Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Март
2021
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
14
15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31

Шина нохчочунна тIелатар дина Францехь. Цхьаъ комехь, ткъа шолгIаниг чолхечу хьолехь ву

0
Францин Ренн гIалин цхьахйолчу кIоштахь вевзаш воцчу стага герзаш диттина 22, 24 шераш долчу шина вешина. Инцидент хилла дахначу кхаарин дийнахь, Зазадокху-беттан 17-чохь. Шина вешех жимахволчунна коьртах кхетта герз, иза комехь ву. ГIогIах тапча кхетта шолгIаниг чолхечу хьолехь реанимацехь латтош ву.


Динчу зуламна бехке ву аьлла, шеконашца лаьцна оцу меттигна гергахь, карахь герз долу меттигера 21 шо долчу вахархо. Цкъачунна дуьйцуш дац, иза стенгара схьаваьлла а, мича бахьанашца тIелетта хилла а.


Зулам хилла кIошт, криминалан девнаш луьсту меттиг хилла яьлла. Стохка пхоьазза зулам лелийна цигахь, герзашца.


Хьалхо хааме даьккхира, Францерчу Лион гIалин бехккъасторхойн кхело цхьана шарера ворхI шаре кхаччалц набахтехь яккха хенаш кхайкхорах Нохчийчуьрчу веа вахархочунна. Церан карах велла 2017-чу шарахь 45 шо долу курдо.














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *