Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Март
2021
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
14
15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31

"Новая газето" доьху Iедале шен редакци чохь химин коьчал яржор таллар

0
Москварчу Iедале шен редакцин хIусамехь яьржина химин коьчал таллар дехна "Новая газето".


300 эзар хьажархо волчу "Новости Москвы" телеграм-канало оршотан сарахь, видеотергам бечу Потаповски урамерчу "Новой газетин" цIенна уллерчу камера чуьра ю аьлла, видео яржийна.  Юург дIасакхачош воолчу "Яндексан" курьеран духарахь стаг ву цу чохь вилспетца, ткъа вилспетан тIехьарчу чкъурга чуьра яьржаш го газ.


"Ховсалаш, терроран тохар ден машен ю шуна хIара: курьер ву аьлла араваьлларг газ яржош ву, цIенна чуволлучохь, контейнер ю чкъурга чохь. Леринарг кхеташ ду: мачашца редакцин белхахоша дIасакхоьхьур ду дIовш массо а гIатташка", — боху шайн дIахьедарехь "Новая газетин" журналисташа.


"Яндекс.Еда" ("Яндекс.Кхача") фирмин векала Новикова Еленас аьлла "Медиазона" портале, шаьш хьийсийна бац оцу адресца курьераш.


Зазадоккху-беттан 15-чу дийнахь журналисташа латкъам бина шайн Потаповски урамерчу белхан меттехь газан хьожа ю, дIасаяьржина, дIайолуш а йоцуш, аьлла. Баьхкинчу химин эксперташна ца карийна зуламе хIума хIаваэхь.


Газетин редакцехь дийцина, яьржина хьожа тера яра 2017-чу шарахь "Новая газетан" журналистан Латынина Юлиян машенна а, хIусамна а тIелеттачу наха яржийна хиллачу газан хьожанах, аьлла. Йозуш йоцчу экспертизано къастийра хIетахь, Латынина духьал цуьнан цIахь а, машена чохь а яржийнарг адамна лаккхара кхераме йолу газ хилар.


"Новая газето" оршотан дийнахь арахецна Нохчийчохь, йина кхел а йоцуш, алссам нах байъарх лаьцна ша бечу талламан рогIера материал – полицин белхахо лаьттинчо Iорадоху махкахь Iедалхоша дина зуламаш.




 














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *