Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Март
2021
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
14
15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31

Саутиева Зарифа юха а изоляторе хьажийна. Цунна резабоцчу "гIалгIайн протестан" лидерша мацалла лаьцна

0
2021-чу шеран Зазадоккху-беттан 10-чу дийнахь "гIалгIайн протестан" лидерех лору Саутиева Зарифа изоляторера цIахь латточу хьоле яьккхира Ессентуки гIалахь дов хоттучу Кисловодскан кхело. Амма прокуратуро и сацам латкъаме а баьккхина, хийцийтина Ставропол-мехкан Лакхарчу кхеле, ткъа 16-чохь Саутиева изоляторе дIайигина юха а.


Ставрополехь тIеэцначу сацамна резабоцчу Саутиева Зарифин накъосташа, иза а санна, шайна тIехь ечу кхеле ийзийна, изоляторехь латточу гIалгIайн лидерша мацалла кхайкхийна, севцца шайга хоттучу девнан процессехь дакъалоцучуьра. Оцу хьокъехь фейсбукехула хаам баржийна адвоката Дзугаев Билана.


2019-чу шеран аьхка лецира Саутиева. Цунна, кхечарна а санна, бехкедо экстремизман тобанехь хилар а, 2019 шеран Зазадоккху-баттахь Магасехь гулам бохош хьийзинчу Iедалан белхахошна дуьхьал ницкъ баккхар а.



"ГIалгIайн протестан" гIуллакх айдеш лецира 48 стаг, 30 сов стаганна кхайкхийна набахти. 2021-чу шеран Чиллан-беттан 26-чохь оццу девнаца доьзна лаьцна ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министр лаьттина  Погоров Ахьмада а.
Саутиева а, цуьнца лецна латтош болу кхиберш а политикан тутмакхаш лору бакъоларъяран "Мемориал" центро (Оьрсийчоьнан Iедало  "Мемориал" яьккхина арахьарчу агентийн статусе, амма "Мемориал" къера ца хилла цунна – ред. билгалдаккхар)


 














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *