехке йира хиллачу хIусамдас.

Екатеринас лоьрашкара кехаташ-тоьшаллаш деара, ша могуш хиларх. Ткъа 2018-чу шарахь хиллачу инцидентехь, цо бахарехь, шен кIант дIавига гIоьртинаера иза, амма цунах а аьтто ца белира.

"Соьга ца дуьйцура, сан кIант стенгахь ву. Цундела денна Краснов вехачу а, цуьнан да-нана дехачу а цIенна герга йогIура со, сахьташкахь лаьттара со, сайн кIант гаре сатуьйсуш. Цхьана дийнахь бен ка ца елира сан. Сан кIант а карахь, хилла марнана гучуелира. Хьаьдда тIеяхара со, сох бIаьрг кхетта марда, зудчуьнгара кIант схьа а эцна, дIахьаьдира. Соьга бага лейора хиллачу марнанас, буйнаш бетташ, суна тIелетира иза, сан пальтон кочах тасаеллачу цо, месаш ийзайора сан, со лаьтта охьайилла гIерташ. Ас мохь хьоькхура, орца доьхуш, тIехбуьйлучара полицига телефон тоьхна хиллера. Полисхойн декъе дIадигира тхо массо а. Цигахь Ваня гар а хилира сан.

ТIаккха тIехьашхула тIекхаьчначу Красновн нанас гех масийттазза хIума туьйхира суна. Лазаро гора яхийтира со, тIаккха соьгара кIант дIаийцира цо. Хьем ца беш, цига кхечира сан хIусамда лаьттинарг а, шен майрчуьнца цуьнан йиша а. Со кIантана тIеяха хьоьвзича, сан куьйгех хIума еттара цара, цул тIаьхьа дIавигира цара кIант, социалан хьукматан белхахой схьабахкаре а ца хьоьжуш", - дуьйцу Екатеринас.

ТIаьхьо хиллачу цIийнден гергарчара кхунна арз дира, иза шайх лийтира, бер дIадига а ца гIоьртира бохуш. Берашна тIехь Iуналла дечу хьукматан белхахой юха а Екатеринина тIехIиттира, берана ненаца хилча гIоле ду аьлла. Делахь а, Ванин дас кхелахошка юх-юха бинчу латкъамашца, бер кхуьнга схьадалар дIадахделира.

Кавказе вадар

2019-чу шеран Гезгамашин-баттахь Москварчу Бабушкинскан кIоштан Талламан комитето бехкзуламан гIуллакх диллира, кхиазхо лачкъорах йолчу артиклехь. ХIетахь Краснов шен кIантаца Нохчийчуьрчу Серноводскан кIоштарчу Эха-Борзехь вехачу Терхоев Адаман цIа чохь вехаш ву аьлла, дIаязвинера.

"Со яхара Нохчийчу а, хиллачух ма-дарра дийцира ас, полицехь а, меттигерчу социалан белхахошна а цхьана документаш а гайтира. Сан хилла цIийнда лехамашкахь ву элира ас. Соьга ладуьйгIира цара, доллучух кхета а кхийтира уьш. Цул тIаьхьа, тера дара, Красновга цара шайна проблемаш Нохчийчохь оьшуш яц аьлла хила", - дуьйцу Екатеринас.

Нохчийн полицино шега дахкийтинчу кехаташ тIехь Екатеринина гучуделира Краснов ГIалгIайчу дехьаваьллийла. Ткъа билгалдаьккхинчу адресца иза вехаш вац, яздинчу адресца Сунжехь вехаш волчу 56 шо долчу Банашев Бесланна я дех а, я цуьнан кIантах а лаьцна хууш хIума дац  аьлла, жоп деара цунна ГIалгIайчуьра. ХIетте а, Красновгара ден бакъонаш схьайохуш кхайкхийна кхелан кхеташо Сунжан кIоштахь дIаяхьа дийцинера.

Ше хиллачу зудчунна дуьхьал оцу сохьта керла иск яьккхира стага. Оцу тIехь юха а дIахьедо цо, шен дена а, нанна а Екатерина тIелатарх а, цуьнца цхьацца лазарш хиларх а, иштта, кхин а цхьа бахьана тIетоьхнера цо: "Москвахь цхьана динан тобанах дIакхетта, цаьрца килсе лелаш ю иза" аьлла. Екатеринас бакъ дац боху иза.

