Оьрсийчу депорт йина Садуев Илес карош вац гергарчарна
Оцу хенахь дуьйна зIе хаьдда цуьнца цуьнан Францехь бисинчу доьзалан а, накъостийн а, Нохчийчуьрчу гергарчарна а дац Садуевх Москва дIакхаьчча хилларг хууш. Цунах саготта ю Маршо Радиоца зIенехь йолу Садуевн зуда а, цуьнан уллера доттагI а.
2015-чу шарахь Нохчийчуьра Iедал иза лаца гIоьртира, цо Малхбалерчу тIаме баха нах вовшахбетта аьлла. Оцу хьолера ведда, Франце дIавахнера Садуев, цигахь цунна а, доьзална а тховкIело елира, дуьйцу Садуевн цIийннанас а, гоно а.
2018-чу шарахь Францерчу урхаллаша тховкIело кхайкхор юха а даьккхина, лаьцна, депортацин лагере кхачийна хилла Садуев– цхьаболчу хаамашца, бехке диллина цо Францерчу Оьрсийчоьнан векалтехь шена паспорт даккхийтар.
ВорхI бер ду Садуевн - доккхахдолчун 10 шо, жимахчун ворхI бутт.