Карарчу беттан 11-чу дийнахь Сунжан-кIоштахь дIаяхьа лерина бу Красновгара ден бакъонаш йохуш кхеташо.

"Хьажал, бер хьуна тIе а ца догIу"

"Правовая инициатива" проектан адвокато Гнездилова Ольгас кхетадо, бераш нанойх довдийна, дукха хьолахь, дай Къилбаседа Кавказе дIаоьхуш меттигаш кеста-кеста нисло бохуш.

"Берашца дай Къилбаседа Кавказан кеп-кепарчу регионашкахь уьдуш лела, масала, Дагестанехь а, Нохчийчохь а, Къилбаседа ХIирийчохь а, Ставрополан кIоштахь а. Ткъа пурстоьпаша чакхе йоцуш юх-юха вовшашка дIасахьежадо кхелан кехаташ", - латкъам бо юристо.

Цуьнан дешнашца аьлча, шайн регионел а арахьа хIуммаъ а лело пурстоьпийн йиш цахиларца юьсу проблема. 

"Тхоьга орца дехначу цхьана зудчун Санкт-Петербургерчу майрчо шен бер цунах дадийна Нохчийчу дIадигинера. Цигахь дайшна тIехIуьтту кхелаш. Тхан адвокаташа Петербургерчу кхело ненехьа узуш бинчу сацамах кехат дIакхачийнера, тIаккха Шеларчу кхело гIуллакх сацийра, - дуьйцу адвокато. - Масех шарахь Шела кхуьйлура дас кIант, суьдхойн сацам кхочушбан Iалашонца. Амма кIант схьаоьцийла ца нислора ненан. Беха некъ бина кIант хIоьттина а, наб оьхуш а хуьлура. Пурстоьпаша олура: "Хьажал хьо, бер хьуна тIе а ца догIу". Масех шерашка дахделира и гIуллакх".

Нохчийчохь бераца дIа а тарвелла, кхелан гIуллакх цига дехьадоккхуш  - тахана а лелош хIума ду, цунах гIо а хуьлу царна, билгалдоккху адвокато.

Оцу юкъанна, бераш бошмашка а ца леладо, цхьана а поликлиникехь дIаяздина а ца хуьлу, факташца аьлча, оцу республикехь бехаш ца хуьлу уьш, юкъ-кара бахкар доцург.

"Суна хетарехь, Нохчийчуьрчу бахархошна товр дац, нагахь санна, шайн регион оцу гIуллакхна тIехь гоьялар", аьлла, хета Кавказ.Реалиица къамел динчунна.

Гнездиловас бахарехь, Оьрсийчоьнан юридикан министралло дийца даьккхина керла низам бахьана долуш, бераш ненах довдийна Къилбаседа Кавказе дIадигарехь цхьа йист яла тарло.

Нагахь санна, и документ тIеэцахь, бер дега я нене дIало аьлла, кхелахоша бина сацам кхочуш ца бинчунна дуьхьал зуламан гIуллакх долор ду.

Цкъачунна керла низам болх бан доладелла дац, цундела бер нене дIа ца лучу дена кхачориг - ши эзар сом гIуда бен дац.







Профилактический рейд по противопожарной безопасности прошел сегодня в Ленинском округе

В ЖК «Восточное Бутово» продолжают строительство шестого по счету детского сада

В Подмосковье сотрудники Росгвардии спасли пожилого мужчину, который оказался один дома и плохо себя почувствовал

США и Европа "подготавливают" Россию и Ближний Восток для переселений?!


Культурный центр «Интеграция» проведет концерт ко Дню России в Перовском парке

Джомба, суттуг шай, кучу и другими видами чая в регионах России могут насладиться российские туристы

CЛД «Печора» филиала «Северный» ООО «ЛокоТех-Сервис» получило сертификацию для технического обслуживания локомотивов серии 2ТЭ25КМ в объёме ТО-2.

Пошив костюма по индивидуальным размерам


Four-time Man Utd trophy winner, 37, looks unrecognisable as he heads to training with dramatic new look

Walmart adds employee bonus for hourly US workers

Watch awkward moment baffled French Open teen is ‘teleported’ into Eurosport studio for live TV interview

Andy Murray cracks brutal joke as Brit star’s Wimbledon preparations are disrupted by bizarre injury 


Ученые нашли «выключатель» болезни Паркинсона

Трасса М-12 Восток будет продлена до Тюмени в 2025 году

Филиал № 4 ОСФР по Москве и Московской области информирует: С начала года более 4,7 тысячи жителей Московского региона оформили страховую пенсию в автоматическом режиме на портале госуслуг

Гора Бабырган


How to watch the 2024 PC Gaming Show: our 10th annual summer showcase

I tried to recreate Marvel's Iron Man in this movie studio sim, and my version was so bad my own father stormed out of the theater

Мафия-НН: Все в сборе, правила с тревогой выслушаны, роли прочитаны, и сразу же в бой!

Показ геймплея тактики SteamWorld Heist II



РОСГВАРДЕЙЦЫ ЗАДЕРЖАЛИ МУЖЧИНУ С ПОДДЕЛЬНЫМИ ДОКУМЕНТАМИ В МОСКВЕ

Об отношении к русским в Азербайджане

В ПРЕДДВЕРИИ ДНЯ РОССИИ РОСГВАРДЕЙЦЫ ПРОВЕЛИ ПРАЗДНИЧНОЕ МЕРОПРИЯТИЕ ДЛЯ ДЕТЕЙ

СОТРУДНИКИ СОБР «СТОЛИЦА» СТАЛИ ИНСТРУКТОРАМИ НА СБОРАХ ПО БЕСПАРАШЮТНОМУ ДЕСАНТИРОВАНИЮ СПЕЦНАЗОВЦЕВ РОСГВАРДИИ В ВОРОНЕЖСКОЙ ОБЛАСТИ


СМИ: Жителей подмосковных Люберец напугала запущенная с земли пиротехника

В ПРЕДДВЕРИИ ДНЯ РОССИИ РОСГВАРДЕЙЦЫ ПРОВЕЛИ ПРАЗДНИЧНОЕ МЕРОПРИЯТИЕ ДЛЯ ДЕТЕЙ

СОТРУДНИКИ СОБР «СТОЛИЦА» СТАЛИ ИНСТРУКТОРАМИ НА СБОРАХ ПО БЕСПАРАШЮТНОМУ ДЕСАНТИРОВАНИЮ СПЕЦНАЗОВЦЕВ РОСГВАРДИИ В ВОРОНЕЖСКОЙ ОБЛАСТИ

Мурашко сообщил, что первые результаты доклинических исследований вакцины против рака могут представить в конце года


Цены на квартиры выросли на 73% за пять лет

Россиянин по ошибке получил зарплату в 1,7 млн рублей и отстоял ее в суде

Анна Заворотнюк показала неопубликованные фото с матерью

Красавица красноперка


Андреевой предрекли борьбу за топ-10 рейтинга WTA в текущем сезоне

«Он никогда не снимается с турниров». Циципас прокомментировал травму Джоковича

Янник Синнер высказался о первом месте в рейтинге ATP и травме Новака Джоковича

Уимблдон и Олимпиада? Что нужно знать о планах Рыбакиной после Ролан Гаррос


Красавица красноперка

Цены на квартиры выросли на 73% за пять лет

Травматолог Эфендиев назвал продукты, которые мешают укреплению костей

Анна Заворотнюк показала неопубликованные фото с матерью


Музыкальные новости

Музыкальный фестиваль «Денис Мацуев представляет: диалог поколений» продолжается в Самаре

Люди застряли в пробках у острова Татышев после VK Fest в Красноярске

«У него и так всё получится». Филипп Киркоров отказался поддерживать Даву в финале шоу «Сокровища императора»

Приглашенные солистки выступят в опере «Руслан и Людмила»


РОСГВАРДЕЙЦЫ ЗАДЕРЖАЛИ МУЖЧИНУ С ПОДДЕЛЬНЫМИ ДОКУМЕНТАМИ В МОСКВЕ

СОТРУДНИКИ СОБР «СТОЛИЦА» СТАЛИ ИНСТРУКТОРАМИ НА СБОРАХ ПО БЕСПАРАШЮТНОМУ ДЕСАНТИРОВАНИЮ СПЕЦНАЗОВЦЕВ РОСГВАРДИИ В ВОРОНЕЖСКОЙ ОБЛАСТИ

В ПРЕДДВЕРИИ ДНЯ РОССИИ РОСГВАРДЕЙЦЫ ПРОВЕЛИ ПРАЗДНИЧНОЕ МЕРОПРИЯТИЕ ДЛЯ ДЕТЕЙ

США и Европа "подготавливают" Россию и Ближний Восток для переселений?!


Concord is skipping free-to-play and pulling a Helldivers 2 instead: $40 for the full game with all 16 heroes at launch

Новости и Культура, Дети и Россия: кукольный Театр Ульгэр выступил в Улан-Улан-Удэ в Этнографическом музее народов Забайкалья перед детьми и родителями в семейный праздник

«Солнечная Азбука» в особом семейном центре «Семь-Я»

Вирусолог Вострухов: опасные клещи-мутанты из Европы могут появиться в России


Прокуратура показала фото с места посадки самолета на трассе в Лыткарине

В Москве выставили на продажу 12-метровый Hummer H2 всего за 900 тыс. рублей

В Москве 14-летний мальчик ранил ножом 16-летнего юношу на футбольном поле

Асфальтирование пешеходных дорожек Санкт-Петербург


Путин: Москва оставляет за собой право поставок вооружения партнерам

Путин: РФ готова к переговорам только на условиях, которые уже обсуждались ранее

Путин пригрозил оружием Западу, Киев закрыл поездки по Европе, США ввели санкции против Грузии – большие итоги недели от РИА «Новый День»

Путин после действий Байдена: в ядерную доктрину России могут быть внесены изменения


Вирус эволюционирует: почему рано называть COVID-19 сезонным заболеванием


Гражданку Кыргызстана арестовали по обвинению в угрозах судье и прокурору, отправившим за решетку Навального


В центральный аппарат ведомства будет доложено о ходе расследования уголовного дела по факту умышленного причинения тяжкого вреда здоровью несовершеннолетнему в Москве

Аллерголог Зайцева рассказала, как проявляется аллергия на солнечный свет

Источник 360.ru: игрушка в туалете спровоцировала эвакуацию поликлиники в Москве

Не просто кашель курильщика: чем опасна хроническая обструктивная болезнь легких



Что можно отметить в этот день

«Локомотив» готов рассмотреть продажу Баринова, футболистом интересуются клубы Испании, Франции и Турции

Более 1 тыс человек стали участниками циркового шествия на выставке «Россия»

В Москве прошёл спортивный праздник для росгвардейцев



Мэр Москвы поздравил социальных работников с их профессиональным праздником

Собянин поздравил всех социальных работников с профессиональным праздником

Собянин: В Москве ведется активная замена инженерных сетей в рамках реновации

Собянин: Благодаря модернизации театры Москвы создают уникальные декорации


Байрактар: Турция и Россия определили дальнейшие шаги по проекту "газового хаба"

В Москве проходит акция по безопасному использованию СИМ

На ПМЭФ-2024 Краснодарский край подписал 40 протоколов на 272 млрд рублей

На природных территориях Москвы расцветет множество краснокнижных растений


Травматолог Эфендиев назвал продукты, которые мешают укреплению костей

Великобритания сообщила о нападении на судно в Аденском заливе вблизи Йемена

Красавица красноперка

Цены на квартиры выросли на 73% за пять лет


Россия, Новости, Культура, Театр, Дети: Радость, которую приносит Госцирк Бурятии

Минфин Архангельской области оценил муниципалитеты по уровню качества организации и осуществления бюджетного процесса

Торговые настольные электронные весы CAS PR-15P

В Пулково задерживаются шесть рейсов


Глава Росавиации рассказал о перспективах открытия аэропорта Краснодара

Пьяный мужчина упал с верхней полки на девочку в поезде Москва - Симферополь

На этой неделе загрязнение воздуха отмечали в четырех городах Крыма

Литературно-краеведческий коллаж «Мир добрых сказок и стихотворений – все это Пушкин, наш великий гений!»


РИА Новости: эксперт счел сбои в Telegram внутренней проблемой мессенджера

Адские цены на Сочи и Анапу заставили российских туристов найти новые пути экономии

Шесть военных духовых оркестров выступят вместе в Благовещенске

Maserati, сбивший двух детей в Подмосковье, ехал со скоростью 280 км/ч














СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *